Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум! Хьанал рицкъа даккхар а, хьарам долчух ларвала везар а муха дуьйцу хьадисашкахь?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

Хьанал рицкъ лахар а, хьанал рицкъ даккхар а бусалба стеган декхар ду. «Хьанал рицкъ лахар важиб ду» - аьлла долу хьадис гIийла хьадис делахь а, маьIна нийса ду оцу хьадисан. Иза нийса хилар гойту, хьарам рицкъанах ларвала везар дуьйцучу хьадисаша.

Маттаца хилла а ца Iаш, нахана юкъахь дозаллаш дарца хилла а ца Iаш баккъалла а волу бусалба стаг хьожуш хила веза шен даьхни шена стенгара долу, цхьа сом бен иза дацахь а, баьпкан юьхик бен иза яцахь а, хIунда аьлча мел жима делахь а цунах лаьцна хаттам бийр болуш бу, мел жима делахь а хьарам даьхни тIаьхьло вон йолуш ду. Вайн Пахамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Делан лайн ши ког къемат дийнахь меттах дIа бер бац, диъ хIуманах лаьцна цуьнга хаттам баллалц: цуьнан оьмарх лаьцна – хIун деш яйъира цо иза, цуьнан жималлех лаьцна – хIун деш дIаяхийтира цо иза, цуьнан даьхних (ахчанах) лаьцна – стенгара даьккхинера цо иза, стенга дIа а хьажийнера цо иза, цуьнан Iилманах а лаьцна – хIун Iамал йира цо цуьнца».[1]

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла, шен асхьабана КаIбана – Дела реза хуьлда цунна – хьехар деш: «… кхин а хIай КаIб, хьарам долчунна тIехь кхиъна долу дилха а, цIий а ялсамани гIур дац хьуна, жоьжахатин цIарца хьалхе ю хьуна цунна».[2]

Абу Бакара – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Хьарам долчуьнца дузийна долу дегI ялсамани гIур дац».[3]

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – вийцина хьарамца вехаш волу стаг иштта: «…беха некъ бо цо (Iибадат деш), (и бахьана долуш) хьирчина месаш а, духар а долуш хуьлу цуьнан, ченах вуьзна а хуьлу иза, шен ши куьг стигала хьала а айдой, доьху цо – «ХIай сан Дела! ХIай сан Дела!» - бохуш, ткъа цуьнан даар а хьарам долчух ду, цуьнан малар а хьарам долчух ду, цуьнан духар а хьарам долчух ду, хьарам долчуьнца кхаьбна а ву иза. Ткъа хIун аьлла лур ду цунна (и санна волчуьнан доIийна) жоп?!».[4] Стага мел дукха Iибадат дарх, и Iибадат деш цо мел къахьегарх – лар тIехь дуьйхина духар а доцуш, йа садаIар а доцуш – хьарам хIуманца цуьнан дахар делахь доIийна жоп лур дац цунна Дала. И ду оцу хьадисан маьIна.

Хьарам долчу даьхних сагIа делча а, йа шен гергарло чIагIдича а, йа цо иза гIазотана делча а, муьлхха агIор цо иза хьовзорах мел хир бац цунна, муххале а, жоьжахати хир ю цунна цунах. Делан Элчанера – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – схьадеана масех хьадис ду цунах лаьцна:

«Хьарам даьхни гул а дина, тIаккха цо иза сагIийна лахь, мел хир бац цунна цунах, цуьнан мохь а буьсур бу цунна тIехь».[5]

«Хьарам долчух даьхни а даьккхина, тIаккха цуьнца цо лай паргIат ваккхича а, цо цуьнца шен гергарчаьрца гергарло чIагIдича а, иза мохь хилла тIедужур ду цунна».[6]

«Къа долчух цхьамма даьхни даьккхича, тIаккха цо цуьнца шен гергарло чIагIдича, йа иза сагIийна делча, йа иза гIазотана Делан некъахь дIаделча, иза дерриге цхьаьне схьа а гулдина цуьнца жоьжахати чукхуссур ву иза».[7]

 

Бусалба стаг ларвала веза цундела, хьарам дерг атта дара аьлла цунах Iехаваларх а, «кхин дан хIума дац» аьлла цунна тIеверзарх а. Хьарам даьхни доккхучо иза ша-шена диъна ца Iаш, шен доьзална а даадо, цундела цуьнан зуда а, бераш а хьарам долчух кхуьуш хуьлу.

Хьанал дерг каро а, лаха а, даккха а цхьайолчу хенахь хала хила а мега, делахь а, баккъалла а АллахIах кхийринчунна Цо цхьана агIор некъ лур бу, цхьа паргIато а лур ю. Амма АллахIа ша халонца зуьйчу хенахь са ца тохаделларг АллахIан кхоччуш лай ву ала а, бусалба ву ала а юьхь йолуш вац нахана хьалха. Цундела, хьанал дерг лохуш бахьанаш а лелош, АллахIе доIа дан деза - «Йа АллахI! Айхьа хьанал динчуьнца тоам бехьа суна Айхьа хьарам динчунна тIекховдарх» - аьлла.


 

 

 


[1] БайхIакъий; Ал-Мунзирий – Ал-Албани, «Сохьихьут-ТаргIиби ват-ТархIиб».

[2] Тирмизи, Ибн Хьиббан.

[3] Ал-Мунзирий – Ал-Албани, «Сохьихьут-ТаргIиби ват-ТархIиб».

[4] Муслим, Ахьмад.

[5] Ал-Мунзирий – Ал-Албани, «Сохьихьут-ТаргIиби ват-ТархIиб».

[6] Уьзза жайна.

[7] Уьзза жайна.