Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум!
Хьаьжа-цIа вахча къинойх цIанло олуш хеззера суна, кхечунна меттана вахча цIанлуш верг мила ву царех?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Доьххьара билгал дан деза, кхечунна тIера хьадж дан лууш верг цкъа доьххьара шена тIера хьадж дина хила везар. Нагахь санна иза шен фард хьадж тIерадаьккхина вацахь, цо кхечунна тIера хьадж дар нийса ца хуьлу.

Имам Аш-Шийро́зийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Шена тIера хьадж дина воцучо кхечунна тIера хьадж дийр дац, хIунда аьлча IабдуллахI ибн Iабба́са – Дела реза хуьлда цаьршинна – дийцина хьадис долу дела, Делан Элчанна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хезира аьлла, цхьана стага олуш: «Ас хьадж доьхку Шубруматана тIера». ТIаккха цо хаьттира цуьнга: «Хьайна тIера диний ахь хьадж?». Цо жоп делира: «ХIан-хIа». ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира цуьнга: «Делахь цкъа хьайна тIера хьадж де, тIаккха Шубруматана тIера хьадж де».[1]

 

Амма ахь хоьттучух лаьцна аьлча, Дала мукъа лахь, Делан къинхетамца шинне а мел хир бу цаьршинна.

IабдуллахI ибн Iаббаса – Дела реза хуьлда цаьршинна – дийцина, цхьана зудчо Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Сан нанас чIагIо йинера хьадж дан, иза дале хьалха йалар нисделла цуьнан, цунна тIера хьадж дан мегар дуй ас?». Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – жоп делла цунна: «Хьадж де цунна тIера. Хьайн нанна тIехь (нехан) декхар делхьара, иза токхур ма дара ахь, дарий?! АллахI декхар а тIерадаккха аш, бакъдолуш АллахI массарел хьалха Шен декхар дIакхачо дезарг ву!»[2]

Кхин а дийцина цо – Дела реза хуьлда цунна – цхьана зудчо Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хаьттина хиллера аьлла: «АллахIа Шен лайшна хьадж парз (важиб) дечу хенахь сан да къена воккха-стаг вара, говрахь-эмкалхь сацалур воцуш. Цунна тIера хьадж дан мегар дуй ас?». Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – жоп делла цунна: «ХIаъ (де́)».[3]

Кхечу хьадисехь деана ду: «Цхьана стага шен дена-нанна тIера хьадж дича, (иза) къобал дийр ду цуьнгара а, цаьршингара а, стиглахь долчу цаьршинан шина синна хаза а хетар ду иза».[4] ХIокху дешнийн - «къобал дийр ду цуьнгара а, цаьршингара а» - маьIна Имам Ал-Мунна́вийс – Дала къинхетам бойла цунах – иштта до: «И хьадж дарна мел лур бу цунна а, цаьршинна а. Ша шена хьадж дича санна мел язбийр бу цунна а, цаьршинна а».[5]

Цу хьокъехь Iелам-наха аьллачуьнга вай хьевсича, иштта дешнаш карадо вайна:

- «Цкъа ша́ шена тIера хьадж динчул тIаьхьа адамо кхечунна тIера хьадж дар деза ду цо шена тIера хьадж дарал. ХIунда цо дийриг кхечунна а пайда хуьлу гIулкх ду, ткъа иштта гIулкх шенна пайда а хилла дуьссучул гIолий ду».[6]

- «Веллачуьнан меттана мах ца оьцуш хьадж деш волчунна хьаджан мел хир бу. Абу Давуда аьлла «Имам Ахьмадан хаттарш» жайни тIехь: «Суна хезира цхьана стага Имам Ахьмаде хоттуш: «Сайн нанна тIера хьадж дан лууш ву со. Суна а хьадж дича санна мел хиларга догдохий ахь (хир бу аьлла хетий хьуна)?» Цо жоп делла: «ХIаъ. Цунна тIехь хилла долу декхар тIерадоккхуш ма ву хьо». Чекхдели Абу Давуда аьлларг.

ТIабаранийс «Ал-АвсатI» тIехь Абу ХIурайратера схьа – Дела реза хуьлда цунна – дийцинчу хIокху хьадисан доьххьала дIа гуш долу маьIна а ду иза: «Веллачунна тIера хьадж динчунна мел хир бу оцу веллачунна санна…».[7]

- «Нагахь санна кхечунна тIера хьадж дан воьдучо мах схьаэцаран бахьана дуьненан доьхьа бен ца хиллехь, чIогIа боккха кхерам бу цунна цунах, цуьнан и хьадж къобал ца хила кхерам а бу цунна, хIунда аьлча цо эхарт тIаьхьа а теттина, дуьне хьалхадаьккхина дела. Амма нагахь санна цо и мах схьаэцаран бахьана АллахIера ял езар хиллехь, шен вешина тIера хьадж дарца цунна пайда бар хиллехь, хьаджан тайп-тайпана Iибадаташкахь бусалба нахаца да́къа ла́ца лаар хиллехь, тIаваф даран а, Хьарам-маьждигехь ламазаш даран а, Iилманан гуламашкахь пайда иэцаран а мел безар хиллехь, иза дукха доккхачу диканца ву, цо шена тIера хьадж дина волчунна санна мел хиларга догдохийла а ю цунна».[8]

- «Веллачунна тIера цхьамма хьадж дича, оцу хьадджан мел цунна дIакхочур а бу, цунна цунах пайда а хир бу, шегахь долчу диканна тIе кхин а совнаха дика тIекхетар а ду цунна».[9]

Бакъду, кхечунна тIера хьадж деш волчунна хир болу мел цуьнан ниййатах боьзна бу, и деза Iибадат дарехь цуьнан ниййат цIена мел хили алсам хир бу цунна мел, цуьнан ниййатца дуьненан хIуманаш алсам мел дийли кIеззиг а хир бу цунна мел.

Амма цаьршиннах муьлхарчуьнан къиношна гечдо бохург – цу хьокъехь билггал айат а, хьадис а дац, цундела цхьаболчу Iелам-наха цаьршинан шинне къиношна гечдо аьлла, цхьаболчара иза вайна девзаш хIума дац аьлла. Ткъа АллахIан къинхетам боккха бу, Цуьнца йолу ойла даим дика хилар хIора бусалба стеган декхар а ду, цундела дикачуьнга дог а дохуш, къиношна гечдар доьхуш даггара доIа дан деза шена а, ша хьадж деш волчунна а.

 

Ткъа гIолий хуург сийлахь АллахI ву.

 

20.10.2008  


 

[1] Имам Аш-Ши́ро́зий, «Ал-МухIаззаб», 1\199. Хьадис дийцина ШафиIийс а, Абу Давуда а, Ибн Маджас а, кхечара а.

[2] Бухарий, Муслим.

[3] Бухарий, Муслим.

[4] Да́ракъутIний.

[5] «Файдул-Къади́р», 1\422, Имам Ал-Мунна́вий.

[6] «Фатава Ал-АзхIар», 1\182.

[7] «Фатава ва Росаил Аш-Шайх Мухьаммад ибн ИброхIим», 5\184.

[8] «Фатава ТатаIаллакъу Биахькамил-Хьадджи вал-IумрахI», 72, Шейх Ибн Баз.

[9] «Фатава Аш-Шабакатил-ИсламиййахI», 7\672.