|
|
|
Ассаламу Iалайкум! Керстанаша Делаца накъост вина, 1ийса Даим Делаца хилла ву аьлла, ткъа жуьгтий мушрикаш а боцуш, цера дин ( жуьгтийн маттахь цуьна ц1е йаадут ю) харц х1унда лору?
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Керстанаша Делаца накъост варан бахьана и хилла ца Iа. Iийса-пайхамар – Делера салам хуьлда цунна – Делан кIант ву бах цара. Дела а, Iийса а, Жабраил-малийк а делаллин цхьалла йолуш ду бах цара. Цигара схьа, Дела Iийсанан дегIаца, цуьнца цхьаьна хилла ву, делалла а адамалла а цхьанакхетта хилла бах цара. Iийса-пайхамар делаллин куц долуш хилар тIехь барт хилар хилла, керстанийн терахьца 325 шарахь – иза Дала стигала хьалаваьккхинчул тIаьхьа кхо бIе шо зама яьлча – Нúкъиййа-цхьанакхетарехь. Оцу цхьанакхетаре веана хилла ши эзар шовзткъе бархI (2048) мозгIар а, керстанийн Iелам-стаг, дерриге дуьнена тIера. Керстанашна юкъара къийсамаш дIабахархьама, хIетахьлера Рим пачхьалкхан куьйгалхочо – цIунийн дин тIехь хилла волчу – цхьанатоьхна хилла уьш, Iийса мила ву билгалдайта. Оцу цхьанакхеттачарна юкъахь хилла Áриос цIе йолу Iелам-стаг, цо Iийса АллахIан пайхамар а ву, Цуьнан элча а ву, адам а ду, Делан лайшна юкъара цхьа лай а ву аьлла. Цигахь хиллачу мозгIаршна юкъара цунна тIетайна 1731, виссина 317 мозгIар бен тIе ца тайна Iийса делаллин куц долуш ву аьлла волчу цхьанна. Цигахь тIаккха и кIеззиг болчеран харц дош къобал дина Риман паччахьо, шен цIунийн динан кхетамца иза цхьаьнадогIуш долу дела. Доьххьара эццахь тIелаьцна ду керстанаша Iийса дела ву аьлла, хIетталц и кхетам хилла бац иштта. Иза тIелаьцнарш вовшахкхеттачеран иттолгIа дакъа бен ца хилла, кхиберш массо реза ца хилла церан сацамна. И сацам бича, Риман паччахьо омру дина «Сийлахь Жайна» нахана юкъара дIа а даккха, мозгIарша дуьйцург бен нахана довза а ма довзийта аьлла. Нахана юкъахь ца доьшуьйтуш сацийна хилла долу «Жайна» нахана юха юкъа ца даьккхина 1516 шарахь бен. Оцу кепара кхоллабелла таханлерачу керстанийн (христианийн) Iийсанах лаьцна болу кхетам, иза бакъ ца бина болу дукхах берш паччахьо лоьхкуш хьийзорца а, и харц кхетам чIагIбалийтархьама нахана юкъара Инжил дIадаккхарца а.
Амма жуьгтий мушрикаш боццушехь церан дин харц хIунда лору боху хаттар… Цунна жоп луш вуно дукха айаташ ду Къуръан тIехь, жуьгтий мушрикаш хилар а, цара шайн дин шайга доьххьара деллачунна тIера хийцина хилар а гойтуш. И ца хилча а, Мухьаммад – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – АллахIан тIаьххьара элча а, пайхамар а ву, иза массо нахана ваийтина хилла а ву, цундела жуьгтий а, керстанаш а, кхиберш а, массо нах цунна тIаьхьахIитта безаш бара. Ислам-дин даийтарца шайн хьукм а, шайн лелар а дIаайдина ду АллахIа цул хьалха хиллачу дерриге динийн. Къуръанаца дIаайдина Цо цул хьалха хиллачу массо жайнийн хьукм а. Жуьгташна а, керстанашна а церан шарI делла волчу АллахIа, Мусанах а, Iийсанах а пайхамар а, элча а вина хиллачу АллахIа, Ислам делла керла шарI дина, Мухьаммад а ваийтина керла элча а, пайхамар а вина – Делера салават а, салам а хуьлда цунна. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: ×Жуьгташа аьлла: Iузайр[1] АллахIан кIант ву; керстанаша а аьлла: Iийса АллахIан кIант ву; иза цара шайн батошца аьлла (бакъ доцу) дош ду, уьш тарлуш бу (цуьнца, церал) хьалха керстаналла динчара аьллачу дашах, АллахIан тIом хуьлда-кх царна; муха боьрзу уьш бакъонна тIера дIа?! Цара лийцина (шайна) шайн Iилманчаш а, шайн суьпахой а делий АллахIан меттина, Марйаман кIант Iийса а (дела лаьцна цара), ткъа царна омру дина дацара цхьана Делана Iибадат де аьлла бен, Иза воцург кхин дела вац, сийлахь-цIена ву Иза церан ширках (Шеца накъостий барх)Ø.[2] Оцу айатехь АллахIа довзуьйту, жуьгташа ширк дина хилар, Iузайр АллахIан кIант ву аларца а, шайн Iилманчаш АллахIан метта делий лийцарца а, АллахIа хьанал динарг цара хьарам дича иза тIе а лоцуш, АллахIа хьарам динарг цара хьанал дича иза а тIе а лоцуш. Иштта Делаца накъост вина керстанаша а, Iийса АллахIан кIант ву аларца а, иза а, Жабраил-малийк а делалла долуш ду аларца а, шайн суьпахой АллахIан метта делий лийцарца а. Жуьгташа шайн дин хийцина хилар а, цара ширк дина хилар а, кхидIа дерг а ца дийцича а, АллахIа Ислам динца и дерриге динаш дIаайдина хилар тоьаш ду уьш тахана шайца Iамал йан мегаш доцуш харц хилар довза. Цунах лаьцна вай шен тешаллашца а, баххашца а дийцира эхартах лаьцна яздинчу яздарехь. |