Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум ва рохьматуЛлахIи ва барокатухIу. Шелковый бедарш лело ца мегий-м хаара вайна (альхьамдулиЛлахIи), ткъа шелковый мот-гIайби тIе дIавижа мегий? Вайн маттахь шелках хIун ола?

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим.

АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Вайн маттахь шелках да́ри олу.

Дари мот-гIайба лелор – дари духар лелор санна ду аьлла дукхах болчу Iеламнаха, цундела божаршна мегаш ца хуьлу аьлла цара дари мот-гIайба лелор, зударшна мегаш хуьлу. Цунна тешаллийна далийна цара Хьузайфас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина долу хьадис: «Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) тхуна ца магийна дешин а, детин а пхьегIана чура хIума малар а, цу чохь хIума яар а, дари духар лелор а, цу тIе охьахаар а».[1] Дари тIе охьа хаа мегаш ца хиларо гойтуш ду аьлла цара, цунах дина долу мот-гIайба лело мегаш ца хилар.[2]

Бакъду, нагахь санна и дари гIайби чу диллина делахь, гIайби чIуьйриг дарих а йоцуш, цу чохь дерг дари делахь, йа иштта гоь елахь, йа иштта духар делахь (тIехулахь дерг кхин кIади а долуш, юкъахь дерг дари а долуш) – иза мегар ду аьлла цара. Ишттачу хьолехь дари гуш ца хуьлу, йа дегIах хьакхалуш а ца хуьлу.[3]

Ткъа дика хуург сийлахь веза волу АллахI ву!

04.07.2011 = ‏03‏.08‏.1432


 

[1] Бухарий.

[2] «Ал-мавсуIатул-фикъхIиййатул-кувайтиййахI», 17/210.

[3] Имам ан-Нававий, «Ал-мажму́I», 4/438; Имам Ибнун-Накъи́б, «Iумдатус-салик ва Iуддатун-насик», 79; Шейх Ибн Iусаймин, «Аш-шархьул-мумтиI», 2/219.