Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Дукха жимчохь дуьйна корта лозуш хилча, лоьраша ша-дерг дика ду бохаш хилча, иза хIун ду-те?

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Лераме йиша! Билггал хьоьга иза хIун ду ала ца хаьа суна, делахь а, иштта хьехар ду сан хьуна дан:

1) Къуръан тIера айаташца а, Суннатера доIанашца а дарба лело хьажа хьо, даггара теша а тешаш ахь цаьрца дарба леладахь и лазар Делан къинхетамца дIадер хиларх тешна ву со, Дала мукъалахь. Къуръанаца дарба лелош хилча уггар диканиг сурат «Ал-Фатихьат» (Бисмилла) ду хьуна. ТIаккха «Ал-Бакъарат» а, тIаьххьара кхо сурат а; вуьшта, Къуръан дерриге а дарба ду. Ахь дешча дика хир долу доIанаш иштта ду:

● Хьайн ши куьг хьала а айдей, цаьршина тIе туй тухуш санна хIупп а алий, тIаккха цаьршинна тIе хIара кхо сурат деша: "Къул хIуваллохIу ахьад" а, "Къул аIузу бироббил-фалакъ" а, "Къул аIузу бироббиннас" а. ТIаккха и ши куьг хьайна тIехьакха, коьрта тIера а, юьхь тIера а дIадоладей, кхидIа хьайн куьг кхочуче массо метте. Иштта и хIума кхозза де.

● Хьайн куьг хьайн коьрта тIе а дилле, кхозза - «БисмиллáхI» - а але, хIара доIа деша ворхIозза: «АIýзу биллáхIи ва къудротихIú мин шарри мá ажиду ва ухьáзир».

«Со ларло АллахIаца а, Цуьнан ницкъаца а, сайна сайн дегIехь карочу хIуманан вонах а, со шех кхоьруш долчу вонах а».

● Хьайн коьрта тIе хьайн аьтту куьг а хьокхуш, хIара доIанаш де:

«АллóхIумма роббан-нáс, азхIибил-баъс, вашфи анташ-шáфú, лá шифáа иллá шифáук, шифáан лá йугIóдиру сакъомá».

«Йа АллахI! ХIай адамийн Дела! Вон (лазар) а дIадаккха Ахь, дарба а де Ахь, Хьо ву-кх дарба дийриг, Хьоьгара доцург кхин дарба а дац-кх, цхьаъа лазар дуьтур доцу дарба де Ахь».

"Алло́хIумма имсахьил-баъс, роббанна́с, бийадикаш-шифа́ъ, ла́ ка́шифа лахIу́ илла́ анта".

"Йа АллахI! Лазар дIадайъа Ахь, хIай адамийн Дела! Хьан керахь ду-кх дарба! Хьо воцург кхин цхьаъа вац-кх и (лазар)  дIаайдан".

«АллóхIумма роббан-нáс, музхIибал-баъс, ишфи анташ-шáфú, лá ша́фийа иллá анта, шифáан лá йугIóдиру сакъомá».

«Йа АллахI! ХIай адамийн Дела! ХIай лазар дIадоккхуш верг! Дарба де Ахь, Хьо ву-кх дарба дийриг, Хьо воцург кхин цхьаъа вац-кх дарба деш, цхьаъа лазар дуьтур доцу дарба де Ахь».

● ХIара доIанаш деша:

 «Бисмилла́хIил-каби́р, наIу́зу билла́хIил-Iази́м, мин шарри Iиркъин наIIа́р, ва мин шарри хьарринна́р».

«Воккхачу АллахIан цIарца! Воккхачу АллахIаца ларло вай, шена чу цIий хьодуш болчу пхенан вонах а, цIеран йовхонан вонах а». (Къаьсттина хIара доIа корта лазарна а, дагарна а, хоршийна а, иштта уьш санна йолчу цамгаршна а деш ду. КхидIа долу доIанаш муьлхха цамгарна а, лазарна а дан мегаш ду).

● «АIýзу бикалимáтиллáхIит-тáммахI, мин кулли шайтIóнин ва хIáммахI, ва мин кулли Iайнин лáммахI».

«АллахIан кхачаме долчу дешнашца ларло со массо шайтIанах а, вочу экханах а, массо вочу бIаьргах а».

● «АIýзу бикалимáтиллáхIит-тáммáти мин шарри мá халакъ».

«Со ларло АллахIан кхачаме долчу дешнашца, Цо кхоьллинчу массо хIуманийн вонах».

● «АIýзу бикалимáтиллáхIит-тáммáти мин гIодобихIú ва IикъóбихI, ва шарри IибáдихI, ва мин хIамазáтиш-шайáтIúни ва ан йахьдурýни».

