Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум!

Цхьа хаттар дара балхах лаьцна! Со болх беш ву, сайна хьанал ризкъ доккхуш ву бохуш, муьлха-муьлха болх бан мегар дуй-те? Масала (бардер) еш болх бар, паркет яр оцу чохь, душ хотта яр - мах луш божарий зударий юкъахь зина лело меттиг йу и. Ишта церкав тоеш, и ч1аг1 еш, нагахь стиглара т1айса тохахь ца ягийта заземлени тел тосуш? Я маларна т1е итикеткаш летош? Бусулба тагна хьарам буй и тайпа белхаш? Ассаламу 1алайкум.

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

Тахана дуккха а нахана – баккхийчарна а, кегийчарна а – ца девза шайн дин ма-дарра, ца девза цуьнан дуккха а хьукманаш. Иза дуккха а бахьанийн жамI ду. Цундела, юкъ-юккъахь караво хьарам дерг ца девзарг а, довза ца луург, йа хьарам-хьанал къасторца бала боцург а. Иштта адамаш бусалба нахана юкъахь хирг хилар дийцина Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шен хьадисехь: «Нахана тIе цхьа зама йогIур ю, стагана бен-башха ца хеташ, ша схьаоьцург хьанал долчух ду, йа хьарам долчух ду».[1]

Хьарам-хьанал къасто дезар а, хьарам рицкъанан цхьайолу вон тIаьхьлонаш а вай йийцира хIокхул хьалха долчу хаттарехь, цигахь девзар ду – Дала мукъа лахь – болх бале хьалха иза хьарам бу, йа хьанал бу хьажа везаш хилар.

Амма ахь дуьйцу белхаш – уьш дерриге а бусалба стага дан мегаш доцу белхаш ду, хIунда аьлча килсана (церковь) чохь Делаца накъост вар мегаш дац, зина дар а мегаш дац, къаркъа малар а мегаш дац, ткъа и белхаш оцу кхаанна гIо деш белхаш ду, и кхо гIуллакх хуьлуьйтуш долчу бахьанех цхьа бахьана ду, и кхо гIуллакх чекхдаларан некъех цхьа некъ а бу, оцу Iесаллашна гIо дар а, уьш хиларехь гIо лацар а ду. Вон хIума ца магийна ца Iаш, оцу вочунна тIевуьгу некъаш а, цунна гIо хуьлу агIонаш а ца магийна бусалба дино, иштта ца магийна цо вочу хIуманна гIо хуьлу агIонаш лелор а.

Лекха хинволчу АллахIа аьлла Къуръан тIехь:

[ГIо дойла аш вовший дикаллийна а, Делах кхерарна а тIехь; аш ма дойла вовший гIо къиношна а, харцонна (мостагIаллийна) а тIехь].[2] Оцу айатера схьа, массо а бусалба нехан барт хилла бу, Iесаллийна а, вочунна а гIо дар – муьлхха агIор иза делахь а – мегаш ца хиларна тIехь. Цигара схьа деана ду: «Iесаллийна тIехь цхьанна гIо динарг – цхьана дешан декъаца бен иза дацахь а – оцу Iесаллехь цуьнан накъост ву иза». Вай ма-аллара, иза массо бусалба нехан барт хилла хIума ду.

Килса еш дакъа лацарх а, цу тIехь цхьа болх барх а лаьцна Имам ШафиIийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Ас ца дезадо (ца магадо) бусалба стага, церан килсанаш еш болх бар а, йа цу чохь дечик-пхьар болх бар а, йа цхьа кхиболу болх бар а».[3] Имам Ас-Субкийс – Дала къинхетам бойла цунах – бах: «Цхьа а бусалба стагана мегаш дац килса тоеш болх бан».[4] Таханлера бусалба пачхьалкхашкара баккхий Iелам-нах цхьанатухуш болчу, Бусалба ФикъхIан Гуламо делла жоп а ду цу хьокъехь: «Хаттар: Бусалба инженеро керстанийн гIишлошна суьрташ а, проекташ а хIитто мегар дуй?» - «Жоп: Бусалба стагана мегаш дац керстанийн Iибадатан хIусамаш йар а, йа царна проект хIоттор а, йа цу тIехь даьхнийца а, балхаца а дакъа лацар а».[5]

 

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «АллахIа неIалт аьлла къаьркъанна (маларна) а, иза молучунна а, иза дуттучунна а, иза духкучунна а, иза оьцучунна а, иза доккхучунна а, иза доккхуьйтучунна а, иза хьуш волчунна а, иза шена доуьйтучунна а».[6] Анас ибн Малика – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – неIалт аьлла къаьркъанах Iоттавеллачу итт стагана: иза доккхучунна а, иза доккхуьйтучунна а, иза молучунна а, иза хьуш воьдучунна а, иза шена доуьйтучунна а, иза дуттучунна а, иза духкучунна а, цуьнах даьлла ахча дуучунна а, иза оьцучунна а, иза оьцуьйтучунна а».[7] Кхечу хьадисехь деана ду - «кемсех малар доккхучунна кемсаш йоьхкинчо шена гуш лаьтташехь ша цIерга кхоьссина» - аьлла.[8] Оцу хьадисашкахь хьахийнарг къаьркъанах Iотта мел велларг ву, ткъа къаьркъанна гIо дийриг – муьлхха агIор иза делахь а – цу хьадисашна юкъавогIуш ву, хIунда аьлча иза Iесаллийна гIо деш волу дела.[9]

 

Иштта, хьарам ду бусалба стагана, зина ден хIусам еш дакъа лацар, муьлхха агIор иза делахь а.

 

Ткъа дика хууш верг АллахI ву!


 

 


[1] Бухари, Тирмизи.

[2] Сурат «Ал-Маидат» 2 айат.

[3] «Ал-Умм», 4\226, Имам ШафиIий.

[4] Цуьнан и дош дийцина Имам Аш-Ширбúнийс, «МугIнил-Мухьтáж» тIехь,

[5] «Къарáрáт ва тавсийáт маджмаIил-фикъ ал-ислáмий», 30.

[6] Абу Давуд.

[7] Тирмизи.

[8] «БулугIул-Марóм», Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъоланий.

[9] «Файдул-Къодúр», 5\341.