Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум!

Кхузахь чIогIа модехь ду хIума лачкъор. Керста нехан ю бохуш лачкъош ю кхузахь бусалба наха. И лачкъо мегар дуй, нагахь санна хьо и хIума оьшушвелахь, цуьнга хьашт долуш велахь?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

Малхбузенан пачхьалкхашкахь (Западехь) болчу бусалба наха а, йа кхечу бусалба йоцучу пачхьалкхашкахь болчу бусалба наха а бусалба боцучу нехан хIума лачкъор Бусалба дино хьарам дина ду. Масала, Малхбузенан пачхьалкхаш (Западехь) Iаш болчу бусалба нахана хьарам ду цигарчу керста нехан даьхни лачкъор а, уьш даьхни тIехь Iехор а, царна муьлхха агIор делахь а зен дар а. Иза хьарам хиларан а, мегаш ца хиларан а масийтта агIонаш а, тешаллаш а, дуккха баххаш а ду. Цу агIонех ю:

Хьалхара агIо: Цу пачхьалкхашка воьдуш волу стаг цаьргара шена маршо лохуш воьдуш ву. Цигахь Iаш волу стаг цу пачхьалкхо тIелаьцна ву, цуьнгара шайна цхьанне а агIор зен хир дац аьлла. Цу стага шена тIелоцу ша цу пачхьалкхана а, йа цу пачхьалкхехь Iаш болчу нахана а цхьанне агIор зен дийр дац олий. Цо шен маттаца иза цаьрга дIа ца алахь а, иза цо иштта тIелоцуш хиларан масийтта некъ бу: пачхьалкхан векалаллера виза яккхар а, пачхьалкхе чу вала бакъо яккхар а; виза а йоцуш цхьана пачхьалкхе дIакхаьчча, Iедалан белхалойн кера ша дIавалар а (дозанехь гIарол деш берш белахь а, йа цхьана гIалахь, йа юьртахь болчу мухIажирашца болх беш болу белхалой белахь а); пачхьалкхо цунна Iен бакъо луш кехат далар а, иштта кх. дI. Оцу некъех муьлххачуьнца а бусалба стаг цхьана пачхьалкхо тIелацахь, цу стагна а, цу пачхьалкхана а юкъахь вовшийн зен дийр дац аьлла барт хуьлуш бу, цаьршимма вовший «маршо» луш ю, тешамалла луш ду. Ткъа и маршо йохор а, тешамалла дохор а, барт бохор а, ямартло яр а Дала а, Пайхамара а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – магийна дац, дихкина ду. Цуьнан баххаш хIорш ду:

1) Къуръан тIера аяташ. Лекха хинволчу АллахIа аьлла:

×ХIай Делах тешаш дерш! Кхочуш бе (шаьш бина) бартØ.[1]  

×Барт а кхочуш бе аш, бакъдолуш, (аш бина) барт – (шуьга) хоттур болуш буØ.[2]

×Шаьш барт бича, иза кхочуш беш берш а (бу Делах кхоьруш берш)Ø.[3]

×Шайн тешамаллийна а, шайн бартана а терго еш берш бу уьш (муъма нах)Ø.[4]

Ибн Касира – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла цу айатан тафсир деш: «Цуьнан маьIна ду: шайх тешча тешнабехк ца бо цара, шайца барт бича ямартло а ца йо цара. И куьцнаш Делах тешаш болчера куьцнаш ду, царна доьхьал дерш – мунепакъийн куьцнаш ду».

ХIокху айаташкахь хьахийна болу барт а, тешамалла а юкъара маьIна долуш ду, цаьршина кIел догIу керста нахаца дерг а, бусалба нахаца дерг а, Iелам-наха иза билгал ма даккхара.