«Со ларло АллахIан кхачаме долчу дешнашца Цуьнан оьгIазлонах а, Цуьнан Iазапах а, Цуьнан лайн вонах а, шайтIанийн вочу ойланех а, уьш сайна доьхьал дахкарх а».

● «АIýзу бикалимáтиллáхIит-тáммáти, аллатú лá йуджáвизухIунна баррун ва лá фáджир, мин шарри мá халакъа, ва бараа ва зараа, ва мин шарри мá йанзилу минассамáи, ва мин шарри мá йаIруджу фúхIá, ва мин шарри ма зараа фил-арди, ва мин шарри мá йахруджу минхIá, ва мин шарри фитанил-лайли ваннахIáри, ва мин шарри кулли тIóрикъин, иллá тIóрикъан йатIрукъу бихайрин, йá рохьмáн».

«Со ларло АллахIан кхачаме долчу дешнашца, дика стаг а, вон стаг а шайл тIех валалур воцуш долчу, Цо кхоьллинчу а, динчу а массо хIуманийн вонах, стиглара охьадуссучу массо хIуманан вонах, стигала хьаладолучу массо хIуманан вонах, лаьтта тIехь дIасадаьржина долчу массо хIуманан вонах, лаьтта тIера хьаладолуш долчу массо хIуманан вонах, буьйсанан а, дийнан а питанийн вонах, буьйсанна адамашна тIеоьхуш долчеран а вонах, диканца тIедогIуш дерг  доцург. ХIай Къинхетаме верг (ас доьху Хьоьга)!».

● «АллóхIумма роббассамáвáтиссабIи, ва роббал-Iаршил-Iазúм, роббанá ва робба кулли шайъин, фáликъол хьабби ваннавá, ва мунзилат-таврóти вал-инджúли вал-къуръáн, аIýзу бика мин шарри кулли шайъин анта áхизун бинáсийатихI. Антал-аввалу фалайса къоблака шайъ, ва антал-áхиру, фалайса баIдака шайъ, ва антаз-зóхIиру, фалайса фавкъака шайъ, ва антал-бáтIину, фалайса дýнака шайъ».

«Йа АллахI! ХIай ворхIе стигланийн Дела, лаьттан а Дела, доккхачу Iаршан а Дела, хIай тхан а, массо хIуманан а Дела, буьртиг а, хурманан лаг а кхиош волу Дела, хIай Таврат а, Инжил а, Къуръан а доссийна верг, со Хьоьца ларло массо хIуманан вонах, Хьо ву иза керахь долуш верг. Хьо ву Хьалхарниг, Хьол хьалха хIумма а хилла дац, Хьо ву ТIаьххьарниг а (массо белча а вуьсур верг, Хьайн сифаташца), Хьол тIаьхьа хIумма а дац, Хьо ву толаме верг, Хьол лекха хIумма а дац, Хьо ву Къайлах верг (а, къайлах дерг хууш верг а), Хьол герга хIумма а дац».

ТIаккха, и сураташ а, доIанаш а ахь айхьа доьшуш хилча а дика ду, кхечо хьуна доьшуш хилча кхин а дика хила а тарло.

Кхечо хьуна доьшуш хилахь, кхин а хIара доIанаш дешча дика ду:

● Хьан цIе а йоккхуш, (масала, хьан цIе Амина хилча), иштта хIара дешнаш эра ду:

"Алло́хIумма ишфи Амина. Алло́хIумма ишфи Амина. Алло́хIумма ишфи Амина ".

"Йа АллахI! Дарба дехьа Аминайна. Йа АллахI! Дарба дехьа Аминайна. Йа АллахI! Дарба дехьа Аминайна ".

● «АсъалуллóхIал-Iазúм, роббал-Iаршил-Iазúм, ан йашфийак». (7-зза ала хIара).

«Воккхачу АллахIе доьху ас, доккхачу Iаршан Деле доьху ас хьо туо йар».

● «БисмиллáхIи аркъúк, мин кулли шайъин йуъзúк, ва мин шарри кулли нафсин ав Iайнин хьáсидин, аллóхIу йашфúк, бисмиллáхIи аркъúк».

«АллахIан цIарца доьшу ас хьуна, хьуна зен мел-дечу хIуманна доьхьал, массо вочу синна доьхьал, хьагI йолчу бIаьргана доьхьал, АллахIа дарба дийр ду хьуна, АллахIан цIарца доьшу ас хьуна».

