Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум!

ХIусум-ненаца цуьнан хьайд (менструаци) йолуш заманна вижар-гIаттар динехь, йа вижар-гIаттар дечу заманчохь цуьнан и цIий дала доладеллашехь саца ца сецнехь – цуьнан бекхам муха бу? Юккъера там мах бохуш хIума дуй цигахь?
Дала диканца бекхам бойла.

 

Жоп:

БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

«Вижар-гIаттар» бохучу дешнех со кхеташ дерг майрачуьнан а, зудчуьнан а бехкеметтигаш вовшах кхетачу кепара цаьршинна юкъахь эвхьаза гIуллакх хилар ду. Нагахь санна хьуна оцу дешнех лууш долу иза а доцуш, хьайд долуш йолчу зудчуьнца цхьана меттахь дIавижар делахь – иза мегаш хIума ду. Нагахь санна хьуна цу дешнех лууш долу маьIна эвхьаза гIуллакх хилийтар делахь...

Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Хьуна хаийла, хьайд долчу зудчуьнца эвхьаза гIуллакх хилийтар масех декъехь ду. Церах цхьаъ – цуьнан бехкеметтигца эвхьаза гIуллакх хилийтар ду. Иза хьарам ду массо бусалба нехан барт хиларца, Къуръан тIера аятца а, нийсачу Суннатца а. Вайн Iелам-наха аьлла: «Нагахь санна бусалба стаг, хьайд долчу зудчуьнан бехкеметтиге эвхьаза гIуллакх хилийтар хьанал ду аьлла тешна хилахь, иза керста хуьлу, бусалба динах юхаваьлла хуьлу».

Ткъа и хьанал ду аьлла хеташ а воцуш, стага и гIуллакх хилийтахь: нагахь санна иза вицвелла хиллехь, йа цуьнан хьайд хилар ца хууш хиллехь, йа иза хьарам хилар ца девзаш хиллехь, йа цуьнга и хIума лаамаза нуьцкъах дайтинехь – къа дац цунна тIехь, йа гIуда а дац.

Амма нагахь санна цо цуьнца эвхьаза гIуллакх хилийтинехь, шена лаа лууш, хьайд хилар а, хьарам хилар а хаа хууш, шен лаамца а долуш – цуьнгара йоккха Iесалла яьлла, Имам ШафиIийс иза доккха къа ду аьлла билгалдина а ду. Цунна тIедужу тоба дар. Ткъа гIуда дала дезаран хьокъехь Имам ШафиIийс аьлла ши дош ду, цаьршинах нийса дерг а, тIаьххьара дерг а – цо гIуда дала дезаш ца хилар ду. Иштта аьлла Малика а, Абу Хьанифата а, иштта ду Ахьмадан шина дашахь цхьаъ а, и ду дукхах болчу хьалхалера Iелам-наха аьлларг а. ... ШолгIа дош – цо гIуда дала дезаш хилар ду, ткъа и дош гIийла дерг а ду, шираниг а ду. Иза дийцина ду Ибн Iаббасера а, Ал-Хьасан Ал-Басрийгара а, Джубайран кIантера СаIидера а, Къата́дера а, Авза́Iийгара а, Исхьа́къера а, Ахьмадан шина дашах цхьаъ а ду иза. ... Ткъа нийса дерг – гIуда дала дезаш ца хилар ду».[1]

Цигара схьа девза вайна хьан доьххьаралера хаттарна жоп: хьайд долуш йолчу зудчуьнца эвхьаза юкъаметтиг хилийтар хьарам ду, иза доккха къа а ду, и къа латийначо тоба дан а деза. Цхьаболчу Iелам-наха тоба дарца цхьаьне гIуда а дала деза аьлла, делахь а нийса дерг иза далар важиб ца хилар ду. И доцург кхин совнаха хIумма дац цунна тIедужуш.

Амма хьайд долуш йолчу зудчуьнца эвхьаза юкъаметтиг хилийтича там-мах бухий аьлча – иза бухуш хилар шариIатехь деана дац, иштта и гIуллакх хилар бахьана долуш там-мах бухуш бац.

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

30.08.2009

 


[1] Имам Ан-Нававий, «Шархь сахьихь Муслим», 3/204-205.