|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Вай цIахь лелош цхьа хIума ду-кх. Цхьанна бIаьрг хилча (дукхахьолахь берашна до иза) буй буьззан туьха схьаоьций, тIакка оцу туьханца болу буй коьрта тIе Iутту, дог долче Iутту, ишт кхидIа а, амма и дечу хенахь цара сураташ доьшу, къаьсттана "Фатихьа", тIаккха и динчул тIаьхьа и туьха цхьана йовха меттиге кхуссу (йохъелла плитки тIе масала), тIаккха и туьха иэккха долало, тIох-тIох олий (нагахь санна саган тIаьхь бIаьрг хиллехь). И динчул тIаьхьа дукхахболчара шайна хIинца гIоле хилла олу, лазарш дIадевлла олу, и.кх.д. Магийна дуй иштта стагана хилла болу бIаьрг дIабаккха? Суна цхьа хьадис хезнера примерно иштта маьIна долуш: "аш лохийла бIаьрг дIабоккхуш волу стаг, и бIаьрг дIабоккхучу хенахь цунна заклинаниш хьарам яц нагахь санна царна юккъахь ширк ца хилахь". Ахь хIокху хаттарх кхетийча чIогIа дика хира дара. Хьуна Дела реза хуьлда!
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! БIаьрг хиларна а, жинийн хьу хьакхадаларна а, иштта и санна йолчу цамгаршна а дарба дечу хенахь туьха лелорах лаьцна лехча, Iелам-наха цу хьокъехь аьлларг шина кепара карийра суна. 1) Маликий мазхIабан жайнашкахь дуьйцу, Имам Маликана (Дала къинхетам бойла цунах) дика ца хеттера аьлла, керахь эчиг а, туьха а долуш иштта дарба лелор. Цунна иза дика цахетаран бахьана – шел хьалха хиллачу заманашкахь иза лелош хилла ца хилар а ду.[1] 2) Таханлера цхьаболчу Iелам-наха мегар ду олу иштта дарба лелочу хенахь туьха лело. Церах ву, масала, Шейх IабдуллахI ибн Iабдуррахьман Ал-Джибри́н (Дала къинхетам бойла цунах). Цуьнга дина хилла ши хаттар а, цо цаьршинна делла жоп а дуьйцур ду вай масал далош. - Хаттар: "Цхьана адамна бIаьрг хилла хилча, йа жинийн хьу хьакхаделла хилча, йа бозбунчалла лелийна хилча, цо шена цхьацца бецашца а, маьIданашца а кIур туху, хIунда аьлча жинашна и хьожанаш ца еза олуш дуьйцуш долу дела. И хьожа еача цомгаш волчунна паргIато хуьлу олуш дуьйцуш а ду, хуьлийла иза цунна кIур тохарца, йа чохь уьш ягорца. Цхьаболчара поднар (йа диван) тIехьа йа цу буха туьха дуьллу, хьагI ца йо́лийта олий; цхьаболчара хьоштагIаш уллехь йа царна чохь туьха туьссу. И хIума лелош дукха нах бу, даьржина а ду иза. Оцу хIуманийн хьукм хIун ду?" Жоп: "Вон хIумма дац оцу дарба лелорехь. Мегаш долчу дарбанашца (молханашца) дарбе лелор ду иза. Доьххьара дуьйна и бецаш а, маьIданаш а, туьха а лелоре вай хьевсича, дуккха а вайна хаалуш йолчу цамгаршна дарба леладо цаьрца: корта лазарна а, кийрара цамгаршна а, чевнашна а. Жинаш а, шайтIанаш а лохкуш цаьрца дарба лелон ца мага бахьана а дац, хIунда аьлча уьш оцу бецийн хьожанех къехкаш долу дела, муьлхха а боьха хьожанеъ къехкаре терра, цхьадолчу маьIданийн хьожанех къехкаре терра. Ткъа оцу хIуманах бахьана хир ду и цомгаш верг ларваларна, хуьлийла иза кIур тохарца, йа чохь уьш ягорца. Иштта ду хIусамна гонаха туьха диллар а, йа поднар буха диллар а, йа хьаштагIаш йолчахь, йа царна чохь диллар а. И хIума шен бухехь мегаш ду. Цхьаболчара лела а дина иза, цо ларвеш хилар кара а дина царна".[2] - Хаттар: "Цхьаболчу наха цIийнан агIонашка туьха дуьллу, цо шаьш жинех а, шайтIанех а лардо аьлла хеташ. Цуьнан хIун хьукм ду? ШарIехь бух болуш дуй иза?". Жоп: "Цуьнан бух хилар суна девзаш дац. Делахь а, лелийча пайда беш хиларца доьзна хIума ду иза; туьхано жинех лардеш хила мега цунна гонаха долу адамаш. Жинаш лаьтта бухахь къайладовлалуш ду, адамийн дегIа чу довлалуш а ду, ткъа туьхано уьш дехьа цо довлуьйтуш хила а тарло, шен дуьралла дукха чIогIа хиларна. ХIетте а, хIаваэхь тIемадовлало уьш, иштта хIусам чудахкадала а мега уьш, пенаш тIехула девлла, цундела церах ларвийриг лекха хинволу АллахI бен вац, цундела ас хьехар до, шайтIанех а, церан гIоьнчех а ларвеш ду аьлла дийцина долу вирд-зикр а, доIанаш а дуккха дешарца. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!".[3] Кхин а, Шейх Мухьаммад ибн ИбрахIима а (Дала къинхетам бойла цунах) магийна хилла, рукъйат доьшучу хенахь туьха лелор.