Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум!

Цхьа зуда марера цIа еъна, цо боха: ше майра меташкана тIе оьхуш ву, ламаз-марха долуш вац, ша хьийза йо цо, цундела цIа еъна цуьнгара. Цуьнга йуха йаха лууш яц иза, цуьнан майрачо цуьнца развод ца йо, зудчунна хIуьттаренна. Оцу зудчо хIун дан деза цу хьолехь, оцу майрачо и йуьтуш ца хилча, цо йитина йоцуш ше цIа еана хан дIаяьлча кхечанхьа маре йаха мегар дуй иза?

АллахIа диканца бекхам бойла шуна.

Ларамца, Ислам

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Цу зудчо дича дика хир дерг уггар хьалха – шен гергарчу нахах цхьаъ-шиъ стаг оцу шен майрачуьнан гергарчерах-верасех цхьанна тIе а вахийтина, и гIуллакх цаьрга къастадайтар ду. Иштта и де аьлла вайга сийлахь веза волчу АллахIа, майрачунна а, зудчунна а юкъахь дов доьжча а, цакхетам нисбелча а. Цундела, шен верасех цхьаъ, йа шиъ стаг оцу стеган верасех цхьанна тIе а вахийтина, къастадайта деза цара шайн гIуллакх. Дехьара а, сехьара а болу верасаш хьовса беза цу гIулкха тIехь бехке верг мила ву, галваьлларг мила ву, харцахьа леларг мила ву, тIаккха царна юкъахь барт бан хьовса беза уьш, бехке волчуьнга IадIе аларца а, харцахьа лелачуьнга саца аьлла цунна тIедожорца а, галваьлларг кхеторца а. Вуьшта аьлча, маслаIат дан хьовса беза уьш доьххьара, гIалаташ кхин юха ца дилийта бахьанаш а лелош.

Нагахь санна уьш берта богIур болуш бацахь, галваьлларг (хуьлийла иза стаг, йа зуда) кхета лууш вацахь, Дала бохучунна тIева́н а, шена а, шен доьзална а пайденна дерг лелон а лууш вацахь, кхидIа иштта и доьзалан уьйр латторах хуьлуш долу зен иза йохорал алсам ду аьлла царна хетахь, тIаккха оцу верасаша майрачуьнга и зуда йита ала деза, Дала а, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) ма-бохху, дикачу агIор. Нагахь санна цо иза йитахь – цигахь дIадоьрзур ду иза. ТIаккха, йитинчул тIаьхьа кхозза ламазана цIанйеллачул тIаьхьа маре йаха а мегар ду и зуда.

Ткъа нагахь санна и хьал иштта чолхе а долуш, оцу верасаша шега иза йита аьлча а майрачо иза юьтуш яцахь, зудчуьнан верасаша и гIуллакх юьртан (йа кIоштан, йа гIаланан) къедане (йа Iилма девзаш волчу имаме) дIакховдо деза. ТIаккха оцу къедано хилларг-лелларг теллинчул тIаьхьа, майрачунна тIедожор ду и зуда йитар. Нагахь санна къедано аьлча а майрачо иза юьтуш яцахь, цу къедано дIасакъастор ду и шиъ, зуда йитина лорур йолчу кепара, уллехь шинне агIор болу тешаш а болуш. И сацам кехат тIехь дIа а язбийр бу цо, тIе шен мохIур а хIоттош. И майра реза воццушехь, оцу кепара къедано и шиъ дIасакъастош сацам бахь, и зуда йитаелла лорур ю, сацам бинчу дийнахь дуьйна кхозза ламазана цIанйеллачул тIаьхьа маре йаха а мегар ду иза.

Нагахь санна хIинца вай дийцинчух цхьанне агIор гIуллакх ца хилахь, и зуда цуьнан майрачо билггал хьийзош а елахь, цунна цуьнан агIор хуьлуш зен а делахь, кхечу агIор и гIуллакх дIадерзо аьтту а бацахь, шен гергарчу нахах а, шен верасех а дагаяьллачул тIаьхьа, ша Iаш йолчу меттера Iедалехула ша́ йитийта мегар ду оцу зудчо. Iедало (суьдо) иза йитина лоруш сацам бинчу дийнахь дуьйна кхозза ламазана иза цIанйелча маре йаха а мегар ду иза.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

22.11.2010 = ‏1431‏-12‏-16