| Iелам-нах |
|
|
| Аудио |
|
Ассаламу Iалайкум! Дети пхьегIаш лело ца мега олуш хеззера суна, дети суьлхьанаш лело мегар дуй тIаккха ? Баркалла шуна
Цхьаболчу Iелам-наха аьлла ду: «Мегаш хилар ШарIехь деана доцучу меттехь дети лелор хьарам ду»[1] - ткъа, мегаш ду аьлла деана дерг дети мохIур лелор а, тIеман цхьадолчу гIирсашца иза лелор а, кагйелла пхьегIа туойеш лелор а, дарбанна лелор а, иштта и санна дерг а ду, ткъа суьлхьанаш лелор цу юкъахь деана дац, цундела цу дашо гойтург дети суьлхьанаш лело мегар ца хилар ду. Кхин а, цхьаболчу Iелам-наха хьарам ду аьлла ехк а, суьлхьанаш а, куьзга а, иштта кхийолу хIуманаш а дешица а, детица а хазйар.[2] Цхьаболчара иштта уьш хазйар а, кечйар а «макрухI» - «Iадда дитича мелехь» ду а аьлла.[3] Ткъа уьш детица кечйар а, хазйар а дика ца хилча, уьш ерриге детих хилар кхин а хьалхе йолуш ду дика ца хила. Таханлера Iелам-стага, Шейх IабдуллахI Ал-ФакъúхIийс а, дети суьлхьанаш лелор мегаш дац аьлла жоп делла, шега лакхахь дерг санна долу хаттар дича. Цундела, дети суьлхьанаш лело мегар дац цхьаболчу Iелам-наха ма-аллара, йа уьш ца лелош Iадда дитича мелехь ду, вукху Iелам-наха ма-аллара. Уьш лелор дика ца хиларан масийтта агIо ю, церах уггар коьртачерах ю исраф ца дар (эрна ахча ца дохкар) а, куралла ца хилийтар а, дети пхьегIаш лело мегар ца хилар дуьйцуш даьхкина хьадисаш хилар а.
Ткъа дика хууш верг АллахI ву!
[1] Хьажа: «Ал-ГIурарул-БахIиййахI фи Шархьил-БахIджатил-ВардиййахI» - «Бабу Солатил-Ховф», Шайхул-Ислам Закариййá Ал-Ансóрий. [2] «Ал-Адабуш-ШарIиййахI», 4\201, Имам Ибн Муфлихь; «ГIизаул-Албаб фи Шархьи Манзуматил-Адаб», 3\129, Имам Ас-Саффариний. [3] Уьзза жайнаш.
|