Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! ХIокху сайн хаттарна чIогIа гIайгIа ю суна.

Со вистхуьлуш волчу йоIи (тIехьийза йоI) куьйгара цхьа хIума схьаоьцуш, цуьнан куьйгах сан куьг кхийтира ца хууш. Аса хIун дан деза?

Суна (йа цунна) хIун таIзар  догIа шарIехь? Йа хIун бекхам богIу, вуьшта аьлча мел гIуда догIа?

Дела реза хуьлда.

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Бусалба динан уггар коьрта йолчу яккхийчу пхеа Iалашонех цхьа Iалашо ю сий лардар. И сий дойъуш, сий дохош долу уггар доккха бахьана зина ду. Ткъа и сий лардар уггар Бусалба динан яккхийчу пхеа Iалашонах хилча, и Iалашо талхош долу зина хьарам дина ца Iаш, оцу зина́на тIевуьгу некъаш а хьарам дина Бусалба дино, и зина́ ца дожийта дуккха декхарш тIе а иэгийна цо, уггар хьалха бусалба зудчуьнан сий лардархьама, тIаккха бусалба доьзалан сийн лардархьама. Церах ду, масала, бусалба зудчо шен меженаш дIахьулйан езар а, бусалба стага шен бIаьрса лардан дезар а, хийра стаг а зуда а цхьана чоьна чохь шаьшшиъ дисса ца магар а, хийра зудчуьнга цхьа бахьана доцуш вистхила ца магар а, хийра зудчух Iоттавала ца магар а, иштта кхидерг а. Оцу хIора хIуманах лаьцна йа АллахIан дош ду Къуръан тIехь, йа Цуьнан элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла дош ду Суннатехь.

Хийра зудчух Iоттаваларх лаьцна аьлла Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна): «Шайна хьанал йоцучу зудчух куьг Iуттучул шайн коьртах (хIума тоьгу) ю́ (йа ма́ха) Iоттар гIолий ду шуна».[1] Оццул чIогIа къилахь ду хийра зудчух Iоттавалар.

ГIуданаш хIитто а, уьш чекхдаха а вайн шариIатан кхиэлаш яц, ткъа ишштачу хьолехь нохчаша лелориг лело даьккхича дукха гена дера ду иза, уггар доккха зен оцу йоIана а хир ду, цуьнан цIерачарна иза дIахиъча. Цундела, ахь дан дезарг хIун ду? Хьайгара даьлла долчу оцу хIуманна даггара дохко а ваьлла, тоба дан деза ахь, Деле гечдар деха а деза ахь. Ахь даггара дохко а ваьлла, баккъалла тоба а дина, дикка Деле гечдар дехахь, Цо гечдийр ду хьуна, Шен къинхетамца.

ТIаккха, кхин и санна долчу хIуманна гергаваха а ца веза хьо. Герга ваха ца веза бохург хIун ду? Доьххьара, оцу йоIаца вистхилар кIеззиг хилийта деза ахь, вистхилар хуьлуш хилахь а шайна юкъахь меттиг латто а еза ахь, уггар кIеззиг 3-5 метар. Нагахь санна хьо и йоI яло ойла йолуш велахь, вистихиларш дукха дах а ца деш, схьаяло хьажа иза. Нагахь санна хьо иза яло билггал сацам бина вацахь, кхин цуьнца цхьаьна а ма кхета, йа кхин цуьнга вист а ма хила. Хьайн а, хьайна уллера гергарчеран а ойла йе даим ишттачахь.

Тоба муха дан деза дуьйцу хьуна кхузахь: «Дан ма-деззара тоба муха дан деза?»

Яло лууш йолчу йоIе вистхиларан дозанаш а дуьйцу хьуна кхузахь:

«Яло ниййат долчу йоIе вистхиларан дозанаш»

Дала гIо дойла хьуна Шен дозанаш лардарехь а, Шега воьрзуш хилийтарехь а, Ша реза варехь а.

Ткъа дика хуург АллахI ву!

07.05.2011 = ‏04‏.06‏.1432


 

[1] Ат-ТIабара́ни́, Ал-БайхIакъи́; «Ас-Силсилатус-сохьи́хьахI», Ал-Алба́ний.