|
|
| Видео |
| Хьешан тептар |
| Кехат язде соьга |
|
Хаттар: Цхьана стага шолгIа зуда ялийна, оцу зудчуьнан кIант ву. И кIант воккха хиллачул тIаьхьа, хIокху стеган доьххьаралера зудчо цунна хьалха хьиджаб лело езий?
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Оцу шолгIа зудчуьнан кIант кхечанхьа вина ву. Оцу кIантана а, оцу стеган доьххьара зудчунна а юкъахь и шиъ вовший даиманна хьарам деш йолу цхьаъа зIе яц (маре дарехь бохург ду вай иза). Цундела, и кIант пхийттара ваьллачул тIаьхьа, оцу зудчо цунна хьалха шен бусалба духар лело деза, муьлхха а кхиболчу хийра божаршна хьалха санна. Ткъа дика хуург сийлахь-веза волу АллахI ву! 17.01.2012 = 23.02.1433
|