Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Лараме бусулба ваша, бакъалла дукху хIума хуьлу динех лаьцна деша вола велча, хатта дезаш, со воцург дукху хила тарло хьоьга йаз еш. Делахь, АллахIа диканца бекхам бойла хьуна, тхан хаттаршна жоп луш волчу. 

Хьадисаш юкъахь карийна суна и цхьа хьадис, и нийса дуй хаа лууш вара со! Сайна гинарг, кхечуьнга хотту ас, мацам нийса олий-те аьлла. Цундела ахь сан хаттарна тIе тидам бахийтича, доккха совгIат хуьлу суна хьоьгара. И ас буха сиз хьаькхначух дика ца кхета со, маттаца далош санна со кхетар волуш язйан лур ярий хьоьга?

Ларамца Хьусайн.

«Пхьуьйра-ламаз диначул тIаьхьа къамелаш дар дика цахилар

……

1748. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) тхо пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьоьжуш Iийра. Буьйса юккъе гергга яханачул тIаьхьа, тхо долучу схьа а веана, тхоьца цхьаьна (пхьуьйра) ламаз дира цо. Цул тIаьхьа тхуна хутIба деша воьллачу цо элира: «Боккъалаъ, (биссиначу берриге) наха ламазаш дина, цул тIаьхьа дIа а бийшина уьш, ткъа шу, ламаз дIадоладалале, хьоьжуш (яьккхиначу оцу ерриге) хенахь хаддаза ламазехь лаьттина» (Бухари: 572, Муслим: 640)»

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Дала диканца бекхам бойла хьуна а!

ХIара ахь далийна долу хьадисаш Имам Нававийн «Рийа́дус-со́лихьи́н» жайни тIера ду. И ахь буха сиз хьаькхна долу хьадис нийса ду, иза гочдинчо ма-аллара Бухарийс дийцина ду иза.

Ткъа вай цуьнан маьIна дан гIоьртар ду, хьадисехь деана долу дешнаш дийцина ца Iаш, хьуна кхета атта хилийта.

Цкъа цхьана буьйсанна Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) дикка хьевелла хилла, буьйса юккъе йаххалц, пхьуьйра ламаз дан маьждиг чу схьа ца вогIуш. ТIаккха цхьаболу асхьабаш иза схьаваллалц цуьнга хьоьжуш собар деш маьждиг чохь Iийна хилла, пхьуьйра ламаз цуьнца жамаIатехь дархьама. Цхьадолчу хьадисашкахь царна набарш озийна хиллера аьлла а деана ду. ТIаккха ша́ маьждиге схьавеъча, цаьрца ламаз а дина, тIаккха аьлла цаьрга Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна): шу доцурш, кхиболу нах хьалххе шайн ламазаш а дина дIабуьйшина. Ткъа шу со схьаваллалц собар деш Iийна, пхьуьйра ламаз соьца жамаIатехь дархьама. Аш иштта оцу ламазе хьоьжуш собар деш яьккхина йолу хан Дала шуна ламаз деш яьккхича санна лорур ю. Ламаз даре хьоьжуш аш яьккхина йолу хан – шу ламаз деш долуш аш яьккхича санна лорур ду шуна иза Дала, цундела, цу ерриге хенахь аш ламаз дича санна ме́л лур бу шуна Дала, оцу хена чохь аш ламаз дина дацахь а.

Иштта и маьIна ду оцу хьадисан. Масала, ламаз хан хилале маьждиг чу вахана, ламаз даллалц ахь цу чохь хан яьккхича, цу хена чохь ахь ламаз дича санна ме́л бу хьуна. Ткъа ахь баккъалла а ламаз дахь – кхин а дукха мел бу хьуна.

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

01.05.2011 = ‏27‏.05‏.1432