2) Суннатера хьадисаш. Бина барт ларбан безарх а, тешамалла хила езарх а, тешнабехк а, ямартло а йан мегаш ца хиларх а лаьцна хьадисаш вуно дукха ду. Цхьадолу хьадисаш юкъара маьIна долуш ду, керста нахаца дерг а, бусалба нахаца дерг а чулоцуш, вуьйжаш къаьсттина керста нахаца Пайхамара а, цуьнан асхьабаша а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна, Дела реза а хуьлда царна – керста нахаца бина хиллачу бартех лаьцна ду, цара «маршо» а елла, цара шайн пачхьалкхе бусалба стаг чувитинехь царна зен дан ца магарх лаьцна а ду. Церах цхьадерш хIорш ду: Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:

"Бакъдолуш, тешнабехк беш хиллачунна къемат дийнахь байракх югIур ю (иза вовзийта); цунах лаьцна эр ду: "ХIара хьенехан кIентан хьенехан тешнабехк бу".[5]

"Тешнабехк беш мел хиллачу стеган къемат дийнахь байракх хир, цуьнца воьвзар а ву иза".[6]

"Цхьа стаг ша вуьйр вац а аьлла, иза теша а вина, тIаккха цо иза вехь – цуьнан керахь къемат дийнахь тешнабехкан байракх хир ю, цо вийнарг керста стаг хиллехь а".[7]

"Шеца барт бина волу стаг бехк боцуш вийнарг – АллахIа хьарам йина цунна ялсамане: цуьнан (хаза) хьожа йогIур яц цунна".[8]

"Хьайга делла долу тешамалла цуьнан дега юхакхачаде, хьайна тешнабехк бинчунна доьхьал тешнабехк а ма бе".[9]

"Тешамалла доцучу стеган Ийман а хир дац, йина чIагIо а, бина барт а лар беш воцучу стеган дин а хир дац".[10]

"Ас айса кхечунна йина чIагIо а, бина барт а боха ца бо".[11]

"Диъ хIума шеца долуш волу стаг цIена мунепакъ ву, церах цхьадерг шеца долуш волу стаг а шеца мунепакъаллин дакъа долуш ву, цо уьш Iадда дитталц; и хIумнаш ду: шех тешча тешнабехк беш верг а, ша къамел деш харц луьш (аьшпаш буттуш) верг а, ша барт бича ямартлонца барт бохош верг а, ша къовсавелча боьха луьш верг а".[12]

МугIира бин ШуIбахI – Дела реза хуьлда цунна – Пайхамар волчу веана хилла – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – бусалба дин тIе а лаьцна. Ша бусалба дин тIелацале хьалха, шеца новкъахь цхьаьна хилла цхьа керста нах байъа а байъина, церан даьхни схьадаьккхина хилла цо. ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла цуьнга: "Амма ахь бусалба дин тIелацар – иза къобал до оха, амма хьоьгара даьхни – иза тешнабехкан даьхни ду, тхуна оьшуш дац иза".[13]  Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъоланийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла оцу хьадисан маьIна деш: "Цу хьадисо гойтучу пайданех ду, шена керста наха "маршо" елла а йолуш, царна тешнабехк а бина церан даьхни шена хьанал дан мегаш ца хилар, хIунда аьлча новкъахь цхьаьна дIабоьлхуш болу нах вовшийн маьрша а, тешаме а хуьлуш бу, ткъа тешамалла массаьрца а лардан дезаш ду, бусалба стагца а, керста стагца а. Кхин а цу хьадисо гойту, керста нехан даьхни тIамца бен хьанал ца хилар".[14]

3) Керста нахе ша тIелацар доьхуш церан пачхьалкхашка вахча церан даьхни тIе кховда мегар ца хиларна тешалла ду, асхьабаша – Дела реза хуьлда царна – Эфиопи хIижрат динчу хенахь шайгара иштта вон хIума далийтина ца хилар. Цкъа а цаьргара тешнабехк а ца хаабелла цигарчу нахана, я хIума лачкъор а хааделла. ХIокху динан гIиллакхаш гайтина цара цигахь, бусалба нах муха лела беза а гайтина цара цигахь, цундела Маккара керста нах уьш дIабеха баьхкича, Эфиопин паччахьо царна дIа ца белла уьш.

4) Цу айатийн а, хьадисийн а маьIна дина болчу Бусалба динан Iелам-наха аьлларг.

