|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум лераме ваша! Цхьа 2 хаттар дара сан хьоьга. 1) Зударша кулон лелайан мегар дуй, цу тIехь АллахIан цIе хилча? 2) Рузбан дийнахь, маьждигехь берш рузба дина бовллалц цIахь болчара (масала зударша) делкъа ламаз дан мегаш дац олуш хезна суна. ХIун эра дар ахь цунах лаьцна? Ларамца Адам.
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! 1) Зударша АллахIан цIе тIехь йолу кулон лело мегар ду, Дала мукъа лахь. ХIунда аьлча дукхах болчу Iеламнаха мегар ду аьлла ду АллахIан цIе тIехь йолу мохIур лелор, иза Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) лелийна хилла долу дела. Ткъа хIара кулон лелор мохIур лелор санна ду. Бакъду, Делан цIе тIехь йолу мохIур нишка дахьар дика ца хиларе терра, иштта йолу и кулон нишка яхьар а дика хир дац. Шега яккхалахь дIаяккхича дика хир ду иза, ца яккхалахь духар бухахь къайлаяьккхича дика хир ду. 2) ШолгIа хаттарна жоп кхузахь ду: «Маьждигехь рузба дина даллалц цIахь болчара ламаз дан мегаш дац олуш хезна суна…» Ткъа дика хуург веза-сийлахь АллахI ву! 21.05.2011 = 18.06.1432
|