|
|
|
Ассаламу Iалайкум! Цхьа ши-кхо шо хьалха сан накъоста суна хьалха свитер ийцира хIумнаш лечIкъош волчу стагера 20 евро а делла. ТIаккха цо иза суна кочайоьллира, аса ца еза суна боххушехь. Таханлера де кхаччалца эцца цхьанхьа чохь Iуьллаш ю иза, цкъа аса тIейоьхна а яц, йа юхур йолуш а йац. Оцу свитер тIехь 120 евро мах бара лаьтташ, муххане а еза ю-кх иза. ДIакхосса кхоам хета, амма айса, йа сан доьзалло пайда оьцуш яц, и болх лелош дац тхо и хьарам хеташ. Сан хаттар: Гергарчу нахана, масала, вешина, йа кхечунна дIаяла мегар дуй иза, йа дIакхосса еза иза? ДжазакаллахIу хайран! Вассаламу Iалейкум ва рахьматуллахI!
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Лачкъийна хIума иэцар хьарам ду, мегаш дац, вай иза билгалдира хьалха хIокху жоьпехь: Лачкъийна хIума иэцар. Ткъа ахь цо хьайна елла йолу и хIума ца лелор хьан ийман а, хьан бусалбалла а дика хиларх ду, Дала хьо кхин а чIогIа чIагIвойла Шех тешар тIехь, Дала вайна массарна а гIо дойла Шена муьтIахь хиларна тIехь. Амма ахь цунах дан дезарг… Нагахь санна иза ахь хьайна еллачуьнга дIаелча, цо иза ша эцначуьнга дIа елла, тIаккха оцу лачкъийначо Делах а кхийрина, и хIума шен дега юхаерзор елахь – уггар хьалха дан дезарг и ду. Амма нагахь санна ахь иза дIаелча а цара иза шен дега юхаерзор яцахь, ахь хьайн вешина, йа гергарчунна дIаяла мегар ду иза. Нагахь санна хьо иза дIаялагIерташ верг цуьнга чIогIа хьашт долуш вацахь – масала ша шена иза иэцалур йолуш велахь – цуьнчал а чIогIа хьашт долчунна елча кхин а дика хила мега, масала Делан некъахь къахьоьгуш хилар бахьана долуш ша-шена рицкъа даккха йиш йоцуш волчунна.
Ткъа дика хууш верг АллахI ву!
|