Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Форум

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум!

Экстрасенс т1е вахана дарба лелон мегий?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

ХIинццалц схьа вайна бевзина болу «экстрасенсаш» бозбунчаллин дакъа долуш бу. Цара лелочух лаьцна кхечаьрга хаьттича а, уьзза билгалдолу. Масала, суна бевзинчерах цхьаболчара лелош хиллачу «дарбанна» юкъахь дара эшарш лекхийтар (оьрсийн маттара аьлча «зарубежный медляк») а, гипноз яр а, хIун ду ца хуу хIумнаш дешар а, иштта кхидIа а. Цара массо меттехь дIадиттина кехаташ дара, шаьш массо цамгарна дарба а до, шаьш лачкъийна а, яйна а йолу хIума мичахь ю а олу, иза хьан лачкъийна а олу, иштта и маьIна долу кхи хIуманаш а. (Бакъду, меттигерачу кегийчу-наха, шайн «музыкальни» гIирсаш лачкъийна дIабаьхьчи, иза хьан дина-м ца хиира царна, йа и гIирс мичахь бу а ца хиира). Цул совнаха, оцу шина «экстрасенсах» цхьаъ ша стаг ву а бохуш, зудчуьнан хьесапехь вара – духар а зударийн духарх тера дара, лелар а сетташ дара, ур-атталла хьаькхна басар а дара. Доцца дийцича церан болх жинийн гIо доцуш бацара. Иштта бара вайна бевзинарш. Ткъа кхечанхьа царна тIебахана леллачу нахе хаьттича а, йа уьзза «жинийн базар» хуьлу, йа нах Iехор хуьлу. ХIара хаттар динчул тIаьхьа, цхьана гIалгIай-Iелам стагца дийцаре дира ас хIара, цо ша шен накъостаца ваханера элира, цхьана «экстрасенсана» тIе. Чувахале айатул-курсий а дешна чувахана хилла иза, тIаккха хIокхуьнан накъостана дарба дийриг «хьехархо» хилла, хIокхунна дарба дийриг «дешархо» хилла. ДегIа тIехула куьйгаш хьийзийначул тIаьхьа, шен «хьехархочуьнга» а хьаьжна, хIокхунна дарба дечо аьлла: «ХIумма а хила-м ма ца хуьлу сан?! (Что-то ничего не получается)». ХIокхуьнан накъост-м хIинца а цомгаш ву бах. Ткъа оцу шимма лелийнарг бозбунчаллийца доьзна хилла хила а мега, ца хила а мега, бозбунчалла иза ца хиллехь а нахера харц ахча даккхар ду цара лелийнарг, нах Iехор ду.

Иштта, хIинццалц схьа вайна бевзина болчу оцу «экстрасенсаша» лелориг теллича, иза цхьатера ца хилар го – цхьадерг шеко йоцуш бозбунчалла ду, цхьадерг нах Iехор ду, цхьа дерг нах тилор ду. Цундела, бозбунчалла лелочу «экстрасенсашна» тIе а вахана «дарба лелор» мегаш дац – бусалба дино хьарам дина ду бозбунчалла; нах Iехочарна тIевахана «дарба лелор а» мегаш дац – бусалба дино хьарам дина эрна даьхни дайъар (исрáф дар) а, нах Iехорца церан даьхни даар.

Ткъа бакъдолу дарба шиъ ду: вайна массарна а бевзаш болчу лоьрийн дарба а ду, бусалба дино делла дарба а ду. Делан къинхетамца, тахана лоьраллин хаамаша а, цуьнан гIирсаша а, талламаш бечу лоьраша а чIогIа баккхий кхиамаш бина, иза юха а, тIаккха а боккха Делан къинхетам бу. Цундела, нагахь санна шен лазар лоьрашка дарба далур долуш делахь цаьрга дарба дайта деза. Нагахь санна иза цаьрга дарба далур долуш дацахь, бусалба динан дарбанца дарба дан деза. Ткъа бусалба динехь уггар коьрта, уггар дарбане дарба Делан дош Къуръан ду.

«Шеко яц, Сийлахь Къуръан а, Пайхамарера – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – схьадеанчу Суннатехь долу доIанаш а пайдане а, кхачаме а дарба хилар. ×Ахь ала: иза (Къуръан) Делах тешначарна куьйгалла а ду, дарба а дуØ. ×Оха доссадо Къуръанах (аяташ), Делах тешачарна дарба а, къинхетам а шайца болуш долуØ ХIокху аятехь еана йолу дакъалг «мин» - билгал хIума гойтуш дакъалг ю. Цундела, Къуръан ша-дерг дарба ду, лакхарчу аятехь деана ма-дарра. ×ХIай адамаш! Шуьга кхаьчна хьехам шун Делера, кийрахь дерг туодеш долу дарба, нийса куьйгалла, Делах тешаш болчарна къинхетамØ.

Къуръан кхачаме долу дарба ду массо деган а, дегIан а цамгаршна, дуьненан а, эхартан а цамгаршна, делахь а, массо неха ца нисло цуьнца дарба лелор. Цомгаш волчо баккъалла а лело ма-деззара, дикка цуьнца дарба лелийча, цунах теша а тешаш, ша-дерг иза тIе а лоцуш,  даггара цо цуьнца шена дарба дича, цхьане цамгаро йийр яц Къуръанан дарбанна дуьхьало. Муха йан лур ю цамгаршка дуьхьало, стиглан а, лаьттан а Эла волчу Делан къамелана доьхьал, ша лаьмнаш тIе доссийча уьш лалийна дIадохур долуш долчу, йа ша лаьтта тIе доссийча иза хадийна юкъах чекхдер долуш долчу».[1]

«Имам Ибнул Къаййима – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Ткъа, Къуръано шена дарба ца динчунна Дала дарба дийр дац, Къуръанах тоам ца хиллачунна Дала тоам а бийр бац».[2]

Цундела, билггал дарба дуй хууш долчу Къуръанан а, Суннатан а дарбанна тIеберза беза бусалба нах, шеконаш йолу хIуманаш а, хьарам долу хIуманаш а Iадда а дитина.

 

Дала шун цомгачунна а, массо бусалба нехан цомгаш болчарна а маршалла дойла.