Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум сан бусалба Ваша! Ас дина долуш долу зуламаш сайни АллахIани бен ца хуаш дита лаам болуш ду хьуна. Со Iаш Москвахь ву. Кхуза кхачаран бахьана ден-ненан воккхах доьзалхо хиларна белха некъ лелаба араваьлла ву со цIера. ЦIера ара валале, айса лелориг даггараъ долуш, АллахI реза хиларе сатессина лелашаъ, детталуш  дог а долуш вара со. Кхузахь Iаш ах шо - шо зама яьлча, даккхий долу къиноьш дийла дуьйла делла соьгара. Айса зулам дечу заман чохь, «йа АллахI, суна лууш дац-кх хIара, ма дайтахьара ахь», - бохуш сай Деле доьхуш. Айса дина дехарна Шега дехарцани жоп лушшехь, и зулам а, и даккхий долу къинош а довлийтина-кх ас. Со сайх кхеташ а воцуш. Со ният дина вара сайн доцучу рицкъанна тIе ца кховда, (хIора дийнахь и рицкъа юха меттахотта дан пурба доьхуш Деле доьхуш дохко ваьллехь а), неха рицкъана тIе-а кхоьйдана со. Оцу рицкъана тIе кховдарца тешаме ца хилла со. АллахI реза хиларе сатеснаъ, и АллахI везаш доьлхуш дог деза суна. Верза лаьа суна АллахIе. Моьхьаммад  (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) сил дукха а везаш. Сайн дегIаца, дахарца даиман бакъдег долуш. АллахIан къинхетамах дог диллина луш хаттар дац ас хIара. Ас луш долу хаттар АллахIан хьаставала, АллахIана хазахетачу агIор сайна хаа лаар ду. АллахI реза воцучу нахана юккъера АллахI реза волчарна юкъа вазвала меттиг бисний-техьа суна? Муьлха АллахIана хазахета диканаш дича реза хир вара-техьа суна АллахI? Дохко ваьлла со. Ассаламу Iалайкум. Дела рез хуьлда шуна, хIокху хаттарна жоп лахь а, цалуш дисахь а!

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Бакъдолуш, лекхачу АллахIа боху: «Сан лайн Соьца йолчу ойлане хьаьжжина хир ву Со цуьнца а. Со цо хьахавахь (Со цо хьехош мел ву) Цуьнца ву Со. Нагахь санна Со цо ше́лахь хьаха вахь, Ас иза а хьахор ву сайлахь. Ткъа цо Со юкъараллехь хьаха вахь, Ас иза цул дикачу юкъараллехь хьахор ву. Ткъа иза Суна цхьа ша герга вагIахь, Со цунна цхьа дол герга вогIур ву. Ткъа иза Суна цхьа дол герга вагIахь, Со цунна кхин а герга вогIур ву. Ткъа иза волавелла Суна герга вагIахь, Со цунна сихонца герга гIур ву».[1]

«Сан лайн Соьца йолчу ойлане хьаьжжина хир ву Со цуьнца а» - бохучу дешнийн маьIна: Со Шеца дика хир ву аьлла хеташ, Сан дикалле догдохуш иза хилахь, дика хир ву Со цуьнца; Ас шех къинхетам бийр бу аьлла цунна хетахь, къинхетаме хир ву Со цуьнца; Ас шен доIийна жоп лур ду аьлла иза хеташ велахь, дехнарг лур ду Ас цунна. Со шеца вон хир ву аьлла хеташ иза велахь, Сан къинхетамах догдиллина и велахь, Сан комаьршалле-дикане догдохуш иза вацахь, вон хила а йиш ю Сан цуьнца, цунна ма-хетта вон хила а йиш ю Сан, - иштта маьIна ду оцу дешнийн. Делаца йолу ойла дика хила езаш хилар гойтуш ду и хьадис, тIаккха Иза дукха хьехоран дозалла а гойтуш ду и хьадис. Дела ваьшца дика хилийта вайна лаахь, вайна Цо дика дийр ду аьлла хеташ хила деза вай, Цуьнан дикалле догдохуш хила деза вай. Цундела, лераме ваша, Дала хьайх къинхетам а бийр бу, Дела хьайна реза а хир ву аьлла хеташ, иштта дика ойла йолуш хила веза хьо, Цуьнгарчу дикане догдохуш а, сатуьйсуш а хила веза хьо. Догдилла а мегар дац ахь, айхьа мел дукха къинош летийнехь а, хьайн дIадахана дахар мел вон хиллехь а.

Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Лекхачу АллахIа аьлла: «ХIай А́даман кIант! Бакъдолуш, хьо соьга доьхуш (доIа деш) а, Соьга догдохуш-сатуьйсуш а мел ву, хьоьгара дийлинчунна гечдийр ду Ас хьуна, иза (доккха хIума дара аьлла) кхин тидаме а ца лоцуш. ХIай А́даман кIант! Хьан къинош стигланан локхалле хьалакхаьчначул тIаьхьа а ахь Соьга гечдар дехча, гечдийр ду хьуна Ас. ХIай А́даман кIант! Бакъдолуш, дуьне дуьззина хир долчу барамехь къинош а дохьуш хьо Суна доьхьал вагIахь, тIаккха цхьаъа хIуманца Соьца накъост лаьцна а воцуш хьо Суна доьхьал хIоттахь – оцу дуьненан барамехь Сайгара гечдар хуьлуьйтур ду хьуна Ас».[2]

Лераме ваша! Ахь мел дукха къинош леторах, Делан къинхетам хьан къинойл боккха бу хьуна, Цуьнан къинхетам доза доцуш бу хьуна! Дан ма-дезза тоба а дина, вала ма-везза дохко а ваьлла, ахь даггара АллахIе хьайна гечдар дехахь, Цо хьуна гечдийр ду хьуна.

ТIаккха, кхидIа йолчу хенахь АллахI реза хилийта хIун дийр дара-те хоьтту ахь. АллахIана хьой герга вуьгур долу хIума довза лаьа хьуна. Хьалха хилларг а, лелларг а тоба дарца дIадайъина дIацIандинчул тIаьхьа, хьайн дахарехь керла агIо схьаелла лаьа хьуна, хьайн дахар дика хуьлуьйтур долуш, иза ирсе дийр долуш… Иза а хьуна довзуьйтур ду вайна дукха везаш волчу вайн сийлахь Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна а, цуьнан охIлунна а). Ткъа иза доладале хьалха, хьуна хаийта лаьа суна, хьайна тIехь долу нехан хьакъ ахь тIерадаккха дезаш хилар, шен долчуьнга иза дIакхачорца, йа иза къинтIера ваккхарца. Делан хьакъ Деле гечдар дехарца Дала тIерадоккхур ду хьуна, ткъа нехан хьакъ тIерадалар йа цаьрга иза юхадерзорца бен хир дац, йа уьш къинтIера бахарца бен хир дац. Иза девзинчул тIаьхьа…

Цхьана асхьаба аьлла хилла Пайхамаре (Делера салават а, салам а хуьлда цунна): «ХIай АллахIан Элча! Бусалба динехь цхьа хIума алахь соьга, хьоьгара иза сайна девзича кхечаьрга ас цунах лаьцна хетта дезар доцуш». Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) жоп делла цунна:

«АллахIах тешна со», - а алий, тIаккха нисло́ хьо». (Муслим)

Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) шина дашца массо хIума дийцина цунна. Хьайн Делах тешар карладаккха аьлла цо цуьнга, тIаккха, диканиг дарца а, вочух ларваларца а нисло аьлла цо цуьнга. Хьайн кхетам, хьайн тешар нийса хилийта, дика хилийта, тIаккха дика Iамалш а йе́, Дала хьайна тIеехкина ерш а, ахь айхьа хьайгара мелана еш ерш а, Дала хьарам дина долчу вочу хIуманех лар а ло. Кхетам а, тешар а нийса хир ду хьан, Къуръано а, Суннато а гойтуш долчу тешар тIехь а, кхетам тIехь а хьо хилахь, элира-бахарш Iадда а дитина. Дика Iамалш йийр ю ахь, Дала хьайна парз дина тIедожийна долу декхарш дан ма-дезза кхочуш дарца а, хьайга далуччул совнаха долу ме́лан гIуллакхаш дарца а. Вочу хIуманах а ларвелла хир ву хьо, Дала хьарам динчунах генаваларца а, хьарам тIевуьгучу некъашна генаваларца а, шеко йолчу хIуманашна генаваларца а. Сийлахь-везчу АллахIа хIокху айаташкахь аьлларг ду иза:

[Бакъдолуш, «АллахI ву тхан Эла (Дела)», - а аьлла, тIаккха (нийсачу некъа тIехь) нисбелларш (Iилманца а, Iамалца а) – царна тIедуьссу малийкаш: «Кхера а ма кхоьрийла шу, са а ма гатдойла аш! Кхаъ бу шуьга шуна хир ю аьлла йийцинчу ялсаманийца! Тхо ду шун доладархой дуьненан дахарехь а, эхартахь а; цигахь хир ду шуна шун синошна деззарг, цигахь хир ду шуна аш дехннарг. Гечдеш а, къинхетам беш а волчуьнгара (шун лерамана) шуна кечдина рицкъ ду иза»].[3]

[Бакъдолуш, «АллахI ву тхан Эла (Дела)», - а аьлла, тIаккха (нийсачу некъа тIехь) нисбелларш – кхерам бац царна тIехь, йа сингаттамехь а хир бац уьш. Уьш бу ялсамане кхочур берш, даиманна цу чохь хир берш, цара деш хиллачунна (цара еш хиллачу дикчу Iамална) бекхам беш].[4]

● Амма дика Iамалш йарх лаьцна аьлча… Уггар АллахIана дукха езаш йолу Iамал а, уггар сиха а, чIогIа а Цунна герга вуьгуш йолу Iамал а, тIаккха Цуьнца долу гергарло чIагIдеш йолу Iамал а, Цуьнан эвлаяъ хуьлуьйтуш йолчу Iамалех цхьа Iамал а вайна йовзийтина АллахIа Ша́, Шен Пайхамарехула (Делера салават а, салам а хуьлда цунна). АллахIан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Бакъдолуш, лекхачу АллахIа аьлла: «Суна гергара волчу стагца (Сан эвлаяаца) мостагIалла лелош волчунна Ас дIакхайкхийна тIом! Сан лай Суна герга вогIуш цо лелош долчу хIуманех Ас цунна парз дина тIедожийначул чIогIа Суна дукха дезаш цхьаъа хIума дац. (ТIаккха,) суннаташ (важиб доцуш, ме́лана лелош долу хIуманаш) дарца Суна герга вогIучара соцур вац Сан лай, Суна ша везаваллалц. Ткъа нагахь санна Суна иза везалахь – цуьнан хазарца цхьаьна хир ву Со, цуьнан бIаьрсица цхьаьна хир ву Со, цо ле́беш болчу маттаца хир ву Со, цо дIаIуттучу куьйгаца хир ву Со, цо боккхучу когаца хир ву Со. Цо Сайга дехахь, цунна (цо дехнарг) лур ма ду Ас, цо Соьца ларвалар лахахь – иза лар а вийр ма ву Ас».[5]

Оцу беркатечу дешнийн маьIна иштта ду: Сан лайша деш долчу Iибадат юкъахь уггар Суна дукха дезарг Ас парз дина тIедожийна дерг ду. Парз ламаз суннат ламазал деза ду, закат даларан ме́л сагIанан ме́лал боккха бу, парз марха ме́лал марханал деза ду, парз тIера доккхуш деш долу хьаджан ял цул тIаьхьа динчу хьаджан йо́лал йоккха ю. Ткъа, парз долу хIуманаш лардан ма-дезза лар а деш, даим дуккха суннат долу хIуманаш лелийча, Сан лай Суна ве́зар ву. Ткъа иза Суна везаш хилахь, диканиг бен хозуьйтур а дац Ас цунна, диканиг бен гойтур а дац Ас цунна, диканиг бен цхьаъа хIума дойтур а дац Ас цуьнга, массо агIор диканиг хуьлуйтур ду Ас цунна, Цо сайга дехначу хIуманна жоп а лур ду Ас цунна.