Имам Сарахсийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла:

"Шен динехь цара маьрша вуьтур ву аьлла тIелаьцна волчу бусалба стага царна тешнабехк а, ямартло а йар дика ца хета суна, хIунда аьлча ямартло а, тешнабехк а хьарам долу дела. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: "ХIора ямартхочунна йоьгIна байракх хир ю къемат дийнахь, .... цо йина ямартло йовзуьйтуш". Ткъа нагахь санна цо царна тешнабехк а бина, церан даьхни схьа а эцна, бусалба нах болчу схьадахьахь, бусалба стага шена иза иштта дуй а хууш цуьнгара иза иэцар вон лору ас, хIунда аьлча цо и даьхни боьхачу некъаца даьккхина долу дела, ткъа цуьнгара иза иэцар – иза и санна долчу вочу хIуманна тIехь чIагIвар ду, вочу хIуманна тIехь стаг чIагIвар бусалба стагна вон хIума ду. Цуьнан бух а, тешалла а ду МугIúрат бин ШуIбас – Дела реза хуьлда цунна – дийцина долу хьадис, иза шен накъостий байъа а байъина, церан даьхни схьа а иэцна, Мединате а веана хилла аьлла. ТIаккха бусалба дин тIе а лаьцна, цо Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шегара и даьхни пхеа декъе декъа аьлла хилла, тIамехь яьккхина хIонс йоькъуш санна. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цуьнга аьлла: "Амма ахь бусалба дин тIелацар – иза къобал деш ду, амма хьоьгара и даьхни – иза тешнабехкан даьхни ду, цундела иза оьшуш дац тхуна".[15]

Имам ШафиIийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла:

"Бусалба стаг керста нах болчу водахь – цара цунна зен дийр дац аьлла тешамалла делла долуш – тIаккха цуьнга церан даьхни схьаиэцалуш хилахь, церан даьхнех йа дуккха, йа кIеззиг а хIумма а схьаиэца мегар (хьанал) дац цунна, хIунда аьлча цара цунна а зен дийр дац аьлла тешамалла делла хилча, уьш цунах тешамаллехь хуьлуш бу, царна а цуьнгара зен хила мегар дац. ХIунда аьлча, уьш цуьнгара тешамаллехь хилча, цунна церан даьхнех хIумма а хьанал дац, бусалба нехан а, зиммат-нехан а даьхни хьанал ца хилар санна. ХIунда аьлча даьхни кхаа хIуманца хьарам хуьлуш ду: цу хIуманех доьххьарниг – бусалба стеган даьхни хилар ду, шолгIаниг – "зиммат-стеган" даьхни хилар ду, кхоалгIаниг – тешамалла делла волчу стеган даьхни, цунна тешамалла делла йолу хан чекхйаллалц. И кхоалгIаниг кху хаттарехь тера ву "зиммат-стагах" (цуьнан даьхни хьá дан мегар ца хиларца)".[16]

Кхин а аьлла Имам ШафиIийс – Дала къинхетам бойла цунах –:

"Нагахь санна керста стаг бусалба наха тешамалла а делла, уьш болчу веъча, тIаккха иза бусалба нахана юкъахь валар нислахь – цунна делла долу тешамалла кхочуш ду цунна шена а, цуьнан даьхнина а. Цуьнан даьхни тIера цхьа а хIума схьаиэца мегар дац. Паччахьо цунах дисина даьхни цуьнан верасашка дIакхачо деза, уьш миччахь белахь а".[17]

Кхин а аьлла Имам ШафиIийс – Дала къинхетам бойла цунах –:

"Нагахь санна керста наха бусалба нахах цхьа стаг йийсаре вича (плен лаьцча), цул тIаьхьа цара иза маьрша а витина дIахецча, цара цунна тешамалла а делча, .... цара цунна тешамалла далар – цо царна тешамалла далар ду (цара шаьш зен дийр дац аьлла иза дIахецар – цо царна а зен дийр дац аьлла шена тIелацар ду), цундела цунна мегар дац церах цхьаъ вен а, йа царна тешнабехк бан а". "Цунна мегар дац церан догIмашна тIекховда а, церан даьхнина тIекховда а, хIунда аьлча цара цунна тешамалла делча – уьш а цунах тешамаллехь хуьлуш бу. ХIокхунна доьхьал долу хьукм цхьамма а дийцина хааделла а дац суна".[18]

Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла:

"Бусалба стаг шена доьхьал тIом беш болчу нехан махка водахь, цара цунна тешамалла делла а долуш, тIаккха цаьргара декхар а даьккхина, йа церан цхьа хIума лачкъа а йина иза бусалба нахана юккъе юхаверзахь – и ша даьккхина декхар, йа ша лачкъийна хIума царна юхаерзор тIехь ду цунна, хIунда аьлча церан тешамаллийца иза уьш болчу вахана хилча церан хIуманна тIекховда йиш яц цуьнан".[19]

