Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум! Сан цхьа хаттар дара. КIант хилийта деш доIа ду бохуш хезза суна .
Бакъ дуй иза, делахь муха деш ду и доIа?.
Iодикйойла.
Асет.

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

Жимма лахахь вай хьахор долу ИбрахIим-пайхамара динчу доIанах лаьцна цхьаболчу Iелам-наха аьлларг доцург, суна а хууш къаьсттина кIант хилийта деш деана доIа дац бусалба динан баххашкахь – Къуръан тIехь а, Суннатехь а, асхьабашкара а, йа баккхийчу Iелам-нахера а. Бакъду, цхьаммо Iаьрбийн маттахь яздина хила мега, ахь вайн маттахь дича а мегар долу, уьзза маьIна долу доIа, тIаккха иза цхьа къаьсттина доIа долуш санна лелош хила а мега, делахь а иштта долу доIа кхечу доIанаш юкъахь къастам болуш дац, бусалба динан баххехь цхьана бухера схьа иза деана дацахь.

Доьзалхо хилийтар доьхуш доIа дарх лаьцна, Дала Къуръан тIехь довзийтина вайна цхьаболчу пайхамарша – Делера салават а, салам а хуьлда царна – дина хилла доIанаш. И доIанаш дар чIогIа дика ду, хIунда аьлча уьш пайхамарша дина доIанаш ду, Дала Къуръан тIехь дийцина доIанаш а ду. Церах ду:

1) Лекха хинволчу АллахIа довзийтина вайна, ИбрахIим-пайхамар – Делера маршалла хуьлда цунна – ша шен къам тавхьиде кхайкхар цо тIе ца лаьцча, иза кхечу махка хIижрат дан воьлча, Деле кхайкхаран балха тIехь а, дикачу гIуллакх тIехь а шена накъост везарна цо дина долу доIа. Лекха хинволчу АллахIа бах ИбрахIима дина доIа дуьйцуш: ×Цо элира: «Со сайн Дела волчу (хIижрат) дина воьду. Сан Дела! Лохьа суна дикачу нахах (доьзалхо)». ТIаккха Оха кхаъ баьккхира цуьнга эсала кIант (лур хиларца)Ø. [Сурат «Ас-Сóффáт» 99-101 айаташ].

Цхьаболчу Iелам-наха хIокху айатан маьIна деш, цо вехнарг кIант хилла аьлла,[1] цхьаболчара билгал ца дина иза кIант хилла хилар.

2) Закариййáс а дина доIа, Марйамана Дала дина ниIматаш шена гича, шена доьзалхо воьхуш. Лекха хинволчо бах Къуръан тIехь, цо шена доьзалхо воьхуш доIа дарх лаьцна: ×ХIетахь дийхира Закариййáс шен Деле: «Сан Дела! Хьайгара дика тIаьхье (доьзалхо) лохьа суна, бакъдолуш Хьо (Хьайга дина) доIа хезаш ву-кх!»Ø. [Сурат «Áл Iимрáн», 38 айат].  

 

КIант воьхуш доIа дан луучо, и ИбрахIим-пайхамара – Делера салам  хуьлда цунна – дина долу доIа дича дика хир ду, иза Делан дош долу дела, Делан дашца – Къуръанаца – доккха беркат долу дела. Кхин а, цуьнца цхьаьне Закариййá-пайхамара – Делера салам  хуьлда цунна – дина долу доIа дича а дика хир ду, иза а пайхамара дина доIа а долу дела, дика доьзалхо воьхуш а долу дела. И доIанаш укъа Къуръан тIехь ма-дарра Iаьрбийн маттахь дIа доьшуш, тIаккха вайн маттахь церан маьIна а доьшуш, цул тIаьхьа, вайн маттахь хьой кхеттачу кепара, хьайна деха атта долччу кепара Деле кIант хилийтар дехча дика хир ду. Ткъа, и ши доIа Iаьрбийн маттахь а, вайн маттахь а дIадешча иштта хир ду:

ИбрáхIим-пайхамара динарг: ×Робби хIаб лú минассóлихьúнØ. «Сан Дела! Дикачу нахах хир волу кIант лохьа суна».

Закариййá-пайхамара динарг ×Робби хIаб лú мил-ладунка зурриййатан тIоййибатан иннака самúIуд-дуIáъØ. «Сан Дела! Хьайна гергара дика тIаьхье лохьа суна, бакъдолуш Хьо Хьайга доьхуш деш долу доIа хезаш ву-кх».

КхидIа хьайн маттахь, хьайн дешнашца, хьайна ма луъу доIа дийр ду ахь.

 

ДоIа даран дозаллех а, доIа дича жоп луш йолчу хенехь а, доIанах лаьцна долу кхидолчу хаттарех а лаьцна хIара ши жайна дешарца хьехар до ас хьуна:

«Къуръан тIера а, суннатера а доIанаш».

«Жоп луш долу доIанаш нийса довзаран хаамаш».


 

[1] «Тайсúрул-Карúмир-Рохьмáн», Шейх Iабдуррахьман Ас-СаIдий.