|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! ХIара сайт карийна, кхузара айса пайда оьцур бу аьлла чIогIа дог тешна ю со, Дала мукъа лахь. Хилларг хIун ду аьлча, чIогIа бала латтош цхьа хIума ду соьгахь, цуьнан кIоргера ойла йича хьера ялаза юьссу со. ЦIийнада зуда яло нийат долуш ву сан, амма и цо ялаяхь, дог иккхина йалан бен де долуш яц со. Мел дийцарх, бахарх, шена Дала хьанал динарг ша дIатоттар дац олуш ву иза. Хаза барт болуш Iаш хуьлу тхо и къамел доладаллалц. Цундела, хаа лаьара суна сайн бакъонаш, са пурбанах доьзна дуьйла иза, тIаккха иштта шена дага ма-деъана яло мегаш дуй и зуда, бухарчуьнгара хилла цхьани кепара зен доцуш, йа эшам боцуш? Хьайн тарлахь жоп дала хьажа, ма хуьллу сиха, Дела шен доьхьа! Дела реза хуьлда!
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Лераме йиша! ХIокху хьан хаттарна айсачул дика жоп хенан йохаллийца а, дахарца а хIума алсам зеделла волчу, хьекъалца сол гIолий хир волчу, асчул кхетам говза а дика а лур бу аьлла сайна хеташ волчу вайн цхьана Iеламстаге дахьийтира ас, цуьнгара иштта хIара жоп а деана. Ас чIогIа догдоху, хьайн дагца дерг жимма ахь тIаьхьа а теттина, хьайн хьекъалца ойла а еш ахь хIара юх-юха доьшуш дикка дешар. Кхин а ас догдоху АллахIе, Цо хьан синна паргIато йар а, Цо хьуна синтем балар а, хIокхунах хьуна пайда бар. «Бисмилла́хIиррохьма́ниррохьи́м. Вассолату вассаламу Iала́ росу́лилла́хI. Ассала́му Iалайкум ва рохьматулла́хIи ва баракатухI! Тхан бусулба вежарий, йижарий. Вайна юкъахь инзаре бохаме хIуманаш эгар, доьзалш бохар АллахI а, Цуьнан дин а вайна дага ца дар ду, хилларг хилла даьлча бен. Iалийн кIанте Ал-Хьасане цхьана стага аьлла: «Сан йоI ю, ас и маре хьаьнга елча нийса хета хьуна?». Цо цунна жоп луш аьлла: «АллахIах кхоьруш волчуьнга ло ахь и маре. ТIаккха цунна и езахь, цо лоьруш а, сийдеш а кхобур ю и, ткъа цунна и ца езахь, зулам дийр дац цо цунна». ХIара проблемаш ца хилийта, бусалбанашна ша́ саннарг дуьненахь кхин доцуш долу, шайн дин хаа деза, хиъначул тIаьхьа лардан а деза. Тхан бусалба йиша, динах а, дика а долчу хIумангахь хьайл оцу хIуманехь лакхарчаьрга хьажа, хьо санна болу дуккха а зударий-эмгарш тарлуш, бертахь бехаш карор бу хьуна, шайна цунах проблемаш а ца еш. Иза хьекъалха ду, собарха а ду, яхь хиларха ду. Хьан царал эшнарг хIун ду? Уьш санна яхь а, собар а, доьналла а, ийман а долуш яц хьо? Зуда ялор шолгIаниг, цигахь цхьа биллам (бехкам - условие) бу майрачунна: иза царна юкъахь шега нийсо ялур ю аьлла тешна а, билггал хууш а хилар ду. И ялург хиларх тешна а, билггал хууш а вацахь, цо шолгIа зуда яло мегар дац. Цул совнаха шолгIа зуда ялор суннат дац, я важиб (тIедоьжна) дац, мегаш а, бакъо йолуш а хилар бен. Цхьаннал сов стеган зуда хила магаран масех бахьана ду: Вайна ца хууш, цхьаннал сов зуда хила магарехь шеко йоцуш дуккха бохамаш бухатохар ду. И бохамаш юкъараллехь баьржина хила тарлуш бу. Церан кхерам массо метта кхача а, чIагIбала а йиш йолуш бу, хIара нийса закон вайна юкъахь ца хилча. Ткъа цо хIоранна а хьашт лоруш а, тидаме оьцуш а ду: цхьана стеганиг а, тобанийнаг (дуккха неханиг) а. ХIокху «къа́ну́но» (законо) тидаме лаьцначу хьаштех ду, масала божарех «гIарийзат» (зудчуьнга хьашт хилар) чIогIа дерг а, «шахIват» карзахдериг а хуьлуш хилар. Цуьнан зуда цомгаш хила тарло, я цуьнан ламаз доьхна хан яхлуш хила мега, я майрачуьнгахь лаам боцуш хила мега иза, ткъа майра зуда йоцуш веха Iан а, собар дан а ницкъ ца кхочуш хила мега. Цо хIун дийр ду тIаккха? Цунна дика дац кхин зуда