Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Да бусулба волуш нана украинка  йолуш – йоIа ма-дийццара иштта ду и – цуьнца зина дар нисделла хилча, тоба а дина, хIор ламаз тIехь гечдар доьхуш, цхьанне хаа ца хууш, масала чура дена йа нанна йа гергарчарна. Молло куьг Iоьттанча санна цуьнца мах бина, и дIабалар нийса дуй, я оцу хьолехь хилча нийса дерг муха ду динехь?! АллахIа къинхетам бойла, АллахIа гечдойла массарна! Хьуна АллахI реза хуьлда.

Цаьршина мах нийса буй?

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Зина динчул тIаьхьа, бовла ма-безза дохко бовла беза уьш, дан ма-дезза тоба а дан деза цара, хаттар юкъахь ма-аллара Деле гечдар доьхуш а хила беза уьш.

ТIаккха, шинне агIор цIерачарна хууш а долуш, нахана девзаш а долуш, къайлах а доцуш, шиъ теш волуш, йоьIан верасца бан ма-безза цара мах бинехь, церан махбар нийса ду, и доьзал кхоллабалар нийса ду, Дала мукъа лахь.

Нагахь санна оцу кепара мах бина бацахь, и шиъ цхьаьне да́ха лууш а делахь, вай ма-дийццара керла мах бан беза цара.

ХIара санна хаттар вай дийцира хьалха кхузахь:

"Стага зина дина шен тIехьийза йоIаца, цул тIаьхьа ялийна цо и...".

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

2010-08-05 = ‏24‏/08‏/1431