Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум! Олхазар, ламаз т1ехьа деш долу до1а джама1атца дича нийса ду, йа х1ораммо ша-ша дича нийса ду (суннатехь)?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

Ламазал тIаьхьа доIа дар а, и доIа деш ши куьг хьалаайдар а мегаш хилар а, дика хилар а вай дийцира хьалха хIокху шина хаттарехь:

ДоIа деш ши куьг хьалаайдар

Парз ламаз динчул тIаьхьа доIа деш ши куьг хьалаайдар

 

Ткъа и доIа даран куц Iелам-наха иштта дийцина:

«Суннат ду ламазал тIаьхьа деш долу зикр а, доIа а аз а ца айдеш къайлах дар, цунах лаьцна даьхкина нийса хьадисаш долу дела; ткъа нагахь санна и зикр а, доIа а дан ца хууш нах белахь, имамо чIогIа дийр ду иза, хаза а хезаш, царна Iаммалц, тIаккха царна иза Iеминчул тIаьхьа, къайлах, меллаша дийр ду».[1]

Амма ламазал тIаьхьа ден доIа жамаIатца дар – иза деана дац йа суннатехь а, йа асхьабашкара а, йа церал тIаьхьа хиллачу баккхийчу Iелам-нахера а; иза дика хилар Iелам-наха хьахош гина а дац суна. Муххале а, цхьаболчу Iелам-наха, даим жамаIатца и доIа дар керлаюкъадаьккхина вон хIума (бидIат) лерина, Пайхамаран – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – заманахь а, цул тIаьхьа асхьабийн заманахь а иза иштта деш хилла доцу дела.[2]

Сийлахь Пайхамара а – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – цуьнан асхьабаша а ламазал тIаьхьа деш долу зикр а, доIа а хIораммо а ша-ша деш хилла, хьадисашкахь деана ма-дарра, цундела, вай а цара ма-дарра дича нийса хир ду суннатехь, иштта хилча беркате а, ял алсам йолуш а хир ду Дала мукъа лахь.

Ткъа, наггахь, цхьацца хьолехь иза жамаIатца дича хIумма а дуй аьлла хаттар кхолладелча, ала догIу: къаьсттина ламазал тIаьхьа деш долу доIа жамаIатца дар суннат ду аьлла кхетам хир бацахь, йа иштта ду моьттуш иза лелор а дацахь, наггахь цхьана бахьанийна иза жамаIатца дича вон хIумма а ца хила мега, цхьамма доIа а деш, кхечара амин а олуш доIа дар мегаш хилар дуьйцучу хьадисашна тIедоьгIча, делахь а, вай лакхахь ма-аллара, даим иза жамаIатца дар суннат ду мотта мегар дац.

 

Ткъа дика хуург лекха хинволу АллахI ву!


 

[1] «Аснал-МатIолиб», 2/486, Шайхул-Ислам Закариййа Ал-Ансорий; «МугIнил-Мухьтадж», 2/437, Имам Аш-Ширбиний; «НихIайатул-Мухьтадж», 4/396, Имам Ар-Рамлий; «Тухьфатул-Мухьтадж», 6/209, Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий.

[2] Имам Аш-ШатIибийс шен «Ал-ИIтисом» жайни тIехь иза бидIат лерина аьлла дийцина Шейх Рашид Ридос, цо ша а иза иштта хилар тола а дина., «Маджаллатул-Манар», 31/189.