|
|
|
Ассаламу Iалайкум! Далла бу хастам хатта меттиг тхуна елла волчу. Дала диканца бекхам бойла хьуна Олхазар. ХIара цхьа хаттар дара сан хьоьга: Суна сайн хIусум-нанас йовлакх лело (тIетилла) лаьа, а соьга сан нанас боху: нагахь санна цо йовлакх тиллахь хьо сан кIант вац, йа со хьо волче чу а йогIур йац. Иштта хьолехь хIун да деза аса? Ларамца Ахьмад
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Дала диканца бекхам бойла хьуна а! ЧIогIа хазахета, АллахIана муьтIахь хиларехь хьо хьайн хIусамнанна гIоьнча волуш. Бусалба зудчо, ша хийра божаршна гур йолчу меттехь а, хьолехь а, шен дегIан меженаш – ши куьг а, юьхь а йоцург – дIахьулйар вай кхоьллина волчу АллахIа тIедожийна важиб ду. Iаишас, Дела реза хуьлда цунна, дийцина, Абубакаран йоI Асмáъ, Дела реза хуьлда цаьршинна, цхьана дийнахь Пайхамар волча – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – чуеанера аьлла, тIедуьйхина духар дуткъа, чекх са гун духар а долуш. ТIаккха Пайхамара – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – цунах дIа а вирзина: «ХIай Асмáъ! Зуда, хIора баттахь ламазана цIена ца хуьлучу хьоле кхаьчначул тIаьхьа (кхиъна яьллачул тIаьхьа), цуьнан дегIа тIера хIара а, хIара а бен ган мегаш дац» - олуш, шен ши куьг а, юьхь а билгалйина.[1] Цундела, хийра божаршна гучахь, шен берриге корта дIахьулбеш долу йовлакх лелор – АллахIана муьтIахь хилар ду, ца лелор - Цунна Iеса хилар ду ю. Хьан нанас хьан зудчуьнга йовлакх ма тилла алар нийса дац, йа цо ша хьо волчу йогIур яц аьллера аьлла хьайн зудчуьнга йовлакх ма леладе ала а хьан бакъо яц. Делан Элчано – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла ду цу хьокъехь: «АллахIана Iеса а хуьлуш (кхечунна) муьтIахь хила мегар дац. МуьтIахь хила везар дикачу хIуманца доьзна ду».[2] Цу хьадисана тIе доьгIна, ахь хоьттург билгалдеш ду, цхьаболчу Iелам-наха аьлла дешнаш: «Дена-нанна муьтIахь хилар парз ду, Iесаллийца доьзна доцург».[3] Хьан нанас хьоьга а, хьан хIусам-нене а АллахIана Iеса хила бахахь, цунна муьтIахь а хилла АллахIана Iеса хила мегар дац, делахь а цуьнца хьо а, хьан хIусам-нана а вон хила а мегар дац, йа цуьнца шу гамдала а мегар дац. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: [Ткъа нагахь санна, цаьршимма къахьегахь, хьоьга Соьца накъост ве бохуш, хьуна ца хуучуьнца – хьо муьтIахь ма хила цаьршинна, (делахь а) дуьненахь цаьршинца дика а хила хьо, Соьга бирзинчеран некъа тIахьа возуш а хила хьо. ТIаккха Соьга доьрзур ду шу, (эццахь) Ас довзуьйтур ду шуна аш лелош хилларг].[4] Хьайн нана кхето хьажа, цуьнца даим дика а хила. Ахь кIеда-мерза дийцича, жим-жима хьо иза кхето хьаьжча, ахь цуьнца собаре а хуьлуш къахьегча, ахь АллахIе иза йоьхуш дагарра доIа дича, Делан пурбанца кхетар ю иза, Дала мукъа лахь. Иза хьо волчу ягIахь а, ца ягIахь а, хьо ваха веза иза йолчу, иза хьох дIахадахь а хьо дIахада мегар дац цунах. ХIокху дуьненахь хьо шеца уггар дика а, кIеда а, мерза а хила везарг хьан нана ю, Пайхамара – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – ма-аллара.
Дала нисдойла вай Ша реза волчунна тIе, со а, хьо а, вайн массеран наной а, дай а! Дала гIо дойла хьуна Шена муьтIахь хилар тIехь! |