Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Олхазар, Делера салам-маршалла хуьлда хьуна. ЧIогIа жоп дезара суна сайн хаттаршна, вайн бусулба вешина вон хьал ду тIехIоьттина, цундела, чем скорее ответ будет, тем лучше. Даггара бехк ца биллар доьху.
Сан ваша, психически больной стаг хила хуьлий по Корану? Шортта психический цамгарш ма хьаий вайна, тIаккха дуккху наха и шайтIи болх бу боху, уьш одержимый бу боху. Эпилепсий, депрессий, нервный расстройство, шизофрени, слабоумие и т.д., уьш шайтIи болх бу боху дукхболчара. Иштта дуй аз?
ТIаккха бусулба ваша ву, нервный расстройство йолуш, лоьраш аьлла цуьнга цуьнан и ю. Дагахь вон ойланаш хуьлу цунна, вай динах лаьцна даже хуьлу цунна и вон ойланаш. Ша цхьанна цхьа зулам дарна кхоьруш лелаш ву, ламаз ца далуш хьоле хоьтти и ужели. Лоьраша и психический расстройство ю боху цунна, лечени йа еза боху, молханаш муьйлуш, вай цIахь и шайтIана болх бу боху. Джинн ду дац хьаьжна и, дешначу наха дац аьлла цунна чохь цхьаъа джинн, Къоран дийшира цо, ла а дуьйгIира цуьнга шортта, шортта зикраш дора, аятуль-курсий дешара кест-кеста. ТIаккха гIолий ца хили цунна. Соьг хаьттича, Къорано, зикраша цунна гIоле йина ца хилча, тIаккха и шайтIи болх бац, коьртаца цхьа цомгар хир ю. ТIехула тIе хIокху инетехь дийшира ас и санна вон ойланаш керстнехан а хуьлуш хилла шай динах лаьцна, дахарах лаьцна, цхьамма яздора "ша чIогIа кхоьру "святой духана" цхьа гIо хIума ала, дукха кхоьруш чохь са дац шена" бохуш. И шайтIи болх хир бу аьлла ца хета суна, хIунда аьлча керста нах иштта галбевлла хилча шайтIано хIун до кхин уьш хьийзийна?
Кортанца цомгуш волу стаг ялсамани кхочу бохуш хезнера суна, бакъ дуй иза? 
ТIаьххьара хаттар ду. Селхана ютубяхь видео гина суна цхьа джинн арадоккхуш, бусулб ду бахара цу джинно ша. Бусулба джинн адаман чудаьлла хилча, йа цун васвас деш хилча, Къоран дешча дIадера дуй аз?

 

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI.

Делера салам-маршалла а, Цуьнан къинхетам а, Цуьнгара беркаташ а хуьлда хьуна а!

1. Чу даьлла жин ца хиларх, йа жинаша хьийзош ца хиларх, адам коьртана галдаьлла хила йиш ю, хьекъал чура даьлла хила йиш ю. Масала, хьадисашкахь деана ду, кхаа стагана тIера къолам хьалаайбина бу аьлла: наб кхеттачунна тIера а, иза самаваллалц; коьртана галваьллачунна тIера а, иза юха кхетам чу ва́ллалц; берана тIера а, иза кхиъалц.[1] И доцург кхин а ду тоьшаллаш, адам коьртана галдолуш хиларна а, хьекъал чура долуш хиларна а. Кхин а масала далийча, хьадисашкахь дуьйцуш ду, цхьана зудчо Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) волчу а еана, лазар догIий охьаюжу ша, Деле шена дарба дехахь аьлла хиллера аьлла. ТIаккха Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна), «хьуна лаахь Деле доьхур ду ас, хьуна лаахь хьо собаре хилахь Делера ялсамани а хир ю хьуна» - аьлла хилла. ТIаккха оцу зудчо, сатухур ду ша аьлла хилла, и сатохар а, собаре хилар а бахьана долуш шена ялсамани хилийтархьама. Делахь а, ша́ лазар деана хьекъал чура а яьлла охьайоьжча, шен дегIан меженаш тIера духар дIадаларх ларйе алий дехахь шена аьлла хилла цо, тIаккха Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) иза дехна хилла цунна Деле.[2] Оцу зудчунна хуьлуш хилларг тахана вай эпилепси олучу лазарх тера хIума ду, ткъа и хIума хиларан бахьана шиъ ду аьлла Iеламнаха: «физиологически» ду цхьа бахьана, дегIаца гуллуш йолу цхьацца вон хIуманаш ю и хIума хуьлуьйтурш, лоьрашка дарба лелалуш ду цунна; жин чу да́лар ду шолгIа бахьана.[3]

ТIаккха, адамана депресси а хуьлу, «психически расстройство» а хуьлу, нерваш галйовлуш а хуьлу, стресс а хуьлу, эпилепси а хуьлу, и.кх.дI. И цамгарш а, лазарш а хиларан вайна девзаш а долуш, кхетаме а долуш, тIекхиа йиш йолуш а долуш бахьанаш ду. Масала, сингаттамо а, чIогIа халахетаро а адамана депресси хуьлуьйтуш хилар билггал хууш ду.

