|
|
| Видео |
| Хьешан тептар |
| Кехат язде соьга |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Сан цхьа хаттар дара. Доьзалхо вина аьлла, йа цхьа кхидолу хазахетарца кхаъ баьккхича совгIат луш хуьлий, йа дала мегий бусалба динехь? Лардеш Iийр ву жоп даларе. Ларамца Рамзан.
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Къуръан тIехь (сурат «Юсуф») дийцар ду Якъуб пайхамарх (Делера маршалла хуьлда цунна) лаьцна. Шен кIант Юсуф (Делера маршалла хуьлда цунна) вайначул тIаьхьа, цунна сагатдина, дукха вилхина, бIаьрса дIадаьлла хилла цуьнан. ТIаккха Юсуфа шен вежаршка шен коч яийтина цунна, ша дийна вуй хоуьйтуш. Цуьнан коч йохьуш веана схьакхаьчначу цуьнан вешо кхаъ баьккхина Якъубе, Юсуф дийна ву аьлла. ТIаккха цуьнан коч цуьнан юьхь тIе тессина цо, тIаккха цунах бахьана а дина Дала цуьнан бIаьрса юхадерзийна цунна. Оцу айатан маьIна деш, цхьаболчу Iеламнаха дуьйцу, и шега кхаъ баьккхина волчуьнга Якъуба аьлла хиллера бохуш: «Хьуна кхаана йала хIумма а ца карайо суна, ворхI де ду оха хIокху хIусамехь бепиг даттаза. Делахь а, доIа дийр ду ас хьуна: «Дала валаран хало атта йойла хьуна!».[1] Иштта и дийцар дийцинчул тIаьхьа, Имам КъуртIубийс (Дала къинхетам бойла цунах) боху шен тафсир тIехь: «И доIа уггар даккхийчу совгIатех ду, луш долчу хIуманех уггар дезчерах ду. ХIокху айато гойтуш ду кхаъ баьккхича совгIаташ дала мегаш хилар».[2] Имам КъуртIубийс аьлла долу и дешнаш аьлла Шейх ВахIбат Зухьайлийс а (Дала Iалашвойла иза), КаIбах лаьцна долу хьадис а дуьйцуш: «Кхаъ баьккхинчунна бекхамана йала хIумма а карийна ца хилла шегахь Якъубана (Делера маршалла хуьлда цунна). Цундела доIа дина цо цунна, олуш: «Валаран хало атта йойла хьуна Дала». И доIа уггар даккхийчу совгIатех ду, луш долчу хIуманех уггар дезчерах ду. ХIокху айато гойтуш ду кхаъ баьккхича совгIаташ дала мегаш хилар. Маликан кIантах КаIбах лаьцна долчу хьадисехь а деана ду, цо элира аьлла: «Соьга кхаъ боккхуш суна хезна хилларг со волчу схьакхаьчначул тIаьхьа, сайна тIера сайн ши коч схьа а яьккхина, цунна тIеюьйхира ас и шиъ, цо сайна баьккхина болчу кхаана (цунна совгIат деш)».[3] Шейх ВахIбата дуьйцуш долу и хьадис Маликан кIанта КаIба тоба дарх лаьцна долу хьадис ду, Имам Бухарийс а, Муслима а дийцина ду. Табуке гIазоте ца воьдуш Мединатехь сецна хилла иза а, кхин цхьа масех асхьаб а. Шайгара даьллачу оцу гIалатана даггара дохкобевлла хилла уьш, делахь а шена АллахIера цхьа хаам баллалц Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) вистхуьлуш ца хилла цаьрга. ТIаккха цхьа хан яьлча, боккхачу сингаттамехь валлаш хилла волчу КаIбан тоба къобал деш айат доссийна АллахIа. И айат доьссича, КаIбе а, вукху асхьабашка а кхаъ баккха дIахьевдда асхьабаш. Ша волчу иштта и кхаъ бохьуш цхьа асхьаб варах лаьцна дуьйцуш ву КаIб оцу Шейх ВахIбата хьахийна долчу дешнашкахь. Имам Муслима дийцинчу хьадис юкъахь ду КаIбас (Дела реза хуьлда цунна) аьлла долу хIара дешнаш: «Иза ша суна тIекхачале хьалха цуьнан аз хезира суна (геннара дуьйна) кхаьънаш дохуш мохь бетташ. Соьга кхаъ боккхуш суна хезна хилларг со волчу схьакхаьчначул тIаьхьа, сайна тIера сайн ши коч схьа а яьккхина, цунна тIеюьйхира ас и шиъ, цо сайна баьккхина болчу кхаана (цунна совгIат деш). АллахIаца дуй буу ас, и шиъ йоцург кхин духар а ма дацара сан цу дийнахь. ТIаккха цхьаьнгара ши коч а яьккхина, и шиъ сайна тIе а юьйхина, АллахIан Элча (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) волчу вахара со…». Шега кхаъ баьккхина волчу оцу асхьабана шена тIера схьаяьккхина шен ши коч дIаелла КаIбас (Дела реза хуьлда цунна), кхаъ баьккхинчунна совгIатана. Имам КъуртIубийс ма-аллара, и шиъ бен кхин шен коч йоццушехь цо и шиъ цунна дIаелла хиларо гойту вайна и хIума мегаш хилар. Мегаш хилла ца Iаш, Имам Нававийс оцу хьадисан маьIна деш ма-аллара, мелехь хIума ду иза, дика хIума ду иза. Кхин а, Iусманан (Дела реза хуьлда цунна) дахарх лаьцна яздинчу жайнашкахь дийцина ду, Африкехь тIом беш долчу бусалба эскаро толам баьккхина аьлла хаза хабар дохьуш веана хиллачу цхьана стагана Iусмана (Дела реза хуьлда цунна) дуккха а даьхни делла хиллера аьлла, цо шега иштта хаза кхаъ баккхарна.[4] Оцу кеппара, кхаъ баьккхинчунна совгIат далар дика хIума ду, мелехь хIума ду, хаза гIиллакх ду. Ткъа дика хуург веза-сийлахь АллахI ву! 01.08.2011 = 01.09.1432 [1] Имам ас-СуйутIий, «Ад-дуррул-мансур», 4/583; Имам Ибн IатIиййахI, «Ал-мухьаррарул-ваджиз», 3/283; [2] Имам ал-КъуртIубий, «Ал-джамиI лиахькамил-къуръан», 9/261. [3] Шейх ВахIбат аз-Зухьайлий, «Ат-тафсирул-мунир», 13/65-66. [4] Ат-ТIабарий, «Ар-рийадун-надирахI фи манакъибил-IашарахI», 3/91; ад-Дийар-Бакрий, «Тарихул-хами́с», 2/267.
|