|
|
|
Суна хаан лаьара, шайн махках бевлла, Европехь болчу зударша коьртахь йовлакх ца лелор муха догIу динца? Масала, Францехь долчу законаца балха а, доьшучу меттиге а коьртахь хIума лело йиш яц. Со йисина зуда ю, доьзал бу, тахана хIоттаделлачу хьолаца со бен болх бан таро йолуш ситуаци яц чохь. Болх цабеш Iайла а яц. Коьрта йовлакх тиллахь, со дIаяккха бахьана карор ду. ХIун дича нийса ду ас? Баркалла, жоп дала таро хилахь. Дала аьтту бойла хьан! Iа дика йойла!
БисмиллахIиррохьманиррохьим Далла езийла! Лераме йиша! Къинхетаме а, хьекъале а волчу АллахIа парз дина тIедожийна ду бусалба зудчунна ша хийра божарий болчу метте арайолуш хилча бусалба духар лелор. Бусалба духар – иза ши куьг а, юьхь а йоцург, кхийолу ерриге меженаш, дерриге дегI дIакъовлуш, хьулдеш долу духар ду. Иштта дегI хьулдеш хиларал совнаха, тIелетта хила а ца деза иза, чекх са гуш хила а ца деза, божарийн духарх тера хила а ца деза. Iаишас, Дела реза хуьлда цунна, дийцина, Абубакаран йоI Асмáъ, Дела реза хуьлда цаьршинна, цхьана дийнахь Пайхамар волча – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – чуеанера аьлла, тIедуьйхина духар дуткъа, чекх са гун духар а долуш. ТIаккха Пайхамара – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – цунах дIа а вирзина: «ХIай Асмáъ! Зуда, хIора баттахь ламазана цIена ца хуьлучу хьоле кхаьчначул тIаьхьа (кхиъна яьллачул тIаьхьа), цуьнан дегIа тIера хIара а, хIара а бен ган мегаш дац» - олуш, шен ши куьг а, юьхь а билгалйина хилла.[1] ТIаккха, лераме йиша, нагахь санна: 1) ахь болх ца бича йа хьуна, йа хьан берашна хуьлуш лан лур доцу доккха зен а делахь, шун дахар талхор долу зен делахь, шун могшаллийна хуьлуш зен делахь, 2) йа ла́н чIогIа хала хир йолуш хало хIуттур йолуш хьал делахь, 3) Iедалан болх боцург хьуна кхин бан болх бацахь, 4) хьо йоцург кхин болх бан таро йолуш хьал а дацахь, 5) йа кхечу агIор хьуна кхи рицкъа хила аьтту а бацахь – тIаккха магадо Iелам-наха коьртара йовлакх дIадаккхар, хIунда аьлча иза кхин дан хIума доцуш виссинчух тера хуьлу дела. Вуьшта аьлча, къе елла хIума яа магочу хьолехь йолчу зудчунна мегаш хуьлу бусалба духар лар ца дар, и хьал духатоха оьшшучул, и тIехIоьттина хьал дIадаллалц йолчу ханна. Цундела, нагахь санна хьан хьал лакхахь хьахийначу билламашца догIуш делахь, хьуна мегар ду коьртахь йовлакх ца лело къаьсттина айхьа болх бечу меттехь, и тIехIоьттина хьал дIадаллалц йолчу хенахь. Хьой хьайн балха метте дIакхаччалц йовлакх хила деза хьан коьртахь, белхан меттиг чохь дIадаккха мегар ду ахь иза. Нагахь санна корта ах дIакъовлуш хир йолчу кепара хIума лело йиш елахь, берриг корта дIа а ца бостуш, иштта лело еза ахь. Хьайн ма-хуьллу кхин болх лаха а беза ахь, Iедалан болх а боцуш, хьайн сийлаллин духар лело аьтту болуш болу болх, тIаккха оцу вукху балхара дIа яла а еза хьо.[2] Ахь даим дагахь латто а деза, иштта айхьа коьртара йовлакх дIадаккхар къаьсттина хьал дуй, даим долу хьал доций. Хьуна дицдала ца деза цкъаъа, хьайн хьал, кхин дан хIума ца хиларна, ца ваьллачу денна къиэ елла хIума юуш волчуьнан хьолах тера хилар, хIаллак ца хилархьама хьакха юуш волчуьнан хьолах тера хилар, и хьал даим латта йиш ца хилар. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: [Бакъдолуш, (АллахIа) хьарам йина шуна къиэ елла хIума а, цIий а, хьакхин жижиг а, АллахI воцуш кхечуьнан доьхьа йийнарг а; ткъа хьашто гатвинчо иза кхаьллича, шена оьшучул сов а ца во́луш, (Делан) дозанал тIех а ца во́луш – ишттачунна тIехь къа дац; бакъдолуш АллахI гечдийриг а ву, къинхетам бийриг а ву]. (Сурат «Ал-Бакъарат», 173 айат). Нагахь санна хьайн аьтту белахь, вайна юкъахь девзаш долчу кепара а доцуш, цхьана кхечу кепара хьайн месаш хьулйеш коьрта хIума тилла (оьрсийн маттахь цхьаболчара ма-аллара: в стиле, по моде, в различных стильных вариациях), иштта и тиллар декхар ду хьуна тIехь, коьртара хIума дIаяккхарал хьалха. ТIаккха, лераме йиша, Шен доьхьа цхьа хьарам долу хIума Iаддитинчунна АллахIа цул диканиг ло хьуна, иза иштта Iелам-наха аьлла а ду хьуна. Цундела, нагахь санна хьан хьал вай лакхахь дийцинарг санна чолхе хьал а ца хилла, ахь болх ца бар бахьана долуш хьуна мелла а хало хуьлуш хилахь, синтем хир бу хьуна и хIума дагадеъча, айхьа Дела доьхьа ловш йолчу халонан мел дагабеъча, и хало цкъацкъа аттонгахь вехаш волчо а ловш хилар хьуна дагадеъча, хьайл гIийла, хьайчул халчу хьолехь долу адамаш тIехь ахь ойла йича. ТIаьххьара кхин цхьа хIума а билгал дан деза: нагахь санна ахь болх бечу меттехь зударшна бен хьо гуш яцахь, хьуна къилахь дац коьртахь йовлакх ца лелор а, йа масала пхьаьрсаш гуш долу духар лелор а. Ас даггара доьху къинхетаман да волчу АллахIе, Цо хьан дахар атта дар а, Цо хьан рицкъанах хьуна беркат дар а, Цо Ша реза волу некъ хьуна гайтар а! Ткъа хьо хьой кIад ма ло Деле дехарх, Цуьнга доIа дарх, Деле дуьненан аьтту бехар иэхь дац хьуна. Ткъа гIолий хуург сийлахь АллахI ву!
|