Къедано Абу ЙаIлас – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла:

"Бусалба стаг шена доьхьал тIом беш болчу керста нахана юкъа тешамаллийца вахча, йа иза цара йийсаре вина а волуш тешамаллийца дIахецна хилча, цунна мегар дац царна зен дан: догIмашна а, даьхнина а. Цара шена зен ца даре терра, цо царна а зен дан мегар дац".[20]

Имам Ибн Къудамас – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла:

"МостагIчуьнан махка маршалла а делла вахана волчу стага царна тешнабехк бан а мегар дац, цаьрца "риба" лело а мегар дац. Амма мостагIчуьнан махкахь риба лело ца магар – ас иза дийцина "рибах" лаьцна долчу дакъана юкъахь. Ткъа хIокху айато а: ×...риба хьарам а дина ЦоØ, иштта кхидолчу риба хьарам деш долчу айаташа а, хьадисаша а цхьатерра шайна чулоцуш ду риба массо хенахь а, массо меттехь а хьарам хилар. Амма царна (керста мостагIашна) тешнабехк а, ямартло а йар – иза хьарам ду, хIунда аьлча цара цунна тешамалла лучу хенахь цара биллам хIоттийна хилла бу цо шайна тешнабехк а бийр бац аьлла, йа шайна цуьнгара зен а хир дац аьлла, цара шайн маттаца иза цуьнга схьа аьлла дацахь а, иза доьвзаш ду тешамалла даларан маьIнийца. Цундела, церах цхьаъ вай долчу тешамаллийца вагIахь, тIаккха цо вайна тешнабехк бахь, цо шаьш вайца бина барт бохош хуьлу. И гIуллакх иштта хилар шена доьвзича, цо (бусалба стага) царна тешнабехк бан мегар дац, хIунда аьлча иза ямартло йолу дела, ткъа вайн динехь ямартло йогIуш яц. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла а ду: "Бусалба нах шаьш хIиттийначу билламаш тIехь чекхбовла безаш бу". Нагахь санна цо царна тешнабехк бахь, йа церан цхьа хIума лачкъа йахь, йа цаьргара цхьа хIума юхалург яккхахь – цунна тIехь важиб ду ша схаьиэцна хIума йолчуьнга юхаерзор. Нагахь санна цу хIуманийн дай бусалба нехан махка багIахь – тешамаллийца, йа бусалба дин тIе а лаьцна – цаьрга дIалур ю цо уьш, нагахь санна уьш бусалба нах болчу ца багIахь, царна дIаяхьийта еза цо уьш, хIунда аьлча цо уьш шена хьарам болчу некъаца схьаэцна йолу дела, цундела цунна тIедужу уьш юхаерзор, бусалба стеган даьхни юкъара ша иза схьаиэцна хилча юхаерзо езар санна".[21]

Имам Ал-Макъдисийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла:

"Бусалба нахаца тIом беш болчу керста нахана тешамалла деллачул тIаьхьа уьш байъар а, церан даьхни а, царна зен дар а хьарам ду".[22]

Имам Ибнул Муфлихьа – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла:

"Цара иза (бусалба стаг) тешамалла а делла, йийсаре винчара дIахецахь, цунна мегар ду цигара вада, делахь а цунна мегар дац царна тешнабехк бан. Ша цаьргара схьаиэцнарг а юхадерзо деза цо, хIунда аьлча цара цунна тешамалла даларца уьш а цуьнан агIор тешамаллехь хуьлу, ткъа цо иза лар ца дича – иза ямартхо хуьлу. Кхин а, нагахь санна цара шайна цо шен лаамца даьхни доуьйтур ду аьлла биллам а хIоттийна иза дIахецахь, царна жаьхни дахьийта деза цо шен ницкъ кхачахь, и биллам кхочуш бан а беза цо, цаьргара ша иэначу хIуманан мах дIабахьийта безар санна. .... Иза иштта дан деза билгалдаьккхина Имам Ахьмада – Дала къинхетам бойла цунах –. Кхин а цо дан деза иза, цо биллам кхочуш бича, бисинчу йийсархошна а пайда болу дела, цо царна тешнабехк бича бисинчу бусалба йийсархошна бохам а, зен а долу дела, хIунда аьлча цара цул тIаьхьа кхин цхьанна а тешамалла лур доцу дела, ткъа цара тешамалла а луш уьш дIахецар  тахана чIогIа оьшуш ду". (!!!) [23]