ялор, шен хьашт цуьнца кхочуш дан, хьанал а, цIена а долуш, хьарам агIор «шахIват» (хьар) чекхдоккхучул? Зударийн дукхалла алсам хила а тарло божарийн дакхаллал, къаьсттина, уггар дика къонахой а, кегийрахой а хIаллакбинчу тIамал тIаьхьа. ТIаккха кхузахь юкъараллин а, зударийн шайн а «маслахьат» (пайда) ду уьш эмгарш хилар, шаьш буьгуш волчуьнга цхьаннал сов дIа а нисбелла. Иза маслахьате ду царна, дуьненахь шаьш деха ерриге хан къена йоIстаг хилла, я маре ца юьгуш йиссина къена зуда а хилла бехачул, мар-зуда хиларан дахарх (супружеская жизнь) хада а хаьдда. Цул совнаха, оцу дахарехь долчу синтемах а, безамах а, ала хIума доцуш цIена хиларх а хаьдда. Иштта нана хиларан ниIматах (диканах, зовкхах) а, оцу мар-зудчун дахаре кхойкхуш, церан кийрахь а, чохь а долчу «фитIратан» (природа, врожденное свойство, амал) кхайкхамах а хаьдда. И мар-зудчун дахар кхаа некъахь цхьаъ бу, зуда яло гIора долуш болчу божарийн дукхаллал сов болчу хIокху зударшна хьалха. Оцу кхаа некъах цхьа некъ ца лелийча ца бовлу уьш: 1 – Ерриг шайн оьмар (хан, дахар) яккха езаш хуьлу уьш марехь цахиларан къахьонехь. 2 – Я урх малйина дIахеца езаш хьал хуьлу цера, самукъадаларан гIирсаш хилла уьш ба́хийта, божарийн хьарам ловзарна. 3 – Я царна зуда йолуш волчу стаге маре баха магош некъ хIутту, уьш кхаба а, олучу хIуманах уьш ларбан а гIора долуш волчу. ТIаккха шеко яц, хIара тIаьххьара кхоалгIа некъ нийса а, Iедале а, бакъо а, цхьалхадаккхар а, дарбане а молха хилар. Ткъа иза вайн Ислам дино шеца сацам а, кхел а йинарг ду, цундела вайна (бусулбанашна) юкъахь лелош дерг и ду. [АллахIал дика а, хаза а хьукм (сацам, кхел) долуш верг мила ву, цунах (Цуьнан хьукманах) тешаш болчарна гергахь?] (Сурат «Ал-МаидахI», 50). Тхан бусулба йиша, хьо, ахь ма-бохху, оццул холчу а ма хIотта, гIайгIане а ма хила! Хьайн майра лоруш а, везаш а, цунах доглозуш а, къахеташ а хила. Хьан дика Iу ма ву и. Хьо а, хьан доьзал а ма кхобу цо. Лакхахь вай дийцинчу хьаштех цхьа хьашт цуьнгахь делахь, иза оцу тIехь собаре а, сатухуш а, чохь и бахьанехь дов латтош а вацахь, и дика ду, шен хьакъ доьхуш я лоьхуш вац и. Хьал иштта дацахь, тIаьхь-тIаьхьа духуш, телхаш дIадоьдуш делахь, иза чIогIа кхераме а, бохаме а ду шун доьзална массарна а, хьуна къаьсттина. Юх-юха деша вай яздинарг, дика кхета хьажа, собаре хила. Дахар дохарал, доьзалан барт эгIарал вон а, хала а дукха хIума дац хьуна. Иза шен хьокъах (бакъонах) ваккха ма гIерта. Изза хьал хьоьга хIоьттича, Исламо хьуна кечйина а ма ю, оцу хьолах а, халонах а яла меттиг! Хьан цIийнада хьо зуьйш хила а тарло, ялийча ахь хIун дийр ду хьожуш. Я цуьнан и яло нийат делахь, я чIогIа лаам а, сацам а белахь а, АллахIан лаам а, сацам а хIун бу ца хаьа вайна. Маса стаг ву ша йина ойла я бина чIогIа сацам чекх ца болуш висина. ТIедогIург АллахIана бен хууш дац. Цундела оцунга ла а догIе, жимма дай де хьайна и гIуллакх. Цул доккханиг тIекхачахь хIун дийр ду вай?! Бакъдерг аьлча, цул доккханиг тIеда́н дан а дац моьттуш бу вайн зударий. Паччахь замангахь, Теркал сехьа а бевлла, Дади-Юрт олу нохчий юрт ягош хилла гIазкхий, зударий а, бераш а хьалххе эвлара арабаьхна хилла юьстах, ларбар дуьхьа, божарий массо а юьртахь биссина хилла, латаран дуьхьа. ГIазкхаша цIийнош дагош, адамаш дойуш, шайга далуш долу цхьа хIума кIелдуьтуш ца хилла. И дерриге а гуш хилла эвлан йистехь лаьттачу зударшна а, берашна а. ТIеялийначу эмгаро аьлла бухарчуьнга: «Ма доккха де ду хIара (елха а ийзош), дай, вежарий, майранаш бу-кх бойуш, юрт ю-кх вайн ягош!». ЛадоьгIна, бухарчо аьлла: «Хьо суна тIееана де хIокхул доккха дара хьуна». Оцу дешнаша гойту цара и хала ловш хилар. Цхьаболчарна и ша цаларар, шен сийдайар санна, шена тIе эхь доуьйтуш долу хIума санна хета. Иза иштта дац. И цхьанне юьхьIаржо яц. Ерриг хIож кхета ерг майра ву, цо нийсо ца яхь зударшна юкъахь. Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Ши зуда йолуш волу стаг, цаьршиннах цхьангахьа валахь, къематдийнахь цхьа агIо охьаяхана йолуш вогIур ву». Абу Давуд, Ат-Тирмизий. Дага ма деъна ялош яц зуда. Хьоьх дагаваларх хIума дац, хьуначул дика цуьнан гIора кхочур дуй нийсо ян хуург дац кхечунна. Хьуначул дика иза АллахIана бен ца вевза. Дагавалар хьоьх а, кхечух а цкъаъа бохаме хир дац. И ялийча ша тIелоцуш дерг доккха жоьпалла дуй хаа деза цунна а, кхечарна а. Вайнаха санна, лелийчахьана ша волу, и хала хIума дац аьлла хеташ велахь, Iехавелла иза. Хийрачу стагана зулам дича санна ду шен чохь йолчу зудчунна зулам дича а. Иза шен зуда яра аьлла и лай ю моьттуш, ша цунна лардан дезаш хьаьккъаш дац моьттуш хила ца веза и. Зударшна юкъахь нийсо еш церан юуш йолу хIума, цара тIеюхуш ерг, чохь Iеш йолу меттиг, кхийолу царна оьшуш йолу хIумнаш, де-буьйса (24 сахьт) даккхар хIора йолчехь – цхьатерра хила деза. Дагна цхьаъ вукхарел алсам езар доцург, дог цуьнан карахь ца хиларна. ХIетте а, иза а шен ма-хуьллу дайдан а, вукху зударшна и безам тIебекъа а хьажа веза и, керланиг жима, я хаза, я хьалдолуш хиларе а ца хьоьжуш. Майрачуьнгара зудчунна догIуш долу хьаькъаш: 1 – Зудчуьнан напгIа. Майра декхарийлахь ву шен зудчунна оьшург латто: юу хIума, тIедухар, молха, кхин цунна оьшург мар-зудчун цIа чохь, стеган аьттоне, гIоране хьаьжжина, иза цунна муьтIахь мел ю. Цо шех майрачуьнга пайда оьцуьйтуш бацахь, майра цунна хIумма а ца латтийча а волуш ву. 2 – Майра шен зудчуьнца ва́ха ма-веззара цхьаьнавахар. АллахIа омра дина майранашка шайн зударшна дика дарца, уьш лерарца, цаьрца лелош йолу юкъаметтиг (отношени) кIеда-мерзаллийца, гIиллакхца лелаярца, царна хазахетар дарца, цаьрца собаре хиларца, зудчуьнгара хуьлуш болу цатам ларца. Иза цуьнан гIиллакх лакхара хиларан а, ийман дуьззина хиларан а белгало ю. Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) шозза къовсавелла хилла Iаишатаца, хьалхавала вадарехь, нах боцучу меттехь, цуьнца кIеда-мерза хилар шегара гойтуш. Иштта дIа кхин а ду уьш. 3 – Иза ларъян декхар ву и. Цуьнца ваха ма-веззара цхьаьнавахарха ду, цо и ларъяр цуьнан сий дойъур долчу массо хIуманах. Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) кхо стаг ялсамане гIур вац аьлла: зуда божарех ца ларйеш верг а, божарех тарйала гIерта зуда а, маларна тIераниг а. Вай АллахIе доьху вайна хезнарг, хиънарг лело аьтто бар, Цуьнан дин тIехь дехаш долуш Цо вай дIакхалхадар, Шен йоккхачу ялсаманахь вай цхьанатохар!». Чекхдели вайна кхаьчна жоп. Ткъа сайн агIор, ас хьуна хьалха дина хилла долу хьехар дан лаьа суна юха а, иза билггал дарба дуй сайна хуу дела: эхартах лаце ойла алсам йе, каш чохь хир долчуьнца бала кхачар алсам хилийта, къемат дийнахь АллахIана хьалха хьесапана хIоттор хиларан сингаттам алсам хилийта - дуьненаца болчу баланашна бIаьрхиш а Iенор дац ахь, эхартахь декъал а хир ю хьо. ТIаккха, хьайна хьайн доьзалх беркат дар доьхуш Деле доIа деш хила, даим АллахIан дикане догдохуш хила, хьайн дахаран Iалашо хIун ю (!) сих-сиха дагадоуьйтуш хила. Дала къинхетам бойла хьох. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 02.04.2010 = 17/04/1431
| КхидIа |