|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Сан хаттар дара иштта, могшаллах доьзна долуш: ламаз деш дlахIоьттина волуш, хаалуш ламаз оьцуш йинчу цlанонах тlунона тlадам балар хаалахь, ле кхоно чухула юхучу бедар тlехь цу тlунона билгало елахь, и ламаз кхочуш хуьлий? Бехк ца биллар доьху ас оцу кепар хаттар дарна.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Бехке хIума дац оьшург хаттар, йа иэхье хIума а дац. 1) Нагахь санна хьо ламаз деш волчу хенахь и тIуналла араялар хьуна билггал хаалахь – и ламаз кхочуш хуьлуш дац, хIунда аьлча и тIадам ба́ларца хьан ламаз карара до́лу, ткъа ламаз даран биллам бу ламаз карахь хилар. Цундела, ламаз деш волчу хенахь бехке меттера тIадам ба́ларца доьхна долу ламаз юха дан деза, нагахь санна иза парз ламаз делахь. 2) Ламаз дина ваьллачул тIаьхьа хьайн бедар тIехь хьуна тIуналлин билгало карийнехь, тIаккха хенан барамца и тIуналла ахь ламаз динчул тIаьхьа араяьлла хила йиш йолуш елахь, хьан ламаз нийса лоруш ду. ФикъхIехь цхьа бакъо ю: нагахь санна хилла долчу хIуманан билггал хан хууш яцахь, цунна уггар герга йолчу хенахь хилла хуьлуьуйту и хIума. И бохург хIун ду аьлча: хьуна карийна йолу тIуналла хьо ламаз деш волуш араяьлла хила а йиш ю, ахь ламаз динчул тIаьхьа араяьлла хила а йиш ю. Билггал иза маца араяьлла хьуна хууш дац. Цундела, хьуна и тIуналла араялар ламаз динчул тIаьхьа билгалдаьлла хилча, цунна уггар герга йолчу хенахь араяьлла хуьлуьйту вай иза, ткъа и хан хьо ламаз деш воцу хан ю. Цундела, и хьан ламаз кхочуш хуьлуш ду. Дика хуург сийлахь-цIена волу АллахI ву! 23.12.2010 = 17.01.1432
| КхидIа |