Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум! Вай цIахь олуш цхьа хIума ду-кх, «хьам баьккхина суна» олий (веллачу стага). Иза муха ду вайн бусалба динчохь?

Ассаламу Iалайкум! Хьам баккхар хIун ду? Хьам – иза веллачу стага дина волчу стагана хаам бар, я Iазап дар ду бах цхьа болчара. Масала, корт лаз балар, я дегI дика доцуш хилар. ШариIатехь хIуммаъ дуй цунах лаьцна. Дела реза хуьлда жоп деллачунна.

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

ШолгIачу хаттарехь ма-довзийттара, и хIума олуш хезначу нахе хаьттича, «хьам баккхар» бохучуьнан жамI а, маьIна а - веллачу стага дийначунна Iаткъам бар ду. Нагахь санна цуьнан маьIна а, жамI а и делахь - бусалба динехь цхьа а тоьшалла долуш хIума дац иза, йа динера цхьа а бух болуш кхетам а бац иза. Иштта хилла ца Iаш, харц кхетам а, мегаш боцу кхетам а хила а тарло иза. Масала, цхьацца нах бу, беллачу дикачу наха дуьне леладо бохуш, малх-бутт а лелабо бохуш, стигал-латта а леладо бохуш, йокхуна-йочуна а хуьлуьйту бохуш, баккъалла а цунах теша а тешаш. Ткъа иштта болу кхетам – АллахIан бен хила йиш а йоцу, хила хьакъ а доцу гIуллакхаш а, белхаш а Цо кхоьллинчу нехан керахь ду моттар ду, АллахIан паччахьаллин декъах цхьа дакъа цу нахана далар ду. Беллачу наха лелош дац и гIуллакхаш, йа церан керахь а дац и белхаш. АллахIа Ша Шен керахь ду бах уьш.

(Ахь ала (хIай Мухьаммад): мила ву шуна рицкъ луш верг стиглара а, лаьттара а? Йа хазар а, бIаьрса а хьена керахь ду? Йа еллачу хIумнах дийнаниг кхуллуш верг а, дийначух елла хIума еш верг а мила ву? Йа (массо) хIума лелош верг мила ву? Цара эр ду хьуна: АллахI ву; ахь (цаьрга) ала: ткъа (Цунах) кхера ца кхоьру шу?)[1]

(Цуьнан (керахь) ду кхоллар а, болх а; сийлахь-беркате хили АллахI, Iаламийн Эла) [2]

Оцу айаташкахь АллахIа довзуьйту вайна, рицкъа далар а, хазар а, бIаьрса а, адам далийтар–дендар а, кхоллар а Шегахь цхьаьнгахь хилар. Цо довзуьйту вайна, дерриге гIуллакх лелош верг а, стигланий а, лаьттанийн а, Ша кхоьллинчу массо хIуманан а болх Шен керахь хилар, Ша лелош хилар, Шен омрунца и болх хуьлуш хилар.

Цундела, АллахIера цхьа а тешалла а доцуш, беллачу наха дуьненан а, стигланан а белхашна Iаткъам бо боху кхетам а, веллачу стага дийначунна цамгарца а, вочу хIуманца а Iаткъам бо боху кхетам цхьана могIарера бу, цхьа жамI долуш бу, цундела и шиъ ший а мегаш бац.

 

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.

 

 


[1] Сурат «Йунус» 31 айат.

[2] Сурат «Ал-АIраф» 54 айат.