|
|
| Видео |
| Хьешан тептар |
| Кехат язде соьга |
|
Хаттар: Де дика дойла Олхазар. Суна хьиджаб дIатилла лаьара, сан марзахошна чIогIа ца деза иза. Майрачо тилла йа ма тилла ца олу соьга. Ша тIетеIош туьллуьйтур дац олу цо. Цкъа дIатиллинера ас иза, марзахошна деза а ца дезна дIадаккха дийзира сан иза. Кхузахь дIакъовлабеллачарна хIума олу, цхьаберш бехбелла бузуш болун дера. Ас хIун дича бакъхьа ду-те алахьара ахь, сингаттам бу соьгахь. И цIе кхоллар хIун ду-те бехк боцучарна? Ас хIун дан деза алахьара ахь уьш ца хилча и тилла, суна къа хуьлий-те дIакъовлуш хилча? И бедар дукха шуьйра ца лелийча мегаш дуй-те? Жоп лахьара ахь. Дела реза хилла хьуна.
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Далла езийла. Лераме йиша, иштта чIогIа йохе ма хьовза хьо, хьан гIуллакх оццул хала гIуллакх хир дац, Дала мукъа лахь. Ялайале хьалха, хила ма-дезза духар леладойтур бохуш дийца а дийцина, ялийначул тIаьхьа шен чураниш духарна доьхьал бийла буьйлабелча майра царна тIе а хIуттий, духар лелорна доьхьал волуш меттигаш бу. Ткъа хьан хIусамда ахь бусалба духар лелорна доьхьал вац, мелхо а, ахь аьллачух со нийса кхетахь, иза хьуна тIетевр волуш ву. Цундела, бусалба духар лелийча хьайна хьайн марзахоша цхьаъ эра дара алий, йа уьш реза хир бацара алий, кхин хьайна хуьлуш зен дацахь и духар ца лелош ма Iе хьо. Далла тIе болх билле, Деле хьайна гIо дар доьхуш даим доIа а деш, хьой сийлахь еш долу духар тIедуха. ТIаккха, лераме йиша, и духар цхьа доккха тиллина йовлакх ца хиларх а, вайн тилвизорш чохь гуш долу «классически» духар ца хиларх а галдаьлла хIума дац. И духар дукха чIогIа шуьйра хилар а важиб дац, коьрта дерг – дегIан меженийн куц къастош билгалдечу кепара тIелетта ца хилар ду. Тахана дуккха хаза духарш ду духкуш, и доьхна йолчу зудчунна цуьнан марзахоша хаза ю алар доцург кхин хIума олийла доцуш. Бусалба дино духарна хIиттийна болу билламаш кхочуш хуьлуш хилчахьана, иштта хаза духар лело мегар ду ахь. Ткъа оцу духарх лаьцна а, хьан санна долчу хьолах лаьцна а вай дийцира хьалха хIокху хеттаршкахь, уьш деша ахь, церах дуккха пайда хир бу хьуна, Дала мукъа лахь: «Сан нанас соьга хьиджаб ца юхуьйту...» «Сан нанас сан хIусамнене йовлакх ма леладе бах...» «Бусалба зудчунна муьлхха а беснаш лело мегий?» «Еха юбка, футболка, йовлукх лело мегар дуй ас?» ТIаккха, лераме йиша, хьайн марзахошца дика хила еза хьо. Даиманна хьайн дахарехь хьайна оьшуш йолу хIара бакъо дагахь латтайе: хьайга мел чIогIа цара хIуъа олуш хиларх, доьхьал дош ма ала, хьайн бага меттах ма яккха. Цакхетамана аьлларг а, хIуьттаренна аьлларг а, муьлхха а кхидерг а – цунах хьуна хила зен дац хьуна, иза дIадер ду хьуна. Амма хьо доьхьал йистхилахь, хьайн куьйга (маттаца) айхьа хьайн гIуллакх талхор ду ахь. И бакъо (правило) несана шен дерриге дахарехь оьшуш ю, Дала шена чIогIа боккха мел хуьлуьйтуш долу собаре хилар бохург а ду иза. Iеламнаха эвлаяийн даржаш дуьйцучу хенахь, церан хуьлуш долу цхьа хьал ду боху иза: «Къийсайалар Iаддитар а, гIалат ца гар а (кхечуьнан гIалатах гIопул хилар), новкъарло йицйар а».[1] Бакъду, цул лакхара кхин цхьа дарж а ду цигахь, мел алсам хуьлуш долуш, АллахIана алсам герга вуьгуш долуш. Иза – хьайца вон хиллачуьнца хьо дика хилар ду. «Хьох генавуьйлург ахь гергавалор ду иза, хьайна новкъарло ечуьнан ахь лерам бар ду иза, хьайна цхьа вониг дечуьнга ахь къинтIера валар дехар ду иза, оьгIазло хьулйарна а доцуш, мелхо а хьо хьой цунна къинтIера яларна, хьуна и адам дезарна».