Имам Ибнул ХIумама – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла:

"Бусалба стаг шеца тIом беш болчу керста нехан махка мах лело водахь, цунна мегар дац церан даьхнина а, церан цIийна а тIекховда, хIунда аьлча цо цаьргара шена зен хир дац аьлла цаьрга тIелацийтарца ша а тIелаьцна ша царна а зен дийр дац аьлла, ткъа цо и ша тIелаьцна хIума дохор – ямартло ю, ткъа ямартло массо бусалба Iелам-нехан барт хиларца хьарам ю. Абу Давуда дийцина хьадис, "Сунан" жайни тIехь, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: ""Бакъдолуш, тешнабехк беш хиллачунна къемат дийнахь байракх югIур ю (иза вовзийта); цунах лаьцна эр ду: "ХIара хьенехан тешнабехк бу". Хьалха вай дийцира хьадис, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша тIаме эскарш дохуьйтучу хенахь царна весет деш олуш хилла аьлла: "Сов тIех а ма довла, ямартло а ма йе".[24]

ШолгIа агIо: ХIума лачкъор а, куьрхигалла лелор а Бусалба стеган гIиллакхех а, сифатех а дац. Бусалба стаг лаам лаккхара болуш хила везаш ву, Дала ша кхуллучу хенахь шена деллачу хазчу гIиллакхашца возуш хила везаш ву. Бусалба стеган гIиллакхаш дуьйцуш айаташ а, дуккха хьадисаш а ду. Лекха хинволчу АллахIа аьлла:

×Бакъдолуш, хьо (хIай Пайхамар), доккха гIиллакх долуш вуØ.[25]

Анаса дийцина – Дела реза хуьлда цунна: "Делан Элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – адамашна юкъахь уггар хаза гIиллакх долуш вара".[26]

 Наввас бин СамIана аьлла – Дела реза хуьлда цунна: "Ас Делан Элчане хаьттира, "дика а хIун ду, вон а хIун ду?" – аьлла, тIаккха цо суна жоп делира: "Дика – хаза гIиллакх хилар ду, вон – хьан дагна дика ца хеташ дерг ду, даим хьан даг чохь лаьтташ дерг ду, нахана довза а ца лууш ахь деш дерг ду".[27]   ХIокху хьадисо гойту, хIума лачкъор – иза керста нехан елахь а – бусалба дино вон хIума лоруш хилар, хIунда аьлча, масала ша санна болчу шен нийсархошна хаийта луур дац хIума лачкъош волчунна ша лелош дерг, йа шена боьвзачарна а хаийта луур дац цунна иза, йа шен юьртахошна а хаийта луур дац цунна иза.

IабдуллахI бин Iамр бин АлIас цIе йолчу асхьаба аьлла – Дела реза хуьлда цунна –: "Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – алара: "Шух уггар диканиг – уггар хаза гIиллакх дерг ву".[28]

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: "Къемат дийнахь, Делах тешаш волчу стеган терзана тIехь дикчу гIиллакхал деза хIума хир дац; бакъдолуш, АллахIана ца веза вон мотт болуш волу стаг а, шен къамела юкъахь боьха дешнаш лелош волу стаг а".[29]

Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: "делан Элчане хаьттинера: "Адамаш уггар дукха ялсамани чу дохуьйтур дерг хIун ду?" – аьлла, тIаккха цо жоп делира: "Делах кхерар а ду, хаза-дика гIиллакх а ду" – аьлла. Кхин а хаьттинера цуьнга: "Адамаш уггар дукха жоьжахати чу дохуьйтур дерг хIун ду?" – аьлла, тIаккха цо жоп делира: "Бага а, бехке меттиг а ю" – аьлла".[30]

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: "Делах тешаш болчу нахана юкъахь уггар кхачаме Ийман долуш верг – царна юкъахь уггар хаза гIиллакх дерг ву".[31]

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: "Бакъдолуш, Делах тешаш волу стаг шен дикчу гIиллакхца марханаш а кхобуш, буьйсанна ламазаш а деш волчу стеган дарже кхочу".[32]