АллахI хьайна реза хилар хьо лоьхуш велахь, уггар цунна герга болу некъ – лардан ма-дезза Цо парз дина долу хIума ахь лардар бу. Оцу парзашна юкъахь уггар коьрта дерг ламаз ду хьуна, нагахь санна хьан ламаз дика хилахь, кхидIа йолу Iамал а дика хир ю хьан; нагахь санна хьан ламаз вон хилахь, кхидIа а йолу хьан Iамал мел дика хилахь а, ламазе хьаьжжина тIелоцур ю хьан иза, хьадисехь ма-аллара. Ткъа, ламаз лардар цуьнан хан ларйарца а хуьлу, цуьнан парзаш кхочуш дарца а хуьлу, цуьнан суннаташ кхочуш дарца а хуьлу, айхьа доьшучунна тIехь ойла а еш, ламаз дина валлалц дог-ойла АллахIаца латторца а хуьлу. Иштта дан ма-дезза ахь ламаз дахь, доьххьара парз ламаз а, тIаккха суннат ламазаш а, хьол ирс долуш стаг хир вац хьуна, ахь дийриг дечунна бен цхьанне адамана хуьлуш йоцу марзо а хир ю хьуна, АллахI реза а хир ву хьуна! Ламазах лаьцна дийца вуно дукха ду, цуьнан дозаллаш а, иза маьIне хилар а, цуьнан пайданаш а, иштта кхидIа а, делахь а жимма хьалха вай хьахийнарг дика билгало ю ойла йан луучунна.

ТIаккха, Дела хьехор хьуна уггар чIогIа оьшуш долу Iибадат ду, ша саннарг кхин дуй-те аьлла Iибадат а ду, цуьнан дозалла а, цуьнан пайда а, иза АллахIана герга вуьгучу уггар уллерачу некъех хилар а гIарадаьлла девзаш ду. Цунах лаьцна цхьа хьадис вай дийцира доьххьара хIара жоп до́ло́ш. Ткъа АллахI муха хьахийча дика ду а, цуьнан дозалла хIун ду а хьан довза йиш хир ю хIокху сайта тIехь «Дела хьахор» аьлла йолчу агIона тIехь.

Дела хьахорца доьзна кхин цхьа хIума а ду хьуна ахь лелийча дика хир долуш – Пайхамарна (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) салават диллар. Пайхамарна (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) цкъа а салават диллинчунна АллахIа уьттозза салават дуьллу. Ткъа АллахIа салават диллар бохург – Цо къинхетам бар а, Цо ял совяккхар а бохург ду. АллахIа хьо хьехош хилар а, Цо хьох къинхетам беш хилар а, Цо хьан ял совйоккхуш хилар а доккха хIума ду, хьо даим АллахIана гергахь латтон хIума ду.

ТIаккха, адамашца хьо дика хилар а хьо АллахIана герга вуьгучу уггар дикчу Iамалех цхьа Iамал ю. Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла:

«Малх хьала болучу хIора дийнахь шен хIора хуттургана тIера сагIа дала деза хIора адамо. Ткъа, (юкъахь вас-дов долчу) шина стагана юкъахь ахь нийсо йар сагIа ду, хIуманна тIехууш волчу стагана ахь гIо дар а сагIа ду, йа хIума тIейоккхуш цунна ахь гIо дар а сагIа ду, хаза-дика дош а сагIа ду, ламазе воьдуш ахь боккхуш болу хIора ког а сагIа ду, некъа тIехь новкъарло еш йолу хIума ахь дIаяккхар а сагIа ду».[6] «Хьо хьайн (бусалба) вешийна юьхь доьхьал велавалар а сагIа ду; ахь диканиг де алар а, вониг ма де алар а сагIа ду; тилвеллачу стагана ахь некъ гайтар а сагIа ду; бIаьрзечунна, йа бIаьрса гIийла долчунна ахь гIо дар а сагIа ду; некъа тIера ахь тIулг а, кIохцалг а, даьIахк а дIаяккхар а хьоьгара сагIа ду; хьайн ведар чура хьайн вешин ведар чу ахь хи доттар а сагIа ду».[7] «Муьлхха дика хIума а сагIа ду».[8] «(Нахана) вон хIума ца деш хьо IадIар а сагIа ду».[9] ТIаккха, «уггар диканиг шен доьзалца (хIусамненаца а, берашца а) дика хилларг ву».[10] Ткъа, «хазчу-дикчу гIиллакхал терзана тIехь деза хир долуш хIума дан а дац».[11] ТIаьххьара, адамашца дика хилар а, нахана пайдане хилар а бохучу белха юкъахь уггар коьрта дерг шен ненаца а, деца а дика хилар ду, церал тIаьхьа богIуш гергарнаш бу, лулахой а бу.

● Амма хьарам долчух ларвалар – иза хьуна девзаш хIума ду, хьарам долчунах ахь тоба дина а ду, ткъа тоба даран билламех цхьаъ бу оцу вочунна тIе кхин юхавоьрзур вац аьлла сацам бар. Делахь а, дуккха нахана кIезга а хеташ, даккхий а долуш, маттаца а, сица а доьзна цхьадолу хIуманаш ду. Церах алсам даьржина дерш гIийбат дар а, пайдане доцу эрна къамел дар а, рийаъ дар а, куралла йар а, хьагI хилар а ду. Юкъарчу чулацамехь уьш а, кхидерш а дийцина Имам ГIазалийс (Дала къинхетам бойла цунах), шен «Нисваларан юьхь» жайни тIехь, «Iесаллех ларвалар» цIе йолчу шолгIачу декъехь.

● ТIаккха, Пайхамаран (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) дахар Iамор вуно чIогIа маьIне ду хьуна хьан хьолехь, цуьнан некъаца хьайн некъ нисбархьама а, цуьнан куцошца хьайн амалш-гIиллакхаш нисдархьама а, иза хьуна дукха везаш хилархьама а, цуьнан тобанехь хьо къемат дийнахь гIаттийтархьама а. Пайхамаран (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) дахар муха хилла, жималлехь дуьйна, шен Далла доьхьал иза ваххалц – иза Iамо хьажа хьо, Дала мукъа лахь цунах боккха пайда хир бу хьуна.

ТIаьххьара, АллахI реза веш болу некъ бийцар Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла долчу шина дашца вай до́ло́ре терра, и некъ бовзуьйтуш АллахIа дийцинчу шина хIуманца дIадерзор ду вай хIара. Лекха хинволчу АллахIа аьлла:

[(АллахIах) тешаш а болуш дика Iамал йинарш, хуьлийла иза борша стаг йа зуда – Оха уьш бо́хуьйтур ма бу дикчу дахарца, Оха царна бекхам а бийр бу царна йогIуш йолчу йо́лаца, цара деш хилла долчу уггар дикчу хIуманашца].[12]

Дала аьтту бойла хьан! Дела реза хуьлда хьуна а, суна а, массо бусалба нахана а!

Ткъ дика хуург сийлахь АллахI ву!

04/09/2010 = ‏25‏/09‏/1431


 

[1] Бухарий, Муслим.

[2] Тирмизий.

[3] Сурат «Фуссилат», 30-32 айаташ.

[4] Сурат «Ал-Ахькъоф», 13-14 ши айат.

[5] Бухарий.

[6] Бухарий, Муслим.

[7] Тирмизий.

[8] Бухарий.

[9] Бухарий.

[10] Тирмизий, Ибн МаджахI.

[11] Абу Давуд, Тирмизий.

[12] Сурат «Ан-Нахьл», 97 айат.