Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум Олхазар. Цхьа шо хьалха, доIа "таджнама" билгало хIун ю аьлла хаттар динера аса хьоьга. Цу хьокъехь хьайна билгал даьлла хIумма а карор ца нисделира аьлла яздинера-кх ахь соьга. ХIинца хIара "таджнама" сайна кара деъанчара, ма-дарре цIенна дIаяздан хьожур ву со. Нагахь санна хIара цхьанхьа дешар нисделлехь, хьайна цунах хууш дерг, хьай аьтто баьллачу хенахь ахь яздича синтем хира бара-кха суна.

بســــــــــــــم الله الرحمان الرحيم
اللهُم يا صانع كل مصنوع و ياجابركل كسيرويامؤنس كل فقيروياصاحب كل غريب وياشافي كل مريض وياحاضركل خلائق ويارازق كل مرزوق وياخالق كل مخلوق ويا حافظ كل محفوظ ويافاتح كل مفتوح وياغالب كل مغلوب ويامالك كل مملوك وياشاهدكل مشهودوياكاشف كل كرب اجعل لى من امرى فرجا ومخرجااقذف قلبى لاارجو احدا سواك برحمتك ياارحم الرحمين

ДоIа "Таджнама"
БисмиллахIир-рохьманир-рохьими
АллахIумма йа саниIу кулли маснуIин, йа Джабиру кулли касирин, ва йа муънису кулли факъирин, ва йа сахьибу кулли гIарибин, ва йа шафи кулли маридин, ва йа хьадиру кулли халаикъин, ва йа разикъу кулли марзукъин, ва йа Халикъу кулли махлукъин, ва йа Хьафизу кулли махьфузин, ва йа Фатихьу кулли мафтухьин, ва йа ГIалибу кулли магIлубин, ва йа Малику кулли мамлукин, ва йа ШахIиду кулли
машхIудин, ва йа Кашифу кулли карбин, ижIал ли мин амри фаражан ва махражан, икъзиф къалби ла аржу ахьадан сивака бирахьматика йа архьамар-рахьимина.

АллахI реза хуьлда хьуна. Ларамца Султан.

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

ХIара доIа цхьадолчу жайнашкахь хьахийна ду, тайп-тайпанчу дешнашца, Юсуф пайхамара (Делера салам хуьлда цунна) дина хилла доIа ду аьлла.

Имам Маккий ибн Аби́ ТIо́либа а, Имам Ал-КъуртIубийс а (Дала къинхетам бойла цаьршинах) аьлла, хIораммо а шен тафсир тIехь, «Юсуф» суратан 15-чу айатан тафсир дечахь: «Ад-Даххьа́ка аьлла: «Юсуф гIу́ чу кхоьссинчу хенахь, цунна тIе Жабраил (Делера салам хуьлда цунна) доьссина хилла. Цо аьлла цуьнга: «ХIай Юсуф, ас цхьа дешнаш Iамадей хьуна, ахь уьш аьлча АллахIа хьо хIокху гIу чура аравалар сихдийр долу?». Цо аьлла: «Iамадехьа». Жабраила (Делера салават хуьлда цунна) аьлла: «Ахь ала: Йа́ со́ниIа кулли масну́I, ва йа́ джа́бира кулли каси́р, ва йа́ ша́хIида кулли наджва́, ва йа́ хьа́дира кулли малаъ, ва йа́ муфаррижа кулли карбахI, ва йа́ со́хьиба кулли гIари́б, ва йа́ муъниса кулли вахьшахI, и́тини́ бил-фаражи вар-рахо́ъ, вакъзиф роджа́ака фи́ къалби́ хьатта́ ла́ аржува ахьадан сива́к». ТIаккха Юсуфа (Делера салам хуьлда цунна) и доIа цу буьйсанна юх-юха доьшуш дина хилла, тIаккха, нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа иза цу Iуьйранна гIу чура араваьккхина».[1]

Имам Ал-КъуртIубийс и доIа кхечу дийцарца а, иштта хIокху дешнашца а дийцина: «Алло́хIумма йа́ муъниса кулли гIари́б, ва йа́ со́хьиба кулли вахьи́д, ва йа малджаа кулли хо́иф, ва йа́ ка́шифа кулли карбахI, ва йа́ Iа́лима кулли нажва́, ва йа́ мунтахIа́ кулли шаква́, ва йа́ сирра кулли малаъ, йа́ хьаййу йа́ къаййу́м, асъалука ан такъзифа раджа́ака фи́ къалби́, хьатта́ ла́ йаку́на ли́ хIаммун ва ла́ шугIлун гIойрак, ва ан таджIала ли́ мин амри́ фараджан ва махраджа́, иннака Iала́ кулли шайъин къади́р».

Доьххьаралерачу доIанан маьIна иштта ду: «ХIай массо хIума кхоьллина верг, воьхнарг меттавалош верг, массо кхайкхам хезаш верг, массо гуламехь (Хьайн Хаарца, Хазарца) волуш верг, берриге гIайгIа-бала дIаайбеш верг, массо хийрачунна накъост верг, ерриге цхьаалла (гIайгIа) дIайоккхуш верг, (баланах, халонах) кIелхьаравалар а, синтем а, паргIато а ло Ахь суна, Хьайга догдахар а таса Ахь сан дагчу, Хьо воцучуьнга кхин цхьаьнгга а ас догдохур доцучу кепара».

ШолгIачу доIанан маьIна иштта ду: «Йа АллахI! Массо хийрачунна накъост верг, ша цхьаъ виссинчунна массарна накъост верг, кхерам берг массо Шега воьрзуш верг, массо кхайкхам бевзаш верг, массо латкъам Шега боьрзуш верг, массо гуламан къайле йолуш верг, хIай даим дийна верг, хIай даим волуш верг, ас доьху Хьоьга Ахь Хьайга догдахар сан дагчу тасар, Хьо воцург кхин ойла а, гIуллакх а сан хир доцуш; ас доьху Хьоьга хIокху сан балхана суна синтем балар а, кIелхьаравалар далар а, бакъдолуш Хьо массо хIуманна тIехь никъ болуш ву-кх».

ТIаккха, хууш хила деза и доIанаш а, и дийцарш а Жайнин охIлунгара (христианашкара а, жуьгташкара а) схьакхаьчча хилар. И доIанаш билггал долчу хьадисашкахь даьхкина дац, Жайнин охIлу болчу нахера схьадийцина ду. Ткъа, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла ду цу хьокъехь: «Жайнин охIлунах болчара шайна дийцинарг бакъ а ма де, харц а ма де, (муххале) аш ала: «Тхо тешна АллахIах а, Цуьнан жайнех а, Цуьнан элчанех а». Нагахь санна цара дуьйцург бакъ хилахь – иза харц динарш хир дац шу; нагахь санна иза харц хилахь – иза бакъдинарш хир дац шу».[2]

Шена луучо дан мегар ду и вай дийцина долу доIанаш, хIунда аьлча АллахIе дехар доцург кхин вон хIумма дац цу юкъахь. Делахь а, цу доIанийн цхьа къаьсттина дозалла ду аьлла хета мегар дац, хIунда аьлча иза вайн шариIатехь билггал болчу некъаца сецна доцу дела. Кхин а, Къуръан тIехь а, билггал долчу Суннатехь даьхкинчу доIанел деза а хир дац иза. Вуьшта, ша́ хаза маьIна долуш доIа ду иза.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

21.04.2010 = ‏07‏/05‏/1431


 

[1] Имам Маккий ибн Аби́ ТIо́либ, «Ал-хIида́йату ила́ булугIин-нихIа́йахI»; Имам Ал-КъуртIубий, «Ал-джа́миIу лиахька́мил-къуръа́н».

[2] Абу Давуд, Ахьмад, БайхIакъий.