● «Бисмилла́хIиррохьма́ниррохьи́м. УIи́зуки билла́хIил-ахьадис-сомад, аллази́ лам йалид ва лам йу́лад, ва лам йакул-лахIу́ куфуван ахьад, мин шарри ма́ тажиди́н».[1]

«Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца! Ас хьо ларйо АллахIаца, Ша́ цхьаъ волчу, массо хIуманан Шега хьашт долуш волчу, цхьаннах схьаваьлла а воцучу, Шех схьадаьлла цхьаъа хIума а доцучу, Шех тера цхьаъа хIума хилла а воцучу, хьуна (хьайца) хаалуш долчуьнан вонах».

Цкъа-шозза дешна ца Iаш, хьайн чура хьайн гергарчерах цхьаьнга юх-юха а дешийта ахь уьш, масала кIирнах шозза, йа кхозза.., лазар дIадаллалц, болх Далла тIе а буьллуш.

2) Кхин а, и сураташ а, айаташ а, доIанаш а хи тIехь деша а деше, йа цхьаьнга деша а дешийтий, и хи мала ахь. Аьтту белахь хи Замзам хилча дика ду, иза дацахь муьлхха а цIена хи мегар ду.

3) Иштта дика хир ду шена тIехь и айаташ а, доIанаш а дешна долу зайтдаьтта (оливковое масло) молуш хилча а, коьрта тIе а, дегIа тIе а хьокхуш хилча.

4) Кхин а, Iаьржа буьртиган даьтта (масло черного тмина) молуш хилча а дика хир ду, Дала мукъа лахь. Корта лозуш хилла болчу нахана дарба хилла меттигаш бу и даьтта маладолийча. ДегIа тIехьакха а мегар ду иза.

5) Салма́с (Дела реза хуьлда цунна, асхьабех хилла ю иза) аьлла: «АллахIан Элчане (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) цхьамма шен корта лозу арздича, цо даим олура: «Хьижама йе».[2] «Хьижама» - дегIах цIий даккхийтар ду. Тахана мелла а даьржина ду цIий даккхар, говза нах а бу и болх беш. Цундела, нагахь санна хьайна тIекхочехь цу белхан говзанча велахь, цуьнга цIий даккхийта хьайна. Билггал и болх бан хууш воцучунах лар а ло. Муьлха лазарна мичахь даккха деза говзанчашна хууш хуьлу хьуна.

6) ЦIенчу даггара Деле дехарга кхочуш хIумма а дац хьуна. ДоIийна жоп луш йолчу хенашкахь а, хьелашкахь а, меттигашкахь а Деле деха хьайна дарба дар.

7) Лоьраша лелош долчу дарбанах а дIа ма хада, тайп-тайпана лоьраша хIун олу а хьажа. Вайн гергара цхьа зуда яра, даим корта лозуш. ГIаларчу лоьрашна тIехула а, Владикавказера лоьрашна тIехула а леллера уьш. Цара яздина молханаш вуно деза хилла, вай долчахь кара а ца дина Москвара даийтина хилла цара уьш, ткъа уьш мелча оцу зудчунна кхин а вон хуьлуш хилла. Иштта кхин дан хIума доцуш уьш Iаш болуш, сайга иза хьахийча, ас хаьттира: «ЦIийна анализ яьккхиний цара?». ДIаталла даьккхича, иза яьккхина ца хилла, ткъа суна цхьаболу нах бевзара, гемоглобин лахара хилар бахьана долуш корта лозуш, давлени лахара хилар бахьана долуш корта лозуш, иштта кхидIа а. ТIаьххьара, юьртара дарбанцIа а яхана, цIийна анализ яьккхича, гемоглобин лахара хилар гучудаьллера, корта лазаран бахьана а цуьнца доьзна долу давлени лахара хилар а хиллера. Ас и хIунда дуьйцу? Лоьраллин дешарна аьттехьа а хилла воцучу суна хиъна хилларг, оцу шина гIалара лоьраша цхьамма а и де ца аьллера цуьнга. Цундела, юха а, юха а дикчу лоьрашна тIеяха хьажа, хIунда аьлча корта лазаран бахьанаш лоьраша схьадийцарехь вуно дукха ду.

ТIаьххьара, хьуна хиъча дика ду, хьан корта лазарх хьуна ял хуьлуш хилар. Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «АллахIах тешаш волчуьнан корта лазар а, цунна къохцалг Iоттадалар а, цунна хуьлуш йолу (муьлхха) новкъарло – къемат дийнахь и бахьана долуш АллахIа даржехь лакха а воккхур ву иза, цуьнан къиношна геч а дийр ду цо».[3]

Дала маршалла дойла!

01.02.2010 = ‏17‏/02‏/1431


 

[1] ХIокху доIанан доьххьара дош "УIи́зуки" йоIана догIуш долчу кепара ду. КIантана, йа борша стагана "УIи́зука" ала деза.

[2] Абу Давуд, Ибн МаджахI, Тирмизий.

[3] Ал-Мунзирий – Ал-Албаний, «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб», 3/187.