Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум!

Малайкашка дехар (доIа) дан мега бохуш цхьа хьадис гина суна, иза бакъ хьадис ду йа дац ала, хьан йиш а, хан а хилча. Хьадис иштта ду:

От Ибн Аббаса сообщается, что посланник Аллаха (мир ему и благословение Аллаха) сказал: «Поистине, у Аллаха на земле есть ангелы, которые записывают даже об упавшем листке с дерева, и если кого-либо из вас постигнет хромота на безлюдной земле, то скажите: “О рабы Аллаха, помогите мне, помогите мне!”» аль-Баззар в “Зауаид муснад” 303.

 

Жоп:

БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

И маьIна долуш деана масийтта хьадис ду, и хьадисаш цхьаболчу Iелам-наха нийса ду аьлла, вукхара нийса дац аьлла.

Масала, Ибн Ас-Суннийс дийцина иштта хьадис:

«Шух цхьанне хьайба эрна арахь дIададахь, цо кхойкхийла: «ХIай АллахIан лайш, сацадейша (иза)! ХIай АллахIан лайш, сацадейша (иза)!» - бакъдолуш, нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIан кхолларех цхьа кхоллар ду лаьтта тIехь, иза сацор долуш».

ТIабаранийс дийцина «Ал-МуIджамул-Кабир» тIехь иштта хьадис:

«Шух цхьанне хьайба эрна арахь дIададахь, цо кхойкхийла: «ХIай АллахIан лайш, сацадейша суна (иза)! ХIай АллахIан лайш, сацадейша суна (иза)!» - бакъдолуш, нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIан кхолларех цхьа кхоллар ду лаьтта тIехь, шуна иза сацор долуш».

БайхIакъийс дийцина «ШуIабул-Ийман» тIехь IабдуллахI ибн Iаббаса – Дела реза хуьлда цаьршинна – аьлларг:

«Бакъдолуш, нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIан малийкаш ду, ларвеш долу малийкаш а доцуш (цхьа кхин малийкаш ду), дитташ тIера охьиэгаш долу гIаш дIаяздеш. Ткъа нагахь шух цхьаъ эрна арахь астагIа эккхар нислахь, цо кхойкхийла: «ГIо дейша суна, хIай АллахIан лайш, АллахIа шух къинхетам барг».

Уьзза дешнашца – тIаьххьара къинхетам бехар доцург – иза дийцина Ал-Базза́ра «Муснад» тIехь Пайхамарера схьа (Делера салават а, салам а хуьлда цунна).

Ибн Iаббаса аьлла долчу оцу дешнийн иснад нийса ду аьлла Хьафиз Ибн Хьаджара а, Шейх Ал-Албанийс а.[1] И хьадис Пайхамарера схьа а (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) нийса ду аьлла цхьаболчу Iелам-наха.[2] Ткъа цхьаболчара и хьадис гIийла ду аьлла.[3]

ТIаккха, дуккха а Iелам-наха оцу хьадисаца Iамал а йина, оцу хьадисехь дерг лелийча дика хилар гойтучу кепара шайн жайнашкахь хьаха а дина иза.

Масала, Шейх Ал-Албанийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Хьафиз (Ибн Хьаджара) нийса лерина долу и Ибн Iаббасан хьадис Имам Ахьмада а чIогIа лоруш хиллачух тера ду, хIунда аьлча цо цуьнца Iамал йина хилла. Цуьнан кIанта IабдуллахIа дийцина «Масаил» тIехь, шен дас олуш хезира шена аьлла: «Пхоьзза хьадж дина ас, шозза хьайбанна тIехь а, кхозза гIаш волуш а. … Цкъа, хьадж дечу хенахь некъах тиллера со, гIаш воьдуш а вара со. ТIаккха (хIара дешнаш): - «ХIай АллахIан лайш! Некъа тIе нисвейша со», - ала волавелира со. И олучара ца сецира со, сой некъа тIе нисваллалц».[4]

Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла «Ал-Азкар» жайни тIехь, «Некъахочо Дела хьахор» дуьйцучу меттехь:

«ШЕН ХЬАЙБА ШЕХ ДIАДЕДЧА ОЛУШ ДЕРГ

Вай дийцина Ибн Ас-Суннийн жайни тIехь, IабдуллахI ибн МасIуда – Дела реза хуьлда цунна – АллахIан Элчанера схьа – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дийцина дешнаш: «Шух цхьанне хьайба эрна арахь дIададахь, цо кхойкхийла: «ХIай АллахIан лайш, сацадейша (иза)! ХIай АллахIан лайш, сацадейша (иза)!» - бакъдолуш, нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIан кхолларх цхьа кхоллар ду лаьтта тIехь, иза сацор долуш».

Ас бах:[5] Iилманца баккхий лоруш хиллачу цхьаболчу сан шейхаша дийцира суна, шен цхьа хьайба деддера аьлла, хетарехь бIарза дара моьтту суна иза. ХIара хьадис девзаш хиллера цунна, цундела и дешнаш аьлла хиллера цо, тIаккха оццу хенахь сихонца АллахIа сацийна хиллера цунна иза.

Цкъа со а вара цхьана тобанца новкъа воьдуш. Цу тобана юкъара цхьа хьайба дIадеддера, иза схьа ца лацалуш биссинера уьш тIаккха. Ткъа ас и дешнаш элира, тIаккха и хьайба сихонца сецира, и дешнаш доцург кхин цхьаъа бахьана а доцуш».[6]

Имам БайхIакъийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла, Ибн Iаббасан дешнаш дийцинчул тIаьхьа:

«ХIара Ибн Iаббасера схьа дийцина ду. Iелам-нахана юкъара дикчу наха лелош а ду иза, шаьш лелорехь иза бакъ хилар шайна хууш долу дела».[7]

Имам Ибн Таймиййас – Дала къинхетам бойла цунах – азкараш дуьйцуш яздинчу шен «Ал-Калим Ат-ТIаййиб» жайни тIехь далийна и хьадис, «Дедда долчу хьайбанна олуш дерг» аьлла цIе а тоьхна.

Иштта Имам Ибнул-Къаййима а – Дала къинхетам бойла цунах – далийна иза, «Ал-Вабил Ас-Соййиб» жайни тIехь, «Дедда долчу хьайбанна олуш долу зикр» аьлла цIе а тоьхна.

Уьш боцучу кхин а дуккха а Iелам-наха далийна иза, иштта оцу некъахочунна и хIума тIеIоттаделча аьлча дика ду аьлла.

Цундела, некъахочуьнан хьайба дIадедча, йа иза некъах тилар нисделча, оцу хьадисехь ма-дарра ала мегар ду цо, «ХIай Делан лайш, гIо дейша суна, йа сацадейша суна иза, йа некъа тIе нисвейша со», аьлла. Цу хьадисехь билгалдина ду, некъахочунна гIо дан йиш йолуш, Дала хIиттийна малийкаш хилар.

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

22.11.2009

 

 

 

[1] Имам Ибн Iилла́н Ас-Сидди́къий, «Ал-футухьат ар-роббаниййахI», 2/642; Шейх Ал-Албаний, «Силсилатул-ахьадис ад-даIифахI», 2/111.

[2] Имам Ибн Iилла́н Ас-Сидди́къий, «Ал-футухьат ар-роббаниййахI», 2/642; Шейх Солихь А́л Аш-Шайх, «Шархь кашф аш-шубухIа́т» (аудио).

[3] Шейх Ал-Албаний, «Силсилатул-ахьадис ад-даIифахI», 2/111, 2/158.

[4] Шейх Ал-Албаний, «Силсилатул-ахьадис ад-даIифахI», 2/111.

[5] Олуш верг Имам Нававий ву, Дала къинхетам бойла цунах.

[6] Имам Ан-Нававий, «Ал-Азкар».

[7] Имам Ал-БайхIакъий, «Ал-А́да́б», 2/403.