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: "Ас сайна тIе лоцу, дика-хаза гIиллакх долуш хиллачу стагна уггар лакхарчу ялсаманехь цхьа цIа догIийтар".[33]

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: "Къемат дийнахь шуна юкъара уггар суна уллохь хир берш – шух уггар хаза гIиллакхаш дерш хир бу; ткъа суна уггар гена хир берш – оьшун а, ца оьшун а совнаха дукха къамел деш берш а, куралла йинарш а хир бу".[34]

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: "АллахIа со ваийтина, хаза гIиллакхаш а, дика гIуллакхаш а кхочуш дан".[35]

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: "Шух уггар дика бусалбалла долуш верг – шух уггар дика гIиллакх дерг ву, нагахь санна иза кхетахь".[36]

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: "АллахIана Шен лайшна юкъахь уггар дукха безаш берш – церах уггар хаза гIиллакхаш дурш бу".[37]

Бусалба дино хаза гIиллакх а, дика гIуллакхаш а тIечIагIдар дуьйцуш долу хьадисаш вуно чIогIа дукха ду, кхузахь дийцина ца валлал. Iаьрбийн маттахь "хьуснул хулукъ" – "хаза гIиллакх" бохучу дашо шена чулоцуш ду тахана вайна юкъахь доьвзаш долу "гIиллакх" бохучу дешан маьIна а, бусалба стага шен дахарехь нахаца лелош йолчу юкъаметтиган куц а, цуьнгара долуш долу массо гIуллакх а, цуьнан лелар а. IабдуллахI ибнул Мубарака аьлла – Дала къинхетам бойла цунах – "хаза гIиллакх" бохучу дешан маьIна деш: "Елаелла, екхаелла юьхь хилар а ду иза, массо нахана дика дар а ду иза, нахана шегара цхьа а зен ца хилийтар а ду иза". Ткъа шегахь жимма а и "хаза гIиллакх" долчо, жимма а ша шен лерам беш волчо, жимма а нахах а, Делах а эхь хеташ волчо куьрхигалла лелор дац. Бакъду, Дала массо адамана делла долу эхь шегара дIадаьлча, тIаккха и санна лахара хIумнаш дийла мега цуьнгара. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: "Нагахь санна хьайна эхь ца хетахь, делахь тIаккха хьайна луъург де!"   

КхоалгIа агIо: Керста нахана юкъахь Iаш волчу бусалба стага хIума лачкъоро Бусалба динан а, массо бусалба нехан а вон цIе йоккхуьйту, зен до, бусалба динна тIе нисвала мегаш волу керста стаг динах вуха туху, бусалба боцучу нехан бусалба динах вон кхетам кхоллаболуьйту. Ткъа, ша бахьанехь дерриг Бусалба динан вон цIе яккхийтар – Далла хьалха дIахIоьттича боккха хаттам бийр болу хIума ду, Делан динах адамаш духатохар – даккхийчу къинойх доккха къа ду. Цундела, керста нахана юкъахь Iаш волу бусалба стаг къаьсттина ларвала веза шегара Бусалба динан гIиллакхашца догIуш доцу хIума далийтарх, хIунда аьлча, и бахьана долуш Бусалба динан вон цIе яккха мега, Бусалба дин довза лууш верг цунах вухакхета мега. Дагадаийта деза, бакъ болчу бусалба наха лело ма-дезза Бусалба динан гIиллакхаш лелор бахьана долуш масийтта къомо бусалба дин тIелаьцна хилар. Йеменера дIа Малайзи а, Индонези а, ФатIани а лелаш хилла болу махлелорхой бахьана долуш, цигарчу къаьмнаша Бусалба дин тIелаьцна хилла. Цу махлелорхоша шайн тешамалла а, нийсо а, дикалла а царна гайтар бахьана долуш, бина тIом а боцуш, йа бина хьехамаш а боцуш, оцу къаьмнаша Бусалба дин тIелаьцна, тахана а уггар тоьлла бусалба пачхьалкхеш ю цу меттигашкахь. Ойла ел ткъа, хIетахь цига лелаш хиллачу оцу махлелорхоша уьш Iехош хиллехьара, "хIорш-м керста бара" бохуш церан даьхни лачкъош хиллехьара, цара шайн тешамалла дIа ца гайтинехьара, лоцур дарий цу къаьмнаша бусалба дин тIе?

