|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Сан бусалба ваша, цхьа хаттар дара сан хьоьга. Бозбунчулла – и хIун ю хаа лууш яра со? Ларамца!
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Бозбунчалла – оьрсийн маттара «колдовство» а, «магия» а ю. Цхьана хIуманна тIехь йозанаш яздар а (мегаш доцучу кепара жайнаш дахар), тIергаш тIехь шеддаш дар а, жинашка кхийкхар а, жинашна герга воьдуш царна котам-уьстагI дер а, иштта кхидIа а долу хIуманаш дерриге бозбунчалла лоруш ду. Бозбунчалла жинашца бертахь лелош хIума ду, жинашца доьзна хIума ду. Бозбунчалла лелийча, и шена лелийна волу стаг вала а ле, цомгаш а хуьлу, коьртана галвала а тарло, цунна чу жин а ду́лу. Бозбунчалла леладо майра шен зудчуьнах къастийта а, йа цуьнан цуьнца эвхьаза юкъаметтиг ца хилийта а, йа цаьршинна юкъахь цабезам кхоллабалийта а. Иштта бозбунчалла лелийча, цхьаъа бахьана а доцуш зудчунах вон хьожа йогIуш хуьлу майрачунна, цуьнан юьхь ирча хеташ хуьлу, цуьнгара цхьаъ даьлча сихонца оьгIаз уьхуш чуравуьйлуш хуьлу. Уьзза хIума зудчуьнан агIор майрачунна а хуьлу. Бозбунчалла лелочух бозбуанча олу. Вайн махкахь а, кхечу мехкашкахь а дукха бу бозбуанчанаш, божарий а, зударий а цхьатерра. Уьш муха бевзар бу, хIун билгало ю стаг бозбуанча хиларан? Нагахь санна цо цхьана стеган месаш я шена бахахь, йа цуьнан духарех цхьа кийсак я шена бахахь, йа цо набарна лелочу меттах цхьа кийсак я шена бахахь, йа цуьнан сурт да шена бахахь, йа цуьнан цIарца цхьаьна цуьнан нена цIе хоьттуш елахь, йа цхьа иштта а иштта а йолу котам я бахахь, йа цхьана хьайбанна урс хьакха бахахь – иза бозбуанча ву, цо лелориг бозбунчалла а ду, иза доккха къа а ду. Нагахь санна жайни тIехь яздинарг тайп-тайпана седарчий делахь, масала пхи са болу седа, йа ялх са болу (жуьгтийн) седа, йа цхьа кхийолу «знакаш» елахь – и жайна бозбунчаллийца доьзна ду, цу юкъахь яздинарг Къуръан делахь а, иза лелон мегаш а дац. Нагахь цхьамма шена хиндерг хаьа бахахь (масала, седа жайна хьожу ша, йа куьйга тIехь пал тоссу ша, йа тIулгашца пал тоссу ша, и. кх.дI.), йайна йолу хIума мичахь ю хаьа бахахь, велларг эхартахь мичахь ву хаьа бахахь, дийна а волуш вайнарг мичахь ву хаьа бахахь, йа беллачаьрца къамеле во́лу ша бахахь – и массо хIума бозбунчаллийца доьзна ду, жинашца доьзна ду, доккха къа а ду. Уьш уггар коьрта йолчу билгалонех цхьаерш йара, вуьшта-м и билгалонаш дуккха а ю. Дика хуург сийлахь АллахI ву! 17.01.2010 - 1431-02-01
| КхидIа |