|
|
|
Ассаламу Iалайкум! Зударшна дашо хIума лело мегаш дуй? АллахI реза хуьлийла хьуна!
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Абу Муса Ал-АшIарийс – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Делан Элчано – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Дари а, деши а хьанал дина ду сан умматан зударшна, хьарам дина ду божаршна».[1] Кхечу хьадисехь а деана ду, Пайхамара – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – шен аьрру куьйга дари схьа а лаьцна, шен аьтту куьйга деши схьа а лаьцна, тIаккха и шиъ хьала а айдина, элира аьлла: «Бакъдолуш, хIара шиъ хьарам ду сан умматан божаршна, хьанал ду церан зударшна».[2] Имам Ал-Кийá Ал-ХIаррóсийс аьлла, «Аз-Зухруф» суратан 18-гIа айатан тафсирехь: «Цу айатехь тешалла ду зударшна хазаллийна деши лело мегаш хиларна. Цу тIехь Iелам-нехан барт хилла а бу, цунах лаьцна хьадисаш дагар дина ца валлал дукха а ду».[3] Имам Ал-БайхIакъийс, зударшна деши хьанал хилар гойтуш долу хьадисаш дийцинчул тIаьхьа, аьлла: «ХIокху хьадисаша а, церан маьIнехь долчу кхечу хьадисаша а гойту, зударшна хазаллийна деши лело мегаш хилар. Иза хьанал хилар тIехь Iелам-нехан хилла болчу бартаца тешалла а лаьцна, массарна а иза ца магош даьхкинчу хьадисаш юкъара зударий къастийна вай».[4] Имам Ан-Нававийс аьлла: «Бусалба нехан барт хилла хIума ду, зударшна массо кепара хазаллин деши а, дети а дерриге лело мегаш хилар».[5] Оцу Iелам-наха ма-аллара, массо бусалба нехан хьалхе дуьйна барт хилла хIума ду, зударша хазаллийна муьлхха а кепара долу деши лело мегаш хилар. ХIокху вайн заманахь Шейх Ал-Албáнийс, горга хIуманан куьцехь кечдина долу деши зударшна мегаш дац алар – масала мохIур а, чIагарш а – кхиболчу Iелам-наха нийса ца лерина, гIалат лерина.[6] Иза воцучара, таханлера берриге баккхийчу Iелам-наха цхьатерра хьанал ду аьлла иза, хьалхалера Iелам-наха санна, цхьаболчу Iелам-наха жайна а яздина иза хьанал хилар дуьйцуш.[7]
ГIолий хуург АллахI ву!
21/04/2008
[1] Ахьмад, Насаи, Тирмизи. [2] Ибн МаджахI. [3] «Ахькáмул-Къуръáн», Имам Ал-Кийá Ал-ХIаррóсий. [4] «Ас-Сунан Ал-Кубрó», 4/141, Имам Ал-БайхIакъий. [5] «Ал-МаджмýI Шархьул-МухIаззаб», 6/40, Имам Ан-Нававий. [6] Масала, Шейх Ибн База гIалат ду аьлла иза. «МаджмýI Фатáвá Ибн Бáз», 6/348. [7] «Фатáвá Ал-АзхIар», 10/56; «Фатáвá Ал-Ладжнатид-ДáимахI», 17/138; «МаджмýI Фатáвá ва Росáил Ибн Iусаймúн», 18/74; «Ал-ФикъхI Ал-Ислáмийй ва АдиллатухI», 4/185. |