|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Сан хаттар ламаз карахь ца латтарх лаьцна ду, къаьсттина тIаьхьарчу хенахь. Ма-дарра аьлчи, хIора ламазехь ламаз а оьца аса, йа и дечу хенахь цхьайолчу хенахь карахь а ца лаьтта, рогIера ламаз-м аса дийца а ца дуьйцу... Чо а ю сан сагатдеш, юсаелла эккха йоллу хIума санна хуьллу цкъаццIа, яахIума еъчи а, ца еъчи а вон хуьлу, схьахетарехь шелвеллачух тера ду. Лоьрашца болх беш а ву со, хуур ду-кх цара хIун до а. Оцунах лаце алахь сан ваша, хIун хьехар дийр дара ахьа? Дела а, Делан Элча Мухьаммад а (а.с.в.) реза хуьлда хьуна!
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI. Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! И цамгар дуккха а божаршна юкъахь яьржина ю. Дала хьуна маршалла дойла. Ламазан хьокъехь а, ламаз карахь хилар биллам болчу кхидолчу Iибадатийн хьокъехь а ахь дан дезарг хIун ду аьлча – хIора парз ламазана ламаз а эца деза, цу ламазан хат тIехIоьттинчул тIаьхьа. Ламаз эца волавалале хьалха, хьайн бехкеметтигна цIано йан а еза ахь, хьой маьждиге гIур велахь дикка и меттиг дIахьулйан а еза ахь, хуьлийла иза цхьа къаьсттина йолу чухулаюхург юхарца, йа цунна гонаха цхьа хIума хьарчорца, иштта кхидIа а. ТIаккха, ламаз эцначул тIаьхьа сихха хьайн парз ламаз дан деза ахь. Оцу кепара ламаз оьцучу хенахь, йа эцначул тIаьхьа, йа хьо ламаз деш волуш а хьан оцу цамгаро ламаз карара далийтарх галдаьлла хIума дац, цуьнга хьежа ца веза хьо, саца а ца соцуш кхидIа хьайн Iамал кхочушйан еза ахь. Иштта эцна долчу ламазца цхьа парз бен дац мегар дац ахь, йа вуьшта аьлча хIора парз ламазана керла ламаз эцар тIедужу хьуна, цуьнан хан хиллачул тIаьхьа. Делахь а, цкъа ахь иштта ламаз эцча, цамгарна а доцуш кхечу бахьанца хьан ламаз карара ца даьллехь хьайна луъучул кхийолу Iамалш йан мегар ду ахь цуьнца, хуьлийла иза суннат ламаз дар, йа схьа а эцна Къуръан дешар, иштта кхидIа а. ХIинца вай дийцинчунна вай масала маьркIижа а, пхьуьйра а шина ламазца масал далийча – маьркIижа ламазан хан хила герга ма-йахханехь (йа хила ма-хилланехь) цIано йийр ю ахь. МаьркIижа ламазана молла ма-кхайккхинехь ламаз оьцур ду ахь, тIаккха сихха маьркIижа ламаз дийр ду ахь. Нагахь санна цамгар бахьана а доцуш, кхечу кепара хьан ламаз карара ца далахь, хьайна луъу суннат ламаз дан мегар ду ахь, Къуръан деша а мегар ду ахь, кхидолу Iибадат дан а мегар ду. ТIаккха, пхьуьйра хан тIехIоьттича, пхьуьйранна азан дича (молла кхайкхича) юха а цIано а йина, керла ламаз оьцур ду ахь, тIаккха сихха пхьуьйра ламаз дийр ду ахь, цул тIаьхьа хьайна лаахь оцу айхьа эцна долчу ламазца суннат ламазаш дан а мегар ду ахь. ХIара хаттар кхин а вай дийцира жимма хьалха кхузахь: «Со ламазана хIоьттича ламаз карара долуш хеталой, юха-юха а ламаз оьций ламаз до ас...». ТIаккха, лоьрашца хьайна дарба лелор саца ма де, цхьанхьа гIуллакх ца хилахь кхечанхьа хьажа, бецашца дарба лелочаьрца хIун хуьлу а хьажа. Чо юсайаларна молуш тайп-тайпана бецийн чайнаш хуьлу хьуна. Нагахь санна хьан цамгар хьаткъан тIадамаш дийларца елахь, лоьраша цунна дика дарба хуьлу бохуш дуьйцу хьуна «упражнения Кегеля» боху хIума. Хьуна АллахI Дала маршалла дойла, собар а лойла, гIо а дойла! 27.12.2010 = 21.01.1432
| КхидIа |