|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум!
ГIурбанах лаьцна цхьа хIума
сайна билгалдаха лаар суна.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Урс хьакха хууш волчу борша стага шен гIурбанна урс ша́ шен куьйга хьакхар мелехь ду, хIунда аьлча Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) ша́ хьаькхна хилла шен гIурбанна урс.[1] Шена лаахь кхечуьнга хьакхийта а мегаш ду иза, хIунда аьлча хьадисехь деана долу дела, Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) ша йе́н кечйина хиллачу бIе эмкалх кхузткъе кхаанна ша́ шен куьга урс хьаькхира аьлла, йиссинчарна Iелига (Дела реза хуьлда цунна) хьакхийтира аьлла.[2] Ткъа, зудчо а, урс хьакха ца хууш волчу борша стага а, урс хьакхалур доцучу кепара гIийла волчу борша стага а кхечуьнга хьакхийтар гIолий ду; зудчо шена лаахь хьакха мегар дац бохург а дац иза. ГIурба кхечуьнга доьйтуш хилахь, иза дуьйчу хенахь гIурба доьйтург цунна уллохь хилар дика ду аьлла Iеламнаха. Нагахь санна уллохь хила ца лаахь, йа аьтту бацахь, гIалат хIума дац цуьнга хьожуш ца хилар, хIунда аьлча иза важиб доцу дела. Аренца волчо цIерачаьрга де́ ала а мегаш ду гIурба, йа вуьшта аьлча, цхьана махкахь волчо кхечу махкахь дейта а мегаш ду иза. Ша́ иштта цхьаъ векал вечу хенахь, гIурба де́н ниййат дан деза, масала шен дагахь ала мегар ду: «ГIурба дейта ниййат ду сан, иза дейта векал во ас иза» аьлла. ГIурбанан жижигах цхьадерг шена даар дика хIума ду аьлла Iеламнаха, делахь а важиб дац иза аьлла. ГIолий дерг иза дерриге сагIийна далар ду, цуьнан беркатан дакъа шена а кхачийтархьама цхьа кIеззиг шена а дитина. Иза дича дика дерг ду, ткъа вуьшта, шена луучо иза дерриге сагIийна дала а мегар ду, цхьаъа да́къа шена а ца дуьтуш, хIунда аьлча цуьнан беркат шех хьакхадалийтар важиб дац, дича дика долу хIума ду. Цундела, мегар ду ахь хьайн цIерачаьрга гIурба дейта а, хьайна цунах цхьаъа да́къа ца кхочуьйтуш дерриге дIасадекъа а. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 02.08.2010 = 22.08.1431
| КхидIа |