Оцу кеппара, и лазарш адамаца хуьлуш ду, «хIан-хIа и цамгарш яц, иштта цамгарш хуьлуш яц, чу даьлла жин ду» бахар нийса дац. Оцу цамгарех цхьа цамгар ю а моьттуш, чудаьлла жин а долуш хIума а хила тарло; чудаьлла жин ду а моьттуш, оцу цамгарех цхьа цамгар хьакхаелла адам хила а тарло. Муххале а, жин чу далар дукха хьолехь кIеззиг бен хуьлуш дац, адамашца хуьлуш йолу дукхах йолу цамгарш и важа цамгарш ю.

Амма оцу лазаршна дарба муха дийр дара аьлча – царна дарба лелор шина агIор хила деза: Къуръанаца а, Суннатца а долу дарба а хила деза, вуьшта вайна тахана бевзаш болчу лоьраша лелош долу дарба а хила деза. Къуръанаца а, Суннатца а цхьайолчу цамгаршна дарба муха лелалур ду дуьйцу, масала, «Къуръанаца а, Суннатца а дарба дар» цIе йолчу жайно. Вуьшта, Iеламнаха къаьсттина цхьадолчу лазаршна дарба муха лело деза дуьйцуш яздина жайнаш а ду. Ткъа лоьраша лелон деза дарба а дIататта мегар дац, мелхо а лоьрашна тIеваха а веза цомгаш верг, церах дагавала а веза, цаьрга ладогIа а деза. И ахь цомгаш ву бохуш волу бусалба ваша неврологана (невропатологана) тIеваха веза, психологана тIеваха веза, психотерапевтана тIеваха веза, иштта и санна болчу лоьрашна тIеваха а веза, цара дуьйцуш долу дарба лелон хьажа а веза. Иштта болчу лоьрашка дарба леладайтарх ийзавала оьшуш дац, йа динехь бух болуш а дац цу лоьрашна тIевахарх ийзавалар. Къаьсттина чIогIа чIагIло иза цунна, дешначу наха цунна чохь жин дац бохуш хилча. ХIетте а, цкъа-шозза дешнера аьлла Къуръан ша́ доьшучара саца ца веза иза, шен аьтту белахь даим доьшуш хила веза, даим Далла хьасталуш хила веза, Делан дикане догдохуш хила веза, Деле шена дарба доьхуш доIа деш хила веза. ТIаккха, иштта цомгаш волчу стагана гонах болчу нахана тIехь (цуьнан доьзал, да-нана, йиша-ваша, гергарнаш, доттагIий) доккха декхар ду цуьнан бала кхачар а, цунах къахетар а, цуьнан хьолах кхетар а, шайн ницкъ кхочучу кепара цунна гIо дан хьажар а, цуьнгара дийла мегаш долчу хIуманашна цунна оьгIаз ца ихар а, шаьш цуьнан хьолехь хилча шайна шайца хила лелайайта луур долччу кепара цуьнца шаьш лелош йолу юкъаметтиг хилийтар а.

ТIаккха, оцу лоьраша лелор долчу дарбанца цхьаьна, «Бозбунчаллийна а, жинийн хьу хьакхадаларна а лелон мегар долу дарба» цIе йолчу яздарехь вай дийцина долу хIуманаш лело хьаьжча а дика хир ду иза, хIунда аьлча цуьнца шеца жин дацахь а, бозбунчалла дацахь а, цу юкъара дуккха хIуманаш кхийолчу цамгаршна а пайденна ду, Делан пурбанца.

2. Амма коьртана галваьлла волу стаг ялсамане гIур ву йа вац бохучух лаьцна дерг – дукхах болчу Iеламнаха, и стаг къемат дийнахь Дала зуьйр ву аьлла, Ша́ бохург цо до, йа ца до хьожуш, дуьненахь кхетам чохь хилла долу кхидолу адамаш зе́ре терра. Нагахь санна цо Дала бохург дахь – ялсамани вохуьйтур ву иза, ца дахь – вохуьйтур вац. Шен кхетам чохь воцуш, хьекъал чохь воцуш,  коьртана галваьлла хилла волу стаг иштта зуьйр ву аьлла деана масийтта хьадис ду.[4] Цхьаболчу Iеламнаха, и санна болу нах зер къемат дийнахь хир дац, каш чохь хир ду а аьлла.

3. Амма адамана чудаьлларг бусалба жин делахь, Къуръан дешча иза дIадер дуй аьлча – дера ду, Делан пурбанца. «Бозбунчаллийна а, жинийн хьу хьакхадаларна а лелон мегар долу дарба» цIе йолчу яздарехь вай дийцина долу бахьанаш лелийча а, лело ма-дезза дарба лелош болчу дешначу нахе дарба леладайтича а и жин дIадер ду, Дала мукъа лахь.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

21.01.2011 = ‏17‏.02‏.1432


 

[1] Абу Давуд, Ибн МаджахI.

[2] Бухарий, Муслим.

[3] Имам Аш-Шавканий, «Найлул-автIор», 8/232-233.

[4] Ахьмад, Ибн Хьиббан, ат-ТIабараний. Имам ал-БайхIакъийс а, Шейх ал-Албанийс а нийса ду аьлла и хьадисаш.