|
|
|
Ассаламу Iалайкум! Зуда махлелош хилла, майра реза а волуш. Цул тIаьхьа цхьа хан яьлча, и ши дIасакъаьстина, зуда кхечу махка шен цIа дIаяхана. Майра волчу цхьа нах баьхкина, цуьнан оцу зудчо шайгара декхарш даьхнера (и шиъ дIасакъастале) аьлла, оцу наха хIусамдегара схьадоьху шайн и декхарш. Оцу майрачунна тIехь дуй зудчуьнан и декхарш дIадалар? (Цунна ваджиб хилла тIедужий и декхарш дIадалар?)
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Ахь хаьттина хилла хаттар ас Iелам-нахе дахьийтира, цунна деана долу жоп иштта ду: «АлхьамдулиллахI, вассолáту вассалáму Iала росýлиллáхI! Цул тIаьхьа: Майрачунна тIехь дац шен зудчуьнан декхарш дIадалар, и шиъ хIинца а цхьаьна Iаш делахь а, дIасакъаьстина дацахь а, цо иза йитина яцахь а. Иза массо Iелам-нехан барт хилла хIума ду. ХIунда аьлча зуда ю шена и декхар даьккхинарг (цо ша шена даьккхина ду иза), цо и декхар шен майрачунна даьккхина а дац, йа шаьшшимма цхьане юкъахь махлелорна даьккхина а дац». Жоп делларг ву: Шейх Сáмú ибн Iабдул-Iазúз Ал-Мáжид – Имам Мухьаммад ибн СуIýд цIарах йолчу Ислам дин Iаморан Университетехь хьехархо.
Ас (Олхазара) бах, Шейх Сáмúс аьлларг билгал деш а, тIетоха дезарг тIетухуш а: Шейх Сáмúс ма-аллара, зудчо даьккхина долу декхар дIадалар майрачунна тIехь ваджиб ца хуьлу нагахь санна зудчо и декхар майрачунна даьккхина дацахь а, йа марйчуьнца цхьаьна юкъахь лелочу йохкаэцарна даьккхина дацахь а, йа майрачо доьзалан кхочушдан дезачу декхаршна даьккхина дацахь а – масала шена а, шен берашна а тоьъачул юург-мерг а, тIеюхург а эцархьама – нагахь санна майрачо латто дезаш долу и ваджибаш цо царна латтош дацахь, йа иштта и маьIна долчу хьолашкахь даьккхина дацахь а.
Дика хууш верг АллахI ву!
|