[2] Стохка цхьана йоккха стага шен дахарехь хилла долу цхьацца хIуманаш дуьйцуш Iаш, шен марнанас шена оьгIаз йоьдий шена тIаьхьа нуй ластийча, эшкал ластийча, шена цо мел чIогIа довдарх, цунна доьхьал а йоьрзе, ела а лой, екха а лой, «Дела реза хилла хьуна, хьайна со ца езахьара дов дийр дацара-кх ахь суна», - олура ша цо аьлча, тIаккха и шен марнана лечу хенахь цо шена тIекхайкхина хилларг а, шена улле охьахаийтина хилларг ша́ бен яцара, «йа шен хIусамехь хилла йолу нус а ца йитира цо шена улле, йа шолгIа нус а ца йитира, йа ур-атталла шен йоI а ца йитинера, со чоьхьа яьлча, схьайолахь, хьенех, аьлла, шена улле охьахаийра цо со, ша лийринарг а, шена езнарг а хьо ю хьуна элира цо шега», - бохуш цо дийцича, суна дагадаьхкинарш Iеламнаха аьлла долу и дешнаш дара. Ас ойла йира, эвлаяийн даржаш дуьйцуш долу и жайнаш дешна яцахь а, йа ур-атталла Къуръан деша хууш яцахь а, и хIума лело хьекъал кхаьчна-кх цуьнан аьлла. Кхин цхьа айат а дагадеара суна, и дийцар цо дийцича: «Дика даран бекхам дика дар бен буй? (Хуьлийла дац)».[3] Имам Ибнул-Къаййима (Дала къинхетам бойла цунах) боху оцу даржах лаьцна: «ХIара дарж хIокхул хьалха долчул лакха а ду, хала а ду. Доьххьаралерачу даржехь ахь хьайна схьадиннарг доьхьал деш дац, хIумма а ца хилча санна IадIаш ю хьо. Ткъа хIокху даржехь ахь хьайна вон динчунна дика деш ду, хьайна цо динчунна нисса бIостанехьа дерг деш ду ахь цунна… Ткъа довза ма-деззара хIара дарж довза луург хьожийла Пайхамаран (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) дахаре, цо нахаца лелийначу юкъаметтиге. Цунна карор дерг – ша ма-дарра хIара вай дуьйцуш дерг ду. Ткъа хIокху даржан кхачамалла цуьнан цхьанне бен кхечуьнан хилла а яц. ТIаккха цул тIаьхьа цуьнан верасашна (Iеламнахана) кхаьчна и дарж, цара цуьнгара эцначу ирсе хьаьжжина. Ткъа суна цхьаъа стаг гина вац Шайхул-Ислам Ибн ТаймиййахI (Дала са цIандойла цуьнан) санна и хIуманаш шеца уггар дукха гулделла волуш. Цуьнан уггар баккхийчу доттагIех цхьаболчара олура: «Со сайн накъосташца иза шен мостагIашца а, къийсамхошца а ма-хиллара хила лаьара суна». Цкъаъа шен мостагIашна а, шеца къийсалуш хиллачарна а доьхьал доIа деш гина вац суна иза. Мелхо а, царна диканиг доьхуш доIа дора цо. Цхьана дийнахь цуьнга кхаъ боккхуш иза волчу веара со, цунна уггар чIогIа новкъарлонаш еш хилла волу, цуьнца уггар чIогIа мостагIалла лелош хилла волу цуьнан уггар воккха мостагI велла аьлла. ЧIогIа дов дира цо суна ас шега иза аьлча, вон хийтира цунна иза, «Инна лиллахIи ва инна илайхIи рожиIун» а элира цо. ТIаккха сихонца хьала а гIаьттина, цуьнан гергарнаш болчу а вахана, цаьрга кадам бира цо. Цо элира цаьрга: «Цуьнан меттана со ву шуна! Шуна гIо оьшуш долу цхьаъа хIума а дуьтур дац ас, шуна цу тIехь гIо ца деш». Иштта и маьIна долу къамел дира цо цаьрга. Вукхарна хазахийтира иза, цунна доIа а дира цара, цо дина долу и хIума чIогIа доккха хIума а хийтира царна. АллахIа къинхетам бойла-кх цунах, реза а хуьлда-кх Иза цунна».[4] Лераме йиша, дикаллехь лаккхара гIулчаш яьхна болчу дикачу наха лелош долу и хаза гIиллакх хьайца хилийта хьажа хьо. Хьуна атталлийна, иза лелош хилла болчу нахаца ас масалш а далийна хьуна. Цхьана духарца хийцаелла ца Iаш, хьайн дагца а, хьайн гIиллакхца а, гIуллакхца а, хьайн марзахошца иштта дика, хаза юкъаметтиг лелорца а ахь хьой хийцаелла хилар гайтахь, уьш цхьаъа шеко йоцуш хьуна реза а хир бу, хьо царна езар а ю, Дала мукъа лахь. Ахь къахьега дезар ду, хьо собаре хила езар ю, хьо хьайн леларца дика хила езар ю, ткъа иза Дала вай шен доьхьа кхоьллина долчу бахьанех цхьа бахьана ду – вай уггар дика Iамал, уггар дика гIуллакх, деш долу хIума уггар дика муьлхарчо до хьожуш зуьйш ду вай АллахIа. Дала гIо дойла хьуна Ша реза варехь, Шена муьтIахь хиларехь а! Ткъа дика хуург веза-сийлахь АллахI ву! 04.08.2011 = 04.09.1432 [1] Имам Ибнул-Къаййим, «Мадарижус-саликин», 2/327. [2] Уьзза жайна. [3] Сурат «Ар-Рохьман», 60 айат. [4] Имам Ибнул-Къаййим, «Мадарижус-саликин», 2/328-329.
|