Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум!
Дала диканца бекхам бойла хьуна!!! Сан хаттар "ахьад" хьадисех лаьцна ду, оцу хьадисех лаьцна ахь суна кхетам белча, ахьа суна дийриг доккха накъосталла дара.

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Дешан маьIна:

«А́хьа́д» бохург Iаьрбийн маттахь «ва́хьид» бохучу дешан дукхаллин терахь ду, «ва́хьид» бохучу дешан маьIна «цхьаъ» бохург ду. 

Бертадешан маьIна:

«А́хьа́д» хьадисаш бохучу дешан «цхьаццамма дийцина» хьадисаш аьлла маьIна даккха мегар ду. Ткъа и бохург хIун ду?

Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла долу дешнаш вайга схьакхачеран некъахь уггар хьалха лаьттарш асхьабаш бу. Царна хезна доьххьара Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дешнаш олуш. ТIаккха цара шайна хезна долу дешнаш вовшашна а дийцина, тIекхуьучу керла чIурана а дийцина, Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – веллачул тIаьхьа. Оцу керла чIурах «та́биIу́н» олу, цуьнан маьIна «тIаьхьабогIурш» ду. Асхьабаш ган а гина, цаьргара Iилма а, хьадисаш а схьаэцна болчу нахах олуш ду и «та́биIу́н». Иштта, асхьабаша шайна хезна долу хьадисаш оцу табиIу́нашка дийцина.

ТIаккха, асхьабаш беллачул тIаьхьа, оцу табиIунаша шайна цаьргара хезна долу хьадисаш шайл тIаьхьа богIучаьрга дийцина, иза кхоалгIа чIор хуьлу хьадис дийцарехь.

ТIаккха цара шайна та́биIу́нашкара хезнарг шайл тIаьхьа богIучаьрга дийцина. Иштта, масех чIор юкъахь а нислуш, Имам Бухарийга а, Муслиме а, кхечаьрга а кхаьчна и хьадисаш. Масала, Имам Маликна а, Пайхамарна а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – юкъахь ши чIор ду: На́фиI – Ибн Iумар. Вуьшта аьлча, Имам Малика дийцинчу цхьадолчу хьадисийн «исна́д» иштта ду: Имам Ма́лик – На́фиI – Ибн Iумар – Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна). Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьаъ олуш Ибн Iумарна хезна, Ибн Iумар асхьабех ву; Ибн Iумара и шена хезнарг На́фиIе дийцина, На́фиI та́биIий ву; На́фиIа и шена Ибн Iумарера хезнарг Ма́лике дийцина. Имам Малика тIаккха иза шен «Ал-МуваттIаъ» жайни тIехь дIаяздина, шеца Iилма Iамийначу шен мутаIеламашна дIа а дийцина, масал далийча церах цхьаъ Имам ШафиIий а хилла.

Иза вайга хьадис кхачаран некъан масал а, куц-кеп а дара.

Цул тIаьхьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла долу дош дуккха асхьабаша дийцича, масала итт, ткъа, ткъеитт асхьаба, тIаккха цаьргара схьа уьзза дош дуккха табиIу́наша дийцича, тIаккха церал тIаьхьа долчу чIуро цаьргара схьа уьзза дош иштта дукхаллийца дийцича, кхидIа а и дош иштта дукхаллийца дуьцуш уммат юкъахь даьржича, цунах «мутава́тир хьадис» хьадис олу. «Мутава́тир хьадис» бохург вайн матте «дуккхаммо дуккхангара дийцина хьадис» аьлла даккха мегар ду, йа «дуккхаммо шаьш санна болчаьргара дийцинарг» ала мегар ду.

Ткъа, «мутава́тир» доцу хьадис дерриге «а́хьа́д хьадис» лоруш ду. Масала, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьа дешнаш олуш цхьана асхьабана бен ца хезна, йа шинна бен ца хезна, йа кхаанна бен ца хезна, йа вуьшта аьлча дуккха асхьабашна ца хезна. Ткъа оцу цхьана асхьаба, йа шиммо, йа кхааммо и шайна хезнарг дуккха а табиIунашка дийцина, масала ткъеитт та́биIийга. ТIаккха цара и дешнаш кхидIа а дуккханга дийцинга. Цунах «а́хьа́д хьадис» олуш, хIунда аьлча и хьадис дийцинчу доьххьаралера чIура юкъахь йа цхьаъ, йа шиъ, йа кхоъ бен асхьаб вац. ХIунда аьлча, и хьадис цхьана асхьаба, йа шимма, йа кхаамма бен дийцина ца хилча, иснад юкъара асхьабийн чIор цу хьолехь дуккха а ларалуш дац, цундела дуккхаммо дуккхангара дийцина ца хуьлу иза. Иштта хила йиш ю иза кхидолчу чIу́раца а, масала Пайхамарера – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дуккха асхьабаша дийцина иза, цаьргара схьа а дуккха табиIунаша дийцина иза, делахь оцу табиIунашкара схьа кхечарна иза дийцинарг ши-кхо стаг бен вац, цундела иза «а́хьа́д хьадис» лоруш ду.

Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъола́нийс – Дала къинхетам бойла цунах – хьадис вайга схьакхачаран некъаш билгалдеш, аьлла: «Хьадисан (1) масийтта (дуккха) некъаш хила йиш ю, шайн цхьа билггал терахь доцуш; (2) йа цхьа билггал терахь а долуш, шиннал сов долу некъаш хила йиш ю (масала биъ некъ, йа пхиъ); (3) йа ши некъ хила йиш ю; (4) йа цхьа некъ хила йиш ю. Доьххьаралера хьадис «мутава́тир» ду, шен билламашца билггал долу Iилма луш долу; шолгIаниг – «машхIур» (гIарадаьлларг) ду ...; кхоалгIаниг – «Iази́з» (мехала дерг) ду, ...; доьалгIаниг - «гIари́б» (тамшийна, йа, ша цхьаъ дерг) ду. Ткъа, доьххьаралераниг доцург, уьш дерриге «а́хьа́д» хьадисаш ду».[1]

Кхачам боллуш, хьо кхетар волчу кепара яздина хиларга догдоху ас.

21.07.2009


 

[1] Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъола́ний, «Нухбатул-Фикар».