Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум!

Хаа лууш цхьа хIума дар, бехк ца биллар доьха ойхьаз хаттар даларн! Зуда берах йолуш цуьнца ойхьаз хIума лело мегаш ца мегаш, магахь мас бутт баллалц, цунах лаьцна ахь яздича, суна цунах гIулкх хилара! АллахI реза хилла хьуна!

Ларамца, Хьусайн.

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Берах йолчу зудчуьнца эвхьаза гIуллакх хилийта мегар дац аьлла деана цхьаъа хIума дац Бусалба динехь, цундела иза мегаш ду. Бакъду, нагахь санна зудчунна, йа кийрара берана цунах цхьа зен хуьлуш делахь, тIаккха мегар дац иза. Ткъа и зен хир ду йа дац лоьрашна хуур ду, масала нагахь санна кийрара бер кхиа ма-дезза кхуьуш дацахь, йа цхьа лазарш делахь, йа муьлхха а кхин цхьа бахьана делахь, лоьре хатта деза, ишттачу хьолехь хилча эвхьаза гIуллакх хилийтаро зен дийр ду йа дац. Цхьаболчу лоьраша иштта йолчу зудчуьнца тIаьххьалц эвхьаза гIуллакх хилийтар дика олуш а хуьлу, доьзалхо дуьненчу валаран атталлийна.

Кхин а, нагахь санна эвхьаза гIуллакх хилийтарца берах йолчу зудчунна хало хуьлуш елахь, цунна цунах новкъарло хуьлуш елахь, и гIуллакх хилийтарх ларвалар дика ду, шен хIусамнана ларйеш, цунна накъост хуьлуш, цуьнан дог оьцуш.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

2010-08-06 = ‏25‏/08‏/1431