Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Арслан а, Руслан а бусалба цIе юй?

 

Жоп:

БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Арслан а, Руслан а – «арслан» олучу дашах туркойн маттара схьаяьлла ши цIе ю. «Арслан» бохучу дешан маьIна туркойн маттахь лом бохург ду.

Имам Аз-ЗахIабийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла, Раслан ибн ЯIкъуб цIе йолчу дикачу стагах лаьцна дуьйцуш:

«ДжаIбар олучу меттера хилла бу цуьнан бух, Дамаскехь кхиъна а ву иза. Эхартаца ойла дукха йолуш, дуьненаца юкъаметтиг кIеззиг йолуш, шена тIаьхьаваза мегар долуш (дика) стаг хилла иза, Дела реза хуьлда цунна. Шамсуддин Ал-Джазарийс аьлла: «Раслан – туркойн маттахь цуьнан маьIна лом бохург ду».[1]

Имам Ал-Муртадо́ Аз-Забийдийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла, Iаьрбийн маттара дешнийн маьIна деш яздинчу «Та́джул-Iару́с» жайни тIехь: «Лоьмах «асла́н» алар Iаьрбийн маттара а доцуш, кхечу маттара схьаэцна ду. Цуьнан бух – «арсла́н» бу, и дош дуккхаммо цIе туьллуш лелош а ду. Цхьаболчара цуьнан хьалхара «алиф» дIа а докххий, «Расла́н» а олу».[2]

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

 

 

 

[1] Имам Аз-ЗахIабий, «Тарихул-ислам», 38/344.

[2] Имам Аз-Забийдий, «Таджул-Iарус мин джавахIирил-къамус», 35/215.