Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум! Дуй къарбинчу стагана тIехь хIун ду? Анаша узур яц аьлла дуй биъна, амма цхьа хан яьлча и ша йина чIагIо йохийна цо. Цо хIун дан деза хIинца, цунна тIедожош хIун ду ШарIо? Дала диканца бекхам бойла!

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

Дала диканца бекхам бойла хьуна а!

Лекха хинволчу АллахIа аьлла: ×АллахIа бехке ца лору шуна аш лаамаза дуй баар, делахь а Цо бехке лору шуна аш лууш биъна дуй (къарбар); ткъа цуьнан каффарат – аш шайн охIлунна даочу даарх юккъара даар итт мискачунна далар, йа царна духар далар, йа цхьа лай паргIатваккхар ду, ткъа (и каффарат дала даьхни) ца карийначунна тIехь – кхаа дийнахь марха кхабар ду; иза ду аш биинчу шун дуйнийн каффарат; ткъа аш ларде шайн дуйнаш; иштта билгалдо шуна АллахIа Шен айаташ (билгалонаш), шуьга Шена шукр (баркалла) дайтаØ.[1]

Оцу айатехь АллахIа билгалдина – Цо Ша ма-аллара, сийлахь а, лекха а ву Иза – дуй къарбинчу стага дан дезарг. Иза – йа итт мискачу стагана цкъа даар далар, йа царна духар далар, йа цхьа лай паргIат ваккхар ду. Дала деза даар ша шен охIлунна лучу даарна юкъара уггар тоьлаш дерг а доцуш, уггар вониг а доцуш, юккъара дерг ду. Шена лаахь, масала кхехкоза даар дала мегар ду, дуга а, кхидерг а санна, шена лаахь кечбина кхача бала мегар ду, масала йа делкъанна, йа суьйранна вуззалц яахIума яор ю. Кхехкоза дерг луш хилахь, цуьнца цхьаьна иза кечдеш тIетуху хIума елча дика хир ду, ша шен охIлунна лур хиларе терра. Дала деза духар ламазехь тIедоьхча тоам беш долу духар ду, коч-хечи а, пазат а санна. Оцу кханнах муьлххург а дан мегаш ду, кханнах цхьаъ дича каффарат кхочуш хуьлуш а ду. Оцу кханнах цхьаъа а дан таро йоцучо кхаа дийнахь марха кхаба деза, кхабалучо тIаьхьий-хьалхий кхаьбча дика хир ду, шена лаахь юкъа хан йолуьйтуш кхаба а мегар ду.

Кхузахь билгал дан деза, дуй АллахIаца а, Цуьнан сифаташца а бен баа мегаш ца хилар. Йа АллахIаца, йа Цуьнан сифаташца а боцуш, кхечу хIуманца – пайхамарца, эвлаяаца, стигалца, лаьттаца, баьпкаца, деца-ненаца, иштта кхидIа а – биъна дуй нийса дуй лоруш а бац, иза баар мегаш а дац. Ибн Iумара – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Делан Элчанна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хезира аьлла, Iумара – Дела реза хуьлда цунна – шен деца дуй бууш. ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Бакъдолуш, нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа ца магадо шуна шайн дайшца дуй баар. Ткъа, шух цхьаъ дуй бууш хилахь, АллахIаца буийла цо, йа тапп аьлла Iадда Iайла иза». Iумара – Дела реза хуьлда цунна – аьлла цул тIаьхьа: «АллахIаца дуй буу ас, Делан Элчано иза ца магош сайна хезчахьана дуьйна цкъаъа иштта дуй биъна ма бац ас, ас айса дуй бууш а, йа цхьамма кхечо биънера аьлла а».[2] Ибн Iумара – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Дуй буучо АллахIаца бен ма буийла».[3]

 


 


[1] Сурат «Ал-Мáидат» 89 айат.

[2] Бухари, Муслим.

[3] Муслим.