Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум!

Зуда доьзалхочух йолуш 3 кIира хан хилча, иза дIадаккха мегаш дуй?

Бер дIадаккха мегаш делахь, и муха хьал хилча дIадаккха мегаш ду?

Бер дIадаккха мегаш делахь, иза мел хан ялале дIадаккха мегаш ду?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

Бер ненан кийрахь кхолладалар а, иза кхиар а цхьана агIор шина декъе декъалуш ду, вукху агIор деа декъе декъа луш ду.

Хьалхаралерачу агIонан ши дакъа ду: 1 – Берана чу са кхоллалц йолу хан (120 де кхаччалц); 2 – Берана чу са кхоьллинчул тIаьхьа йолу хан (120 де кхаьчначул тIаьхьа дуьйна, иза дуьненчу даллалц).

ШолгIачу агIонан диъ дакъа ду: 1 – Беран цIа чохь борша стеган хинан тIадам хилар (доьххьара 40 дийнахь); 2 – ЦIийн дакъалган куьцехь хилар (40 де даьллачул тIаьхьа 80 де даллалц); 3 – Жима дилханан дакъалган куьцехь хилар (80 де даьллачул тIаьхьа 120 де кхаччалц); 4 – Чу са а кхоьллина, адам хилар (120 де даьллачул тIаьхьа дуьненчу даллалц).

Iелам-нехан дешнашна юкъара нийсаниг - оцу массо хьолашкахь а, дакъошкахь а бер дIадаккхар хьарам хилар ду. Ткъа и хьарамалла, и бер оцу хьолашкахь кхиа мел кхуьу алсам долу, цундела 40 дийнал тIехдаьлла бер дIадаккхар кхин  а чIогIа хьарам ду 40 де кхачаза дерг дIадаккхарал а, 80 дийнал тIехдаьлларг дIаккхар а кхин а чIогIа хьарам ду 80 дийне кхачаза дерг дIадаккхарал а, ткъа 120 де кхаьчна долу бер дIадаккхар – цунах бакъдолу адам хилла даьллачул тIаьхьа – адам дер ду, иза цул хьалха долчерал массерал чIогIа хьарам ду.

Бакъду, 40 де кхаччалц йолчу юкъахь, бера-цIа чура тIадам дIабаккха мегаш ду, ШарIо магош долу цхьа бахьана делахь, йа нанна хир долу цхьа зен духатоха дезаш делахь.

Амма ШарIо магош долчу бахьанех цхьа бахьана ду – масала далийча – зуда хьийзийначул тIаьхьа, цуьнан бер кхолладеллехь, хуьлийла иза керста наха хьийзийна – таханлерачу дийнахь дукха хилла а, хуьлуш а хIуманаш ду уьш дуьнена тIехь дуккха а бусалба нахана – йа бусалба бу бохучу наха хьийзийна. Кхин а, ШарIо магош долчу бахьанех цхьа бахьана ду, 40 де кхаччале йолчу юкъахь лоьрашна гергахь билггал чIагIделла делахь, оцу бераца цхьа ун-тайпа цамгар хирг хилар, йа ненера берана тIе дехьайолуш йолу цхьа йоккха цамгар хирг хилар, масала оцу берана «талассемия» цамгар хирг хилар. ХIинца вай дийцинарш масалш бен дацара, цундела, дас-нанас шайн бахьана цкъа хьалха Iелам-нахе ма-дарра дийца деза, хатта деза иштта бахьана хилча мегар ду бер дIадаккха йа дац.

Амма нанна хир долу цхьа зен духатохар – нагахь санна тешаме болчу лоьраша билггал чIагIдахь, и бер кхидIа лелийча нанна цхьа доккха зен хир ду аьлла – масала цуьнан цхьа хала цамгар чIагIлур ю аьлла – тIаккха мегаш ду бер дIадаккха оцу хенахь.

Шовзткъа (40) де даьллачул тIаьхьа, оцу берана цу сакхоллалц йолчу юкъахь иза дIадаккхаран кхин а чIогIа а, кхин а доккха а бахьана хила деза, и бахьана ма-дарра Iелам-стаге дийца деза, тIаккха цо и бахьана ШариIатца дуста а дуьстина жор дала деза. Iелам-наха хIокху хенахь бер дIадаккха магош долчу бахьанех ду оцу бераца цхьа вон цамгар гучуялар, цуьнан дахарна боккха бохам бийр болуш, цуьнгахь а, цуьнан дегахь-ненехь а даим лазам латтор болуш, дарба далуш йоцуш, оцу беран дахарна чIогIа кхераме йолуш.

Цхьа бIе ткъа (120) де даьллачул тIаьхьа, берана чу са кхоьллинчул тIаьхьа, и бер дIадаккха маггане а ца мега, нагахь санна тешаме волчу масийтта лоьро билггал чIагIдина дацахь, и бер кхи дIа дитахь, ненан дахарна билггал кхерам бу, иза дIа ца даккхахь нана йала мега аьлла. Кхузахь чIагIдан деза, и олуш болу лоьраш тешаме хилар а, цхьамма-шимма аьлча даккха мегар ца хилар а, муххале а масийтта лоьро иза чIагIдан дезаш хилар, хIунда аьлча дуккха хьолашкахь цхьамма-шимма аьлларг нийса ца хуьлуш а хуьлу.

 

Цундела, доьзалхочух йолуш 3 кIира даьлла йолчу зудчунна шен бер дIадаккха деза аьлла хеташ елахь, иза хьажа еза шен бахьана вай дийцинчунна юкъа догIуш ду йа дац, ша жимма а шек елахь Iелам-нахе и шен бахьана дIа а дийцина, хатта деза цунах дерг.

 

ХIокхул хьалха хIоккху хаттарна деллачу хIокху жоьпе хьажа – Бер дIадаккхар (оьрсийн маттара «аборт») – цигахь кхин а алсам жоп каро мега хьуна.