|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Европехь болчара шайна тIера гIурба де аьлла Египте ахча даийта мегий, цхьаъ векил веш и де?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Цхьаболчу Iеламнаха ца магадо цхьана махкахь волчо кхечу махкахь гIурба дейтар, иза мегаш дац аларна цхьацца бахьанаш а да́ло́ш. Масала, цара олу: цхьана махкарчу наха шайн гIурбанаш кхечу махкахь де́йтича, уьш бехачу махкахь гIурба дуьйш хир дац, цигахь гIурба де́р юкъара дIаде́р ду. Иштта кхин бахьанаш а дуьцу цара, шайна иза мегар дац аьлла хетарна, йа иза ца дар гIолий ду аьлла хетарна.[1] Цхьаболчу Iеламнаха, кхечу махкахь болчу бусалба нехан оцу гIурбанан жижиге алсам хьашт делахь мегар ду олу гIурба кхечу махкахь дейтар, масала кхечу махкара бусалба нахехь къелла алсам елахь, йа царна тIехIоьттина цхьа хало елахь (тIом, хи тIе далар, мохк бегор, и.кх.дI).[2] Ткъа кхечу Iеламнаха и хьашт хиларан биллам а ца хIоттош, мегаш ду олу иза.[3] Европера Фатван а, Iилманан талламан а Мажлисо бинчу сацам юкъахь деана ду: «Бусалба стага шен гIурба дейта кхиверг векал ван мегаш ду шариIатехь, и кхечу махкахь дуьйр хилчи а. Къаьсттина (чIагIло и мегаш хилар, нагахь санна) цу мехкашкара бусалба нах хьийзош белахь, йа хIоьттина мацалла елахь, йа чIогIа хьашт делахь».[4] ТIаккха, мегар ду олучу Iеламнаха, ца магош болчара далийначу бахьанашна жоьпаш ло, и бахьанаш даим кхочуш хуьлуш ца хуьлу олий, кхин а билггал тоьшалла (далил) дац олий, иза мегар дац аьлла деана, йа иза мегаш ца хилар гойтуш. Жимма хьалха хIара санна долчу хаттарна жоп лучу хенахь, иштта гIурба дейтар мегаш ду аьлла болчу Iеламнахана тIе а тевжина, кхечу махкахь волчо шена тIера гIурба дейта вайн цIахь цхьаъ векал ван мегар ду элира вай. ХIинца а уьзза жоп карладоккху вай: аренца волчо цIерачаьрга де́ ала а мегаш ду гIурба, йа вуьшта аьлча, цхьана махкахь волчо кхечу махкахь дейта а мегаш ду иза, Дала мукъа лахь. Ша́ иштта цхьаъ векал вечу хенахь, гIурба де́н ниййат дан деза, масала шен дагахь ала мегар ду: «ГIурба дейта ниййат ду сан, иза дейта векал во ас иза» аьлла. Къаьсттина чIогIа чIагIло иза мегаш хилар, кхечу махкарчу бусалба нахехь чIогIа хьашт делахь, жимма хьалха вай ма-аллара, царна хилла цхьа бохам белахь, йа церан къелла чIогIа йоккха елахь, йа иштта цхьа кхин бахьана делахь. ГIийлаллехь бохкучу бусалба нахана вуно чIогIа хазахетар ду, шайна гина а боцучу шайн бусалба вежарша а, йижарша а шайна гIо дича. Бусалба вежаралла чIагIдалар хир ду цуьнца, гIийлачунна гIо дар хир ду, кхечуьнан бала кхачар хир ду, хьалха даккха деза хIума хьалха даккхар а хир ду, ткъа цхьайолчу меттигашкахь совдолуш долу жижиг эрна да́н ца дар (исраф ца дар) а хир ду цуьнца. Иштта дуккха пайданаш ду цуьнца. Цигара схьа девза вайна оцу хаттарна жоп: европехь бехачу бусалба нехан лаам хилахь шайн гIурбанаш дайъа Египтехь болу мутаIеламаш векалш бан – иза мегар ду, Дала мукъа лахь, церан гIурба дер нийса а хир ду. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 09.11.2010 = 1431.12.03 [1] И хIума ца дар гIолий ду, йа мегаш ца хиларна герга ду аьллачерах ву Шейх Ибн Iусаймийн. Бакъду, ша́ цкъа цхьанна жоп лучу хенахь, «хьайн доьзал кхечу махкахь белахь, мегар ду ахь цаьрга гIурба дейта царна ахча дахьийта» - аьлла делла жоп а ду цуьнан. [2] Иштта аьллачерах ву Шейх IабдуллахI ибн Джибрин а, Шейх Сулайман ал-Iалван а, кхиберш а. [3] Иштта аьллачу Iеламнахах ву шафиIийн мазхIабера Шейх Мухьаммад ибн Сулайман ал-Курдий а, кхиберш а. «Хьашийату иIанатит-тIолибин», Абу Бакр ад-Думйа́тIий, 2/335. [4] Шейх IабдуллахI ибн БаййахI, «СинаIатул-фатва ва фикъхIул-акъаллиййат», 135 агIо.
| КхидIа |