|
|
| Видео |
| Хьешан тептар |
| Кехат язде соьга |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум Олхазар. Ас дешнера кху чохь куьйгаш йохь тIе хьакхарх лаьцна долчу хаттарна жоп. Цуьнца са кхин цхьа хаттар кхолладеллера. Вайн Пайхамара (соллаллохIу IалайхIи ва саллам) йохь тIе куьйгаш ца хьаькхнера аьлла деана дуй цхьанхьа? Дала Шен доьхьа бойла хIара хьан болх.
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Суна а хууш къаьсттина и маьIна долуш деана хIумма дац. Делахь а, цо (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) доIа дира, цо ши куьг а айдира бохуш долу хьадисаш дуккха а, цу хьадисашкахь цо шен ши куьг юьхь тIе хьаькхира аьлла хьахош дац. Ткъа и санна долу хьадисаш тоьшалла хила тарлуш ду куьйгаш юьхь тIе хьакхар суннат ду аьлла боцучарна, хIунда аьлча юьхь тIе ши куьг хьаькхира аьлла деана хьадис цара гIийла лору, ткъа и бен кхин хьаькхира аьлла хьадис ца хилча иза суннат дац олу цара. Ткъа дика хуург АллахI ву! 16.08.2011 = 16.09.1432
|