[4] ТIаккха, и туьха оцу балхехь лелор тера ду зайт-даьтта лелорах а, сидр (лотос) лелорах а. И шиъ лелон мегаш хилар а, цо пайда беш хилар а массарна а хууш-девзаш ду. Ткъа цаьршинна а, туьханна а юкъахь башхула яц. Бакъду, и хIуманаш дарбанна лелочу хенахь хууш хила деза, и хIуманаш бахьанаш бен доций а, дарба дийриг АллахI вуй а. Къаьсттина цу хIуманаша дарба до аьлла хетадалийта мегар дац. Дагар хьаладаьлча молуш долу аспирин санна, цамгарна дарба хиларан бахьанаш ду уьш, хIунда аьлча жинашна церах асар (Iаткъам) хуьлу дела. Цхьаболчара дийцарехь, жинашна туьха ца деза боху, уьш цунах къаьхка боху, ткъа иза иштта хила а йиш ю, шейх Ибн Джибрина ма-аллара. Цундела, иштта нийса кхетам хилчахьана, ахь хьайн хаттарехь дийцинчул сов кхин хIума лелош дацахь – туьха керахь долу буй дегIан меженаш тIеIоттар а, цуьнца цхьаьна Къуръан дешар а – иза лело мегар ду, Дала мукъалахь. Амма туьха йовхачу метте кхоьссича, шена дарба лелош волу стаг бIаьрг хилла велахь иза лелха долало бохург – и кхетам хилийта мегар дац, хIунда аьлча туьха лелхарний, адамна бIаьрг хилла хиларний юкъахь цхьаъа зIе яц гуш, муххале а иза цхьа лартIехь доцучу хIуманех тера ду. Цул совнаха, тIулгах доккхуш долу туьха йовхачу меттиг тIетессича даим лелха. Ахь а хIинцца схьа а эцна, йовха цIиййелла пеша тIетессича лелхадолалур ду иза. Цигара схьа а девза, йовхачу метте тесча туьха лелхадоладаларна а, стагана бIаьрг хилла хиларна а, ца хиларна а юкъахь цхьаъа зIе йоций. Ткъа иштта и кхетам ца хилча, и кхетам а боцуш кхосса мегар дуй и дарбанна лелийна долу буйнара туьха йовхачу метте аьлча – и кхетам ца хилчахьана кхераме хIумма а дац гуш цу балхехь, мелхо а, иза лелха доладелча чохь долчу жинашна чIогIо новкъарло хила а тарло, иза ца лайна генадовла а тарло уьш. ТIаккха, иштта и дарба дийриг Бусалба динан дозанаш лардеш хиларца вевзаш хила веза, бозбунчалла лелорца вевзаш хила ца веза, хIунда аьлча, лелориг хIун ду а ца хоуьйтуш цо хьарам дерг лелон мега дела а, бозбунчалла лелочунна тIевахар а, цуьнгара гIо лахар а мегаш доцу дела а. Бакъду, уггар диканиг а, гIолийниг а, шеконашна генадерг а Суннатехь деана долу дарба ду. Иза доцца дуьйцу вайн маттахь гочдина долчу хIокху жайни тIехь: "Къуръанаца а, Суннатца а дарба дар". Амма ахь хьахийна долу хьадис – ахь аьллачу дешнашца а, маьIнийца а иштта хьадис ца девза суна. Цунах тера кхин цхьа хьадис ду, хетарехь иза ду ахь дуьйцург. Имам Муслима дийцина, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шайн рукъйаташ гайта суна. Рукъйат (еша а, цуьнца дарба лело а) мегар ду, цу юкъахь ширк дацахь». Цуьнан маьIна деш, Имам Ал-Муна́вийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Ширк дацахь» бохург: цу юкъахь бусалба баххашца догIуш доцу керстаналлин кхетам хуьлуьйтуш долу хIума дацахь, йа ширкан охIлу болчу нехан къамел дацахь бохург ду, ткъа иза хьарам ду. Цундела ца магийна Iелам-наха Iибрий маттахь а, сурйа́ний маттахь а яздина долу рукъйат, иштта шен маьIна девзаш доцу кхидерг а, цу юкъахь и (хьарам дерг) хиларна кхерам болу дела. Ибн Хьаджара аьлла: «Цхьабарт хилла хIума ду рукъйат деша мегаш хилар, кхо биллам кхочуш хилча: иза лекха хинволчу АллахIан Къамелаца хилар, йа Цуьнан цIерашца, йа Цуьнан сифаташца хилар; иза Iаьрбийн маттахь хилар, йа шен маьIна девзаш долуш хилар; рукъйато ша́-шах Iаткъам бо аьлла кхетам ца хилар, мелхо а цунах хуьлуш дерг лекха хинволчу АллахIан кхелаца а, ницкъаца а ду аьлла тешна хилар».[5] Ткъа и кхо биллам уггар коьрта биллам – юкъахь ширк ца хилар – ларбан хIиттийна билламаш бу. Дика хуург сийлахь АллахI ву! 01.01.2010 - 1431.01.15 [1] Имам Ибн Iабдил-Барр, "Ал-Истизкар", 8/412; Имам Ал-Къаро́фий, "Аз-ЗахирахI", 13/306; Имам Ас-Со́ви́, "Хьашийатус-сови Iалаш-шархьис-согIир", 11/293. [2] Шейх IабдуллахI ибн Джибрин, фатва № 4788; кIеззигчу хийцамца. [3] Шейх IабдуллахI ибн Джибрин, фатва № 11846. [4] Шейх Мухьаммад ибн ИброхIим, "Фатава ва росаил аш-шейх Мухьаммад ибн ИброхIим", 1/80. [5] Имам Ал-Мунавий, «Файдул-къади́р шархьул-джамиIис-согIир», 1/713.
| КхидIа |