|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! ЙоI маре йоьдучу хенахь, цуьнан да тIекхочехь вацахь, дедеца бан мегий мах?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Шен йоIах жоп дала везарг а, цуьнан дола дан везарг а, цуьнан хьашташка хьажа везарг а, иза кхио везарг а, цунна кхетам бала везарг а, цуьнан Iуналла дан везарг а йоьIан да ву. Оццул дукха декхарш цунна тIехь хиларна а, и йоI цунах хиларна а, йоьIан дола дар цуьнан ден хьакъ ду, цу юкъа догIу иза маре йоьдучу хенахь цунах жоп далар а. Ткъа шен йоI маре йоьдучу хенахь, и маре дика ду йа дац хьажар а ден керахь ду, иза цуьнан декхар а ду, и билгал ца деш цо шен йоI маре йалар доккха гIалат а ду, тIаьхьло дика ца хуьлуьйту бахьана а ду, вон маре нислахь йоIана боккха бала а бу. Шен йоIах шел чIогIа къахеташ а, цуьнца къинхетам болуш а цхьаъа хир воцу дела, ден керахь дитина ду йоI маре йоьдучу хенахь цуьнан захало дика ду йа дац билгал дар. Нагахь санна да дийна вацахь, йа иза кхетамчохь вацахь, йа и шен декхар кхочуш дан аьтту болуш вацахь, тIаккха, дедега дехьадолу и декхар а, хьакъ а, хIунда аьлча къахетар а, къинхетам а дедегахь кхечерал алсам хир болу дела. «ТIекхочехь вацахь» бохург дуккха а агIонаш а, маьIнеш а хила йиш йолуш ду. Да уллехь вацара, йа кхечу махкахь вара аьлла, и бен кхин бахьана дацахь, дедеца мах бан мегар дац, йа девешица бан а мегар дац, йа вешица бан а мегар дац. Нагахь санна деца цхьана агIор зIе хила йиш елахь (масала телефона чухула), цуьнга хьал дIа а дийцина, иза реза хилахь, цо шен да (йоьIан деда) векал ван веза, шен меттина мах бан. Иштта дIанислур ду и гIулкх, шариIатца нийса а долуш, хIоьттина хьал тидаме лоцуш а долуш. Нагахь санна деца цхьанне агIор зIе хуьлийла дацахь, масала, иза мичахь ву хууш дацахь, йа лехча карор волуш а вацахь, йа хабар тIекхачадойла а яцахь, тIаккха мах баран хьакъ а, захалонан дикалла билгалйаран декхар а дедега дехьадолу. ТIаккха и деда а, йоьIан муьлхха а кхиболу верасаш санна, кхоччуш кхетам чохь хила везаш ву (ханна дукха воккха хиларна хьекъална иэшам хилла хила мегар дац), оцу йоIана пайденна дерг хIун ду хьажа хуур долуш. ТIаьххьара чIогIа само йан лаьа суна хIокху хаттарца доьзна долчу цхьана хIуманна: шариIато хIоттийна болу верасаш дIа а туьссуш, шайн дегIа лаам чекхбаьлчахьана кхин бен-башха ца хеташ, тIаьхьлона ойла а ца еш, шариIато хIоттийначу верасан хьакъ дожорхьама цхьацца бахьана лоьхуш (масала, цуьнан Iакъида дика яц, иза бидIат деш ву, иза ламаз деш вац, цундела иза керста ву бохуш), хIилланаш лелош, шайгара шариIатан кхиэлаш еш, нахана тIехь шайгара хьукм а деш, да-нана реза дацахь, цаьргара пурба а доцуш, тIехьахула мах бой, йоI схьаялош даьржина хIума ду цхьаболчу кегийчу нахана юкъахь. Оцу балхаца Дала хьарам дина хIуманаш а, дуккха а зенаш а ду, и хIума доккха гIалат ду. ЙоIа а ойла йан еза, ша иштта хIума дича, ша цунна реза хилча, доьххьарлера «моз санна долу беттанаш» дIадевлча, ша динчу захалонан гIулкх телхаш хилахь, йа кхин кхетам боцуш волчу оцу кIанта ша чура араяккхахь, ша мича гIур ю а, шен дена-нанна хьалхахIотта шен юьхь хир юй а? Дикка ойла йан еза шинне агIоно а, шаьш цхьа хIума дале. Кхоно дохкодевр долу хIума дан мегар дац. ХIара хIума хIара хаттар динчуьнан ойланехь ду аьлла ца яздина ас хIара тIаьххьарниг, иштта хIума масийттозза хилла а, хоттуш а долу дела, юкъарчу пайданна яздина. Дика хуург сийлахь АллахI ву! 12.03.2010 = 26/03/1431
| КхидIа |