|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Борша стага цIен бос лело мегий?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Божаршна а, зударшна а мегаш ду цIен а, баьццара а, кхидолу а беснаш долу духар духа».[1] ТIаккха, божарша лелон мегар доцу духар шиъ ду: «заIфаранаца» бос бина дерг а (оьрсийн маттара: шафран), «Iусфурца» бос бина дерг а (оьрсийн маттара: сафлор красящий). Iусфурца бос бина долу духар таханлера апельсинан басах тера хуьлу боху, шеца цхьаьна таьIна цIен бос а болуш. И ши бос мегаш бац божарша лело, кхидIа берг берриге мегаш бу, хуьлийла иза цIен, йа баьццара, йа мокха, и. кI. дI., Имам Нававийс ма-аллара. ЦIен бос лело мегаш хиларан тешалла ду Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) цIен духар доьхна хиллера аьлла дийцина долу нийса хьадис.[2] И мегаш боцу ши бос лело цамагаран тешалла а нийса хьадис ду, цхьана асхьабана тIехь и духар гича, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) цуьнга иза дIадаккхийтина хиллера аьлла, иза керста-нехан духар долу дела.[3] Амма цIен бос лело цамагар дуьйцуш долу хьадисаш – уьш цхьаболчу Iелам-наха гIийла ду аьлла. Кхузахь хууш-девзаш хилча дика хила тарло, божарша цIен бос лелоран хьокъехь Iелам-наха тайп-тайпана аьлла дешнаш хилар, иза мегар ду аьлларш хиларе терра, мегар дац аьлларш а хилар. Хьафиз Ибн Хьаджара (Дала къинхетам бойла цунах) «Фатхьул-Бари» тIехь, уьш ворхI дош ду аьлла. Ткъа иза лело мегаш хилар дукхах болчу Iелам-наха аьлла ду. Дика хуург сийлахь АллахI ву! 21.02.2010 = 07/03/1431
| КхидIа |