Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Дехар дара сан салам делла ламаз дIадерзийначул тIаьхьа доьшуш долу доIа яздар.

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Салам делла, ламаз дIадерзийначул тIаьхьа деш долу доIанаш масийтта хьадисехь масийтта кепара даьхкина ду. Вай кхузахь дуьйцур ду Делан пурбанца, Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – шен «Ал-Азка́р» жайни тIехь «Ламазал тIаьхьа дечу азкарийн дакъа» цIе йолчу меттехь дийцина доIанаш. Ткъа цул хьалха билгалдича дика хир ду, муьлхха а доIа АллахIана хастам барца а, Цуьнан Элчанна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – салават-салам дилларца а дIадоло дезаш хилар. Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Iелам-нехан бартхилла хIума ду доIа дар лекха хинволчу АллахIана хастам барца а, Иза вазварца а, тIаккха АллахIан Элчанна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – салават дилларца а дIадолор мелехь хилар. Иштта дIа а дерзор ду иза. Цу хьокъехь даьхкина долу хьадисаш дукха ду, девзаш а ду».[1]

ДоIа иштта дIадолийначул тIаьхьа, кхидIа, Имам Нававийс дийцина долу хIара доIанаш деша мегар ду:  

«Алло́хIумма инни́ аIу́зу бика минал-джубн, ва аIу́зу бика ан урадда ила́ арзалил-Iумур, ва аIу́зу бика мин фитнатид-дунйа́, ва аIу́зу бика мин Iаза́бил-къабр».[2]

МаьIна: «Йа АллахI! Хьоьца ларло со осалаллех; Хьоьца ларло со къанвелча, уггар вочу-халчу хене ва́ларх; Хьоьца ларло со дуьненан питанех; Хьоьца ларло со кошан Iазапах».

«АллóхIумма аIиннú Iалá зикрика ва шукрика ва хьусни Iибáдатик».[3]

МаьIна: «Йа АллахI! Суна гIо де Ахь Хьо хьехорна тIехь, Хьайна шукр дарехь, Хьайна хаза Iибадат дарехь».

«Алло́хIуммагIфир ли́ зуну́би́ ва хатIо́йа́йа куллахIа́. Алло́хIумманIишни́ ваджбурни́, вахIдини́ лисо́лихьил-аIма́ли вал-ахла́къ, иннахIу́ ла́ йахIди́ лисо́лихьихIа́ ва ла́ йасрифу саййиахIа́ илла́ ант».[4]

МаьIна: «Йа АллахI! Сан дерриге къиношна а, гIалаташна а гечде Ахь. Йа АллахI! Лакхаваккха Ахь со, синтем а, дикчуьнца тоам а хилийта Ахь суна. Дикчу Iамалшна а, гIиллакхашна а тIенисве Ахь со, бакъдолуш Хьоьга бен церах дикачарна тIенисвалуш а вац, церах вониш духатохалуш а дац».

«Алло́хIуммаджIал хайра Iумури́ а́хирахI, ва хайра Iамали́ хава́тимахI, ваджIал хайра аййа́ми́ йавма алкъо́к».[5]

МаьIна: «Йа АллахI! Сан оьмаран уггар дика хан тIаьххьарниг хилийта Ахь, сан Iамалех угггар диканаш тIаьххьарнаш хилийта Ахь, сан денойх уггар диканиг со Хьоьца цхьанакхетар волу де хилийта Ахь».

«Алло́хIумма инни́ аIу́зу бика минал-куфри вал-факъри ва Iаза́бил-къабр».[6]

«Йа АллахI! Хьоьца ларло со керстаналлех а, къеллах а, кошан Iазапах а».

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Шух цхьамма доIа деш хилахь, АллахIа хасторца а, Иза вазварца а дIадоладойла цо иза, тIаккха Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – салават дуьллийла цо, тIаккха шена луург доьхийла цо».[7]

Чекхдели Имам Нававийс дийцинарг.

Кхузахь билгал дан деза ламазал тIаьхьа уьш доцурш а муьлхха а доIа дан мегаш хилар, Iаьрбийн маттахь дерг а, нохчийн маттахь дерг а, дуьне доьхуш дерг а, эхарт доьхуш дерг а. Делан Элчане – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хаьттина хилла: «Муьлха доIа ду уггар гIолий дIахезаш дерг?». Цо жоп делла: «Буьйсанан тIаьххьарчу декъехь динарг а ду, яздина (парз дина тIедехкинчу) ламазел тIаьхьа динарг а ду».[8]

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!


 

[1] Имам Ан-Нававий, «Ал-Азкар», 117.

[2] Бухарий.

[3] Абу Давуд, Насаий.

[4] Ибн Ас-Сунний.

[5] Ибн Ас-Сунний.

[6] Ибн Ас-Сунний.

[7] Абу Давуд, Тирмизий.

[8] Тирмизий.