ХIокху агIонах хоттаелла ю хIара йоьалгIа агIо а:

ЙоьалгIа агIо: Бусалба динехь нийсо массаьрца а лело езаш ю. Адамаш керста дара аьлла, цаьрца харцонаш лело мегаш дац. Делан Элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Маккин керста нахана юкъахь а воьвзаш хилла, тешаме стаг ву аьлла. "Мухьаммад Ал-Амин" – "Мухьаммад Тешаме верг" аьлла цIе йоккхуш хилла цара цуьнан. Ша бусалба воллушехь, керста нахаца а тешамалла долуш хилла иза, цара шега ларйна елла хIума юхалуш хилла цо. Иблисал тIаьхьа Бусалба динан уггар воккха мостагI хиллачу Абу ДжахIла аьлла долчу дешнаша гойту, Делан Элчанца – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тешамаллин гIиллакх мел чIогIа хилла. Абу ДжахIла аьлла: "Делаца дуй буу ас, бакъдолуш и Мухьаммад бакъ луьш ма ву, цкъаъа и Мухьаммад харц лийна а ма вац! Бакъдолуш суна хаа ма хаьа иза пайхамар вуй, делахь маца хилла тхо Iабд-Манаф тайпанна тIаьхьахIиттина?" Бусалба динан оцу воккхачу мостагIчо а цхьаьна тешалла а деш, иштта цхьатерра нийсо еш хилла вайн Пайхамар Мухьаммад – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – керста нах бу аьлла царна цкъа а тешнабехк а ца бина цо. Уьш безаш ца лелийна цо иза, йа цаьргара керстаналла дезаш а ца лелийна цо иза – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – делахь а, уьш Делан некъа тIе нисбалар дезаш лелийна цо и бусалба динан лаккхара гIиллакхаш, Дала шена иштта тIедожийна дела лелийна цо уьш.

Iумар – Дела реза хуьлда цунна – халиф волчу заманахь, Мисрехь Iаш хилла керста "зимми" стаг шена тIе а веана, Мисран паччахь волчу Iамр бин Ал-Iасана – Дела реза хуьлда цунна – цо арз дича, иза Мисрера схьа а кхайкхина, иза бусалба паччахь воллушехь, Делан Элчанан асхьаб иза воллушехь, цуьнгара чIир эцна Iумара – Дела реза хуьлда цунна – шен Воккхачу Хьехархочо Мухьаммада – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шена Iаморе терра, хIокху Бусалба динан даккхий гIиллакхаш чекхдохуш, уьш уггар хьалха шена а, ша хIиттийначу нахана тIехь чекхдохуш. Важа керста стаг вара аьлла нийсо ца еш Iадда ца витина цо, йа хIара паччахь а, асхьаб а вара аьлла озабезам бина кIелхьара а ца ваьккхина цо.

Абу Iубайдас – Дела реза хуьлда цунна – Дамаскехь болчу керста нахаца барт бинчу хенахь, цо и барт биний хаа а ца хууш Халид бин Ал-Валида вукху агIор Дамаск нуьцкъаца хьаяьккхинчу хенахь, Абу Iубайдас – Дела реза хуьлда цунна – Дамаск чура дерриг Бусалба нехан эскарш ара а дахийтина, керста нахе юха дIаелла Дамаск, ша цаьрца бина барт боха а ца беш, ша царна делла дош каг а ца деш. Ерриг гIала юха дIаелла цо керста нахана, ша доьххьара цаьрца машар беш бина барт болу дела. Тхо тоьлла, хIинца шу эшна ду, хIинца оха шуьца нийсо йан ца оьшу – аьлла, ша цаьрца бина барт боха ца бина цо – Дела реза хуьлда цунна –, хIунда аьлча Бусалба динан лаккхара гIиллакхаш Дала диссийна гIиллакхаш долу дела, дерриг халкъал везачу стага Мухьаммад – пайхамара Делера схьа хьехна гIиллакхаш долу дела.

И ши-кхо масал тоьар ду, ойла йан луучунна ойла йан а, кхета луучунна кхета а, хIара дин доккха дин дуй хаа а, бакъ дин дуй хаа а, Делера дин дуй хаа а, адамашна сийлалла а, маршо а, лакхалла а, уггар дика гIиллакхаш а хIокху динца дуй хаа. Цу масалш тIехь дикка ойла йича, бусалба стагана ша лакхара хетара ву нехан даьхни тIе кховдарал, къаьсттина, керста нехан даьхни тIе кховдарал а, хIунда аьлча бусалба стагца даим лакхалла хила еза, сийсазалла хила ца еза.

ПхоьалгIа агIо: Цигахь Iаш болчу бусалба наха – къаьсттина нохчаша – хIума лачкъор царна шайна чIогIа вон Iаткъам болуш ду. Цкъа хIума лачкъийна стаг кхин дIа а цу гIуллакхе марзвелла виса мега, ша шен хьекъалца а, куьйгашца а къа а хьоьгуш рицкъ ца даккхалуш виса мега, нахера лачкъийначунна тIехь ойла лаьтташ хила мега. Цундела, ишттачу стага йа доьшур а дац, йа болх а бийр бац, йа лар тIехь доьзал а кхиор бац. Ткъа вайн хьал – мелла а вай чIагIдала дезаш хьал ду, массо агIор кхиа дезаш хьал ду, уггар хьалха дешарца а, тIаккха говзаллийца а, корматаллийца а. ТIекхуьуш долу чIор хаза хьалакхио дезаш ду, къаьсттина цу мехкашкахь (Западехь) болчара, хIунда аьлча цигахь хIинццалц схьа ца хилла аьттонаш а бу, делахь а галвала бахьанаш а дуккха ду: муьлхха къа лато маршо хилар а; шен нахана гена хилар а, гергарчарна тIе кхочехь ца хилар а; кхин кхетамаш а, кхин гIиллакхаш а долуш болчу керста нахана юкъахь Iаш хилар а; ишколашкахь а, институташкахь а, университеташкахь а хьоьхуш долчунна юкъахь дуккха а хIума бусалба динан а, вайн къоман а гIиллакхашца догIуш ца хилар а; иштта кх. дI. Цундела, цигахь Iаш болу бусалба нах чIогIа тIаламе, тидаме хила беза, шайн тIаьхьлонна ойла еш хила беза, дан дезарг а, лело дезарг а хууш хила беза. Ткъа, хIума лачкъорна тIехь ойла еш волу доьзалан да иштта хилалур вац, доьзалан да дика ца хилча доьзал а дика хир бац, доьзал дика ца хилча дерриг къам а телхар ду. Иза – Дала юкъараллаш кхиарна а, царна юкъахь хийцамаш хиларна а хIиттийначу бахьанех цхьа бахьана ду.


 

 

 


[1] Сурат «Алмаидат» 1 айат.

[2] Сурат «Ал-исроъ» 34 айат.

[3] Сурат «Албакъарат» 177 айат.

[4] Сурат «АлмаIаридж» 32 айат.

[5] Бухари, Муслим.

[6] Бухари Муслим.

[7] "АссилсилатуссохьихьахI", Ал-Албани, 440.

[8] "Сахьихь Сунан Аннасаи", Насаи – Ал-Албани.

[9] Абу Давуд а, кхиберш а, "АссилсилатуссохьихьахI", Ал-Албани, 423.

[10] Ахьмад.

[11] Абу Давуд.

[12] Бухари.

[13] Бухари.

[14] "Фатхьул Бари", 5/402.

[15] "АлмабсутI" 10/96.

[16] "Ал-Умм" 4/284.

[17] Уьзза жайна, 4/296.

[18] Уьзза жайна, 4/292.

[19] "РовдатуттIолибин" 10/291.

[20] "Ал-Ахькам АссултIониййахI" 152.

[21] "АлмугIни" 9/237.

[22] "Ашшархьул Кабир"  10/555.

[23] "АлмубдиI" 3/396.

[24] "Шархь Фатхьул Къадир" 6/17.

[25] Сурат "Нун", 4 айат.

[26] Бухари, Муслим.

[27] Муслим.

[28] Бухари, Муслим.

[29] Тирмизи.

[30] Тирмизи.

[31] Тирмизи.

[32] Абу Давуд.

[33] Абу Давуд.

[34] Тирмизи.

[35] "ДжамиIул-Усул".

[36] "Ал-Адабул-Муфрад", Бухари.

[37] "АссилсилатуссохьихьахI", Ал-Албани.