Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум!

Сан цIе Мадина ю. Шух (сайтан администрацих) хIокха кехаташна жоп луш верг мила ву ца хааре терра, цIе яккхар доцуш эра ду аса.

Цхьацца хаттарш хир дара сан шуьга, царна кхочуш жоп дала йиш йолуш шу далахь,
и жоп аш делча-а хаза хетар дара.

Цхьа хьадис гинера суна, Пайхамара (СаллаллахIу IалайхIи ва саллам) дийцина аьлла:

Кхо тоба ю Iаршан IиндагIа кIел хир йолуш, кхи IиндагI доцучу дийнахь, оцу Iаьршан IиндагI бе:
1. Iедале болу имамаш-а,
2. ламаза хенаш ларйинарш-а, ламазана кхойкхуш хилларш-а,
3. хIора дийнахь Къуръана 200 аят доьшаш хилларш-а. Ясинан 80 аят, аль-Мулькан 30 аят, ан-Набаъ 40 аят, аль-ВакъиIатан 95 аят (уьш дерриге-а 245 аят). И аяташ ламазашна тIехь доьшуш хилла болу нах, барт хаттам а боцуш ялсамана гIур бу аьлла, къемата де даллалца церан дакъа-а дахкалур дац аьлла.

ШолгIа хьадис ду, IабдуллахI ибн МасIуда аьлла ду бохуш: Пайхамара (СаллаллахIу IалайхIи ва саллам) дийцинера аьлла, хIора буса сурат аль-ВакъиIат дешна волчу стагана дуьненчохь мел веха къоьла хира яц, цхьа-а эшам боцуш вехар ву иза аьлла.

И хьадисаш нийса (бакъ) дуй?

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

1. Амма доьххьаралера хьадис – оцу кепара дешнаш долуш хьадис ца карийра суна.

Нийсо еш хилла волу паччахь (ахь «Iедале болу имамаш» элира церах хьайн хаттар юкъахь) Бухарийс а, Муслима а дийцинчу гIарадаьлла девзаш долчу хьадисехь хьахийна ву, Къемат дийнахь АллахIан Iаршан IиндагIехь хир волчу ворхIаннах цхьаъ ву аьлла.

Ламазе кхойкхуш хилларш (моллалла кхойкхурш, азан дийриш) – уьш Iаршан IиндагIехь хир бу аьлла деана хьадис ду, делахь а и хьадис чIогIа гIийла хьадис ду аьлла Имам Аз-Зуркъо́нийс.[1]

И Къуръанан айаташ (йа сураташ) хIора дийнахь доьшуш хилларш Iаршан IиндагIехь хир бу аьлла дерг ца карийра суна. Iаршан IиндагIехь хир болчерах лаьцна Имам СуютIийс яздина долчу шина жайни тIехь хьахийна а дац иза.

2. Амма шолгIа хьадис – иза гIийла хьадис ду аьлла Iеламнаха.[2] Делахь а, Iамал йаран дозалла дуьйцучахь гIийла хьадис дийца а, лело а мегаш долу дела, цхьаболчу Iеламнаха хьехийна а, дийцина а ду иза. Масала, иза иштта дийцинчерах ву Имам Нававий, шен «Ал-Азка́р» цIе йолчу жайни тIехь, Имам Ибнул-Къаййим а, «Ал-Ва́билус-соййиб» цIе йолчу жайни тIехь.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

02.03.2011 = ‏27‏.03‏.1432


 

[1] «Шархь аз-Зуркъоний Iалал-муваттIаъ», 4/548.

[2] Имам ал-Мунна́вий, «Файдул-къади́р шархьул-джа́миIиссогIи́р», 6/201; Шейх ал-Алба́ний, «Силсилатул-ахьа́ди́сид-даIи́фахI», 289 хьадис.