|
|
|
Ассаламу
Iалайкум!
Цхьа хаттар дар кхолладелла , шен хьокъехь цхьа жоп ца луш , иза перз ламаз
т1ехь волуш сужудехь нохчийн маттахь до1а дар мега йа ца мега ду.
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Ламаз тIехь доIа дар шина кепара ду: хьадисашкахь деанчу дешнашца долу доIа а, вуьшта шен дешнашца долу доIа а. Iаьрбийн маттахь доIа ца Iамалучунна мегаш ду хьадисашкахь даьхкина доIанаш шен маттахь дар, масала хьадисехь деана долу сужудехь ден доIа нохчийн маттахь уьзза маьIна долу доIа дан мегаш ду, нагахь санна иза Iаьрбийн маттахь Iамалуш дацахь. Амма, хьадисехь деана доIанаш а доцуш, кхин, шегара шен дешнашца ламазехь доIа дар мегаш дац дукхах болчу Iелам-нахана гергахь, иштта доIа дича ламаз гал а долу. Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – бах, «Ал-МаджмýI» тIехь: «Шен дешнаш а, ден меттиг а суннатера схьаеана долу доIа оцу меттехь гочдина дан мегаш ду Iаьрбийн маттахь иза Iама ца лучунна, иза мегаш дац Iамалучунна, Iамо ницкъ кхочучо иза гочдина дахь цуьнан ламаз гал дер ду. И ду цу хьокъехь аьллачу кхаа дашах нийсаниг. Суннатехь деанарг а доцуш, шегара шен дешнашца, Iаьрбийн маттахь а ца деш доIа дан мегар дац, и мегаш ца хилар тIехь къовсам а бац (мазхIаб юкъахь), иштта и доIа дарца ламаз гал а долу. Делахь а, цунна бIостанехьа ду, Iаьрбийн маттахь шегара шен дешнашца доIа дан мегаш хилар, цу тIехь а цхьа а къовсам бац (мазхIаб юкъахь)». Цхьаболчу Iелам-наха, Iаьрбийн маттахь доIанаш ца Iамалучунна а, Iаьрбийн мотт ца Iамалучунна а магийна шен маттахь шен дешнашца ламазехь доIа дар.[1] Делахь а, ламазехь доIа дар парз ца хилча, ларвалар тIехь ду нохчийн маттахь цхьа хIума ламазана юкъадаийтарх. Сужудехь Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – деш хилла аьлла долу доIанаш Iамо хьажа а веза, уьш дукха а дац, дуккха а диканаш чулоцуш а ду, къаьсттина тахана уьш шайн маьIнаш довза а девзаш Iамо йиш а ю. Ткъа вуьшта, шена луург деха луучунна, кхин а дикка меттигаш ю, доIина жоп луш ю аьлла хьадисашкахь яьхкина.[2] Цундела, Iаьрбийн мотт ца хуучо, ламаз тIехь доIа дечу хенахь хьадисехь деънарг а деш, ламазал арахьа шена луъург доьхуш а деш дан деза доIа.
Ткъа дика хууш верг АллахI ву!
[1] Церах ву таханлера Iелам-стаг Шейх Мухьаммад ал-Мухтáр Аш-ШинкъúтIий, Дала Iалаш войла иза. [2] Уьш йовза луург хьажа «Жоп луш долу доIанаш нийса довзаран хаамаш» жайни тIе а, «Къуръан тIера а, Суннатера а доIанаш» жайни тIе а. |