|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум ва рахьматуЛлохIи ва баракатухI. Сан цхьа хаттар дара, хьай ма хуьллу цунна сиха жоп лур дацара ахь? Хаттарна жоп деллачул тIаьхьа хIара сан хаттар хIокху чура дIа а даккхахьара ахь, бисмиЛлахIи доьху хьоьга! Суна цхьа йоI евзина, иза бусалба дин Iамадеш АллахIа доьхьа хIижрат дина ю кхечу махкахь, чIогIа иза яло лаьара суна, сай иман чIагIдан АллахIа сайна цунах бахьана дийр ду аьлла хета суна иншаАллахI, но сан бухахь хIусамнана, йоI ю, иза чIогIа реза яц шена тIе зуда ялаяйта, сан да-нана дац реза, и зуда ялийча и чу йига чоь яц сан, ас хIун дан деза тIаккха? Амма чIогIа иза ялайа лаьара суна! АллахIа доьхьа ма-хуьллу сиха сан хаттарна жоп лахьара ахь!
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Лераме ваша! Ахь хьайн мас шо ду ца дийци, йа хьой зуда ялийна волу мел хан ю а ца дийци. Ахь хьайн цхьа йоI ю аларца дуьстича, хьан хIинца йолуш йолу хIусамнана хьан доьххьаралераниг а елахь, ханна дукха воккха хила декхар дац хьо, йа доьзалан дахар ша ма-дарра зеделла волчух а тера дац хьо. Дахарехь цхьадолу хIума чIогIа хазлуш хуьлу. ЧIогIа и хIума дан хазлуш хуьлу. И хIума хаздалар цхьайолчу хенахь сихха дIадолу, буьйсанна дIа а вижина Iуьйранна хьалагIаьттича сийсара санна ца хуьлу и хIума дан лаам. Цхьадерг тIехдаларна жимма алсам хан оьшу. Хьоьгахь хIинца хIоьттина долу хьал а дIадер долуш ду. Тахана и хьал хьайгахь долуш волчу хьуна иштта хетар дац иза, амма билггал бакъдерг ду хьуна иза: тахана хьуна и зуда яло чIогIа хаздалар тIехде́ра долуш хIума ду хьуна, дIаде́р долуш хIума ду хьуна. Хьо шолгIа зуда ца езаш хир ву кхидIа йолчу хенахь бохурц дац сан иза, хIинцца хьуна и ахь юьйцуш йолу йоI сел чIогIа яло лаар тIехде́р ду, дIаде́р ду бохург ду иза. ТIаккха, хьуна иза яло лааран коьрта бахьана хIун ду-те? Борша стеган зудчуьнгахьа хуьлуш долу хьашт дуй-те? Ахь айхьа хьахийна дерг – хьуна цунах хьайн ийман совдаккха бахьана хила лаар ду. Ткъа кхидIа дерг? Дахар и ши доцург кхин а дуккха ма-ду. Ахь цуьнца мах ма-биннехь чекхдер долуш ма-дац хьан массо декхарш а, ахь дан дезарг а, лело дезарг а, мелхо а ахь и мах барца тIекхетар долуш ду, совдевр долуш ду. Цуьнан ойла йиний-те ахь? ХIан-хIа, лераме ваша, доьзал кхоллар иштта атта хIума дац. Зуда ялор а иштта атта хIума дац. Иза вуно боккха чIагIбина мах бу ахь АллахIан цIарца беш. Ахь и мах бича хьуна тIеэгаш дуккха а декхарш ду, хьо дуккха хIуманна тIехь къахьега дезаш а ву. Ойла дагца ечу хенахь, йа даго хьекъална тIехь толам боккхучу хенахь, и хIума дицло. Чуйига меттиг а ца хилча, йа и кхаба а, йа хьайн болуш болу доьзал кхаба а тоъал аьтту а ца хилча, хьан хIусамнана цу гIулкхана реза а ца хилча, хьан хIинца а цхьаъ бен бе́р а ца хилча, хьан Iер-дахар хьайн даймахкахь а ца хилча… Цу массо хIуманна тIехь дикка ойла йан еза ахь. Еш йолу ойла хьекъалца (коьртаца) хилийта а еза ахь, даго бохург жимма юха а теттина. Хетарехь, хьо собаре хила веза, сих вала ца веза, чIогIа яло лаьара аьлла. Хьайн йолуш йолчу хIусамненаца хьайн дахар карладаккха. Вайн нахана юкъахь дуьйцуш цхьа хIума ду, дас шен кIанте хIора шарахь (йа баттахь?) керла зуда ялайе аьлла весет дина хиллера бохуш. Цо динчу весетах кIант кхетта ца хилла. Ткъа цуьнан маьIна: хьайн зудчунна керла коч иэца хIорозза а, керла ялийна зуда санна хир ю хьуна иза бохург хилла. Оцу кеппара, хьайн йолуш йолчу хIусамненаца шайн доьзалан дахар карладаккха, керла зуда ялийча санна хетар ду хьуна. ТIаккха, хьайна хьайн ийман совдаккха лаахь – вуно дукха бахьанаш ду хьуна цу балхана лело. Уьш ас хIинца ца дийцича а, хьуна хьайна дуккха а хууш хир ду. ТIаккха, дикка Iибадат дарца а (ийман Iамал йарца совдолуш ду хьуна), дешарца а, болх барца а, спортаца а эрна хан ма йита хьайна. И диъ хIума деш а, лелош а хьо хилахь, хьан коьрта чу совнаха ойланаш хьийзар яц. ШолгIа зуда яло лаар билггал хьайна хIунда лууш ду а хууш, и ялийча цунна тIедогIург хIун ду а хууш хир ву хьо тIаккха. Кхин а, кхузахь яздина дерг дешча, цунах цхьадолчух хьуна мелла хилла а пайда хир бу аьлла хета суна: «Бехк боцуш иза дIайахийта ца лаьа суна...» ТIаьххьара, ахь динчу хаттарехь сайна гинчунна тIедоьгIна яздина ду хьуна ас хIара, цундела, хьайна тIекхочехь дешна нах, хьекъал долу нах, дуьненан дахар зеделла болу нах белахь, церах а дагава́ла хьо, дагаваьлларг дохко ца ваьлла хьуна. Ткъа, истихарат ламаз а, доIа а дича дика хилар ас ца дийцича а хууш хир ду хьуна. Дала Ша реза волчу кепара ирсе дойла хьан а, хьан доьзала а дахар. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 01.05.2011 = 27.05.1432
|