Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум!

Олхазар, АллахI реза хийла хьуна сан хьалхара хаттарна жоп даларна, АллахI диканц бекхам бойл хьуна, сан кхи цхьа хаттар дар, вай нах лел деш ду, йоIер кара хIум йоккху олуш цхьа хIума, бусулба динехь мегаш а, бух болуш а хIума дуй иза?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

Кера хIума яккхар, кера хIума йалар бохург – вайна хIинццалц девзаш хилларг – иза – йоьIан а, кIентан а захало дан сацам хиллачул тIаьхьа, и сацам тIечIагIбеш кIанта йоIера оьцуш йолу чIуг, йа вуьшта аьлча, мохIур ду. ЙоIа ша кхечуьнца кхин захало лелор ца хилар хоуьйтуш, иза тIечIагIдеш луш ю иза.

Бусалба динехь цуьнан бух бу аьлла хIума дац, делахь а иза мегаш ца хила бахьана а дац шариIатехь. Иза вайн Iадаташна юкъадогIуш хIума ду, ткъа, вай хьалха ма-дийццара, бусалба динна доьхьал долу хIума шайца ца хилчахьана, Iадаташ лелор дино магош ду. Ткъа, ша кера хIума еллачуьнга бен ша маре гIур ца хилар гойтуш йоIа шен мохIур кIанте даларца цхьа а вон хIума дац бусалба динан агIор.

Вайн иштта Iадат ду, ткъа цхьадолчу Iаьрбийн мехкашкахь уьзза Iадат кхечу агIор ду. ЙоьIан а, кIентан а вовший захало дан барт хиллачул тIаьхьа, гергарачеран а цу тIехь барт хиллачул тIаьхьа, ша оцу йоIана реза хилар а, шена иза яло лууш хилар а чIагIдеш, кIанта йоIана цхьацца совгIаташ дохьуьйту, деши делахь а, йа кхин хIума елахь а. Иза, таханлера Iелам-наха мегаш ду аьлла.[1]  Цундела, и ши гIуллакх вовший цхьатера долу дела, шолгIаниг мегаш хиларца дуьстича, доьххьарниг а мегаш хила догIу.

Нагахь санна, цхьана бахьанийна, йоьIан дéна, йа иза вацахь цуьнах жоп луш волчу верасана, и йоI цу кIанте йахийта ца лаахь, йа оцу йоIана шена йаха ца лаахь, йа цу кIантана иза яло ца лаахь, и мохIур юха дIадала деза, хIунда аьлча иза цу йоьIан долу дела.

Ткъа дика хууш верг сийлахь АллахI ву!

 

24/04/2008

 


 


[1]«Ал-Фатава Аш-ШарIиййахI фил-Масаилил-IасриййахI», 393, (Шейх Ибн Ал-Iусаймин), Халид Ал-Джирайсий; «Фатава МуIасарахI», Шейх Iалий